ТIекхочийла долу линкаш

ГIо доьхуш бу Омск-кIоштарчу колонера вайнах


Оьрсийчоь -- Оьрсийчура цхьана колонехь хан токхуш болу тутмакхаш, 2011

Оьрсийчоь -- Оьрсийчура цхьана колонехь хан токхуш болу тутмакхаш, 2011

Омск-кIоштарчу колонехь хан токхуш волчу шайн гергарчу стагана гIо доьхуш, кехаташ оьхуьйтуш ву кху деношкахь зорбанан гIирсашка а, бакъонашларяърхошка а Нохчийчура цхьа вахархо.


Цо дийцарехь, цу стаганна а, цуьнан накъосташна а, вайнехан къомах хилар бахьана долуш, ницкъ беш бу колонехь. Дукха чIогIа хуьлвеллачу кехатан дас шен цIе ца юьйцу. Делахь а, тхо кхеташ ду цо дуьйцург бух болуш хила тарлуш хиларх, хIунда аьлча, иза дуьххьарлера орца дехар дац Оьрсийчура набахташкарчу вайнахера тхоьга кхочуш дерг.

«Массо а дуьненаюкъарчу бакъонашларъярхошка а, маьрша лаам болчу адамашка а» аьлла, цIетиллина кхайкхам кхечира Маршо Радион электронан почти тIе Кхаарин буса.

ГIо доьхуш верг ву Омск-кIоштIарчу цхьана колонехь хан токхуш волчу тутмакхан гергара стаг. Хан токхуш верг Нохчийчура вахархо ву. Цунна тоьхнарг 14 шо ду. Царах 7 шо дIадаьлла.

Цо шен дов Страсбургерчу дуьненаюкъарчу кхеле делла. Амма цигахь иза дийцаре даккха ах шо хан оьшу. Ткъа иза цу хене ца вала а мега, цуьнгахь цамгарш хиларна а, цунна ницкъ беш хиларна а бохуш, яхдо кехатан авторо.

«Орца дала», бохучу дешнашца дерзийна долу и кехат дешча, уггара хьалха интернетехь оха лехнарг яра орца доьхуш волу стаг латтош йолчу колонин хьаькаман телефон. Цига зIе тоха а сихделира тхо.

Амма телефон схьаоьцуш стаг ца хилар бахьана долуш, юкъа хан ялийта, адвокаташ лехира оха, хIун дича хIун хир дара те аьлла, дага довла. Иза оха нийса дина а хиллера.

Шен интернет агIо а йолуш, латкъам бан лууш далахь, шайга хаийта бохуш, йолчу адвокатийн конторехь болх беш валахь а, хIара стаг ца хIоьттира шен бакъ йолу цIе яккха. ЦIе яккха-м хала дацара, кхана Iуьйранна сатасале сан кIета «накъостий» хIуьттур бацахьара, шу кхеташ хир ду аса буьйцурш муьлаш бу бохуш, вара иза.

Делахь а цу стага дуьйцург мехала хийтира тхуна. Аьр вай, адвокато Алексейс бина болу хьехам иштта бара.

Адвокат Алексей: «Иза а тIекхойкхур ву, «блатной» берш а кхойкхур бу... Вуьшта аьлча, хир дерг иштта ду. ФСН олучу федералан тIехьожучу сервисан белхахо хIуттур вац дерг къасто.

Иза тIе а кхайкхина, цуьнга ла а доьгIна, цунна тIехоьцур бу кхин болу чубоьхкина болу нах. 20, 18 шераш тоьхна чубоьхкина болчу наха хенал хьалха шайн гергарчу стагаца цхьаьнакхетуьйтург, я совнах посылка шайга оьцуьйтург, я совнах телефон тохуьйтург хIуъа а дийра ду».

Нохчий ву латкъам беш аьлла, шега аьлча, дуьххьар, хуьлуш ма-хиллара, иза ша бехке хир ву, царна болх бан ца лаьа, цхьацца кхин долу хIуманашна тIехь а шайн амалш йолуш бу уьш бохуш, вара оха телефонехула зIене ваьккхина волу Москох-гIалара адвокат.

Ткъа хьо теший цу стаганна а, цуьнан накъосташна а ницкъ беш бу бохучух аьлла, шега хаьттича, адвокато Алексейс элира.

Адвокат Алексей: «Церан хьолах вай кхеташ хилча а... Суна зеделларг тидаме эцча, аса аьр дара 50 процент, 80 процент хилийтахь, иза бакъ ду аьлла. Омск-кIоштахь тIех сов гIаж сеттош верг мила ву тхуна хууш ду.

Аьр вай, орца дала олучу цIейозанашна юкахь яц Омск-кIошт. Нагахь вай юьйцуш ерг Свердлов-кIошт хилча, цигахь, бакъду, болуш бу «беспредел» олу тIех сов харцонаш лелош болу колонийн хьаькамаш. Уьш кхечу регионашка дIасахьежош Iедал ду. Уьш дукха ца лаьтта цу меттигашкахь».

Ткъа кхузахь вай вуьйцуш верг нохчи хилча, цо галдаьккхина-м дац те цу тутмакхан гIуллакх?

Адвокат Алексей: «Кавказера къамнах валахь, цаьрца йолу юкъаметигаш иштта ю: хьакаман хила мега цабезам кавказхошка. Хьелаш тайп-тайпана хуьлу».

Кхузахь, гуш лаьтташехь орца доьхуш стаг хилча, хIун хьехам бийра бара ахьа аьлла, хаьттира оха тхайца къамеле ваьллачу Москохарчу адвокате Алексейга.

Адвокат Алексей: «Нагахь шун уьйраш ялахь Дуьненаюкъарчу ЦIечу ЖаIарца, цуьнга дехар дан мегар ду. Иза хьожуш ю массо а регионашка, къаьсттина туберкулез хьокъехь. Уьш массо а регионехь болх беш бу, хIунда аьлча, «оьрсийн» туберкулез дарба дан аьтто боцуш ю, нагахь кхин йолчу цамгаршна цигахь дуьхьал латталахь а.

Цаьрга дехар дича, цара толлуш дара цигара хьал. Цуьнан хьал а толлур ду цара. Нагахь эшахь иза дарбан хIусаме дIа а вуьгур ву цара. Нагахь цунна йиттина ларш ялахь, иза а толлур ду».

Тхоьга деанчу кехат тIехь яьккхина яц цхьа а цIе. Вай лакхахь дийцинарг тидаме эцча, иза кхеташ а ду. Тхоьца къамел динчу адвокато элира, шен коьрта принцип зен ма де бохург ю аьлла. Иза юьхьар лаьцна ду тхо а.
XS
SM
MD
LG