ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан Владимиран кIоштерачу набахтеъхь чоь валлачу нохчочуьнна хьал телхина ду аьлла, арз дина цуьнана гергарчу наха. Иза, инсульт а хилла, меттах вала йиша а йоцуш, ву боху цара. Нохчийчуьра бакъонашларъярхой бу хIинца, цунна гIо-накъосталла дан гIерташ. Цара а боху, шай гIуллакх хилахь, далун дерг ду, и тутмакх, Нохчийчоьнна уллерачу махкаь схьавалавайтар бен кхин хIумма а далура дац.

55 шо долу Ульбиев Ризван, тIемалойн могIаршкахь хилла аьлла, набахте чувоьллина 8 шо кхочу хIокху бIаьста. Соьлжа-гIалахь каравахнера иза эскархошна, шегахь тапча а йолуш. Боцца бинчу талламо, цуо, тIемалойн тоба а кхоьллина, Iедалан белхахошна дуьхьало а еш, хIума лелийна аьлла сацам бира. Могуш волу и стаг, набахте кхаьчча дуьйна Iаткъаман кIелахь валлийна низамхоша.

Эххаре цунна йиттина, иза хIинца, Владимир кIоштахь йолчу набахтехь ву, юккъараллехь «Владимиран централ» олучу, коьртан чу цIий а доьссина, инсульт хилла Iуьллуш. Шен дегIана дола а ца далуш, меттах вала йиш а йоцуш висиана ву иза. Иштта вочу хьолехь волу иза тIехьожуш стаг а воцуш, дан амал а доцуш Iуьллуш ву.

Цуьнан йишас Ульбиева Маликас Маршо Радиога дийцира шен вешийн могашаллах а, иза муьлхачу хьелашкахь чохь валлуш ву а.

Ульбиева Малика: «ТIеман хенахь лаьцнера иза, тIемало хилла аьлла. ХIинца цара ницкъ бина, инсульт а хилла, коляски чохь ву. Иза лелош гIазкхи вара, чай а, сигаьркаш а оха латтош. Амма, иза а хIинца дIаваьккхина. ШозлогIа бутт бу цуо мацалла а кхайкхиниа, хIума а ца юуш, иза волу. Инсульт а хилла, гIатта а ца луш, дегI сецна ву иза».

Тахана, Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсаша а, бакъонашларъярхоша а айдина дуьйцуш ду Топехин Владимир цIе йолчу набахтехь валлачу стеган могашаллийн хьал. Иза, ахчанаш даккхийчу барамехь лачкъийна аьлла лоьхуш вара Iедалша. Амма, некъан бохамехь букъан даьIахк лазийначул тIаьхьа, каравахана иза.

ХIинца дегI меттахдаккхалуш вац иза. Цара Iаткъам бина, и стаг дарбан хIусаме ваьккхина, гарехь, жимма хан яьлча, низамашца догIуш ма хиллара, мукъвалийта а мега иза. Амма ишттачу хьолехь Ульбиев Ризван воллушехь, иза хьехош а вац цхьаммо а. Цуьнан йиша, Малика, тIе тидам бахийта гIиртина махкахь а, дозанал арахьа а болчу бакъонашларъярхойн. ГIуллакх ца хилла элира цуо.

Ульбиева Малика: «Дукха аьрзанаш дина ас. Дуьхьал жоп ло даиман а, ша дерг дика ду олий. Иза волчу яхана 2-3 буьйса а яьккхина ас, набахтехь. Тхо эхар хIун пайденна ду цунна, ша гIатталуш а, леллуш а ца хилча? Ша хIума йича, аравала везан дела, соьца хIума а ца йиънера цуо. Со елха а йина, иштта, схьаяийтира цуо. ХIуманна оьзда вара иза. Оьвхьазло езаш вацара».

Таханлерчу дийнахь, нохчийн цхьанна а тайпа бакъонаш ца го шена боху Ульбиева Маликас. Ткъа чохь бохкучеран хьал м гуттара а телхина хуьлу, аьлла тидам бира цуо.

Ульбиева Малика: «Цара лелош йолу харцонаш йийца йиша йолуш цхьа а вац теша Нохчийчохь? Вай бакъо янне а яц теша? Чу а баьхкина вай дайича а , вай бакъонаш ца хилла. Суна-м ца хаа иза маца хира ю. Оьрсийша, шаьш чамаз чай мелча а, митингаш йо, ткъа вайи за дан йиша яц».

Ульбиев Ризванан гIуллакх, талла шена тIелаьцна «Нохчийчоьнан бакъонашларъяран центро». Цуьнан куьйгалхочо Эжиев Минкаила бахарехь, цаьрга кхин Iактъам балур бац цу хьолана, амма, кхечу метте, я Нохчийчу, я уллерачу цхьана махка, сехьваккхийта хьовсур ду шаьш аьлла тидам бира цуо.
Эжиев Минкаил: «СинIаткъаман могашалла а талхийна ю цуьнан, цара ницкъ бина. Ма хаара, стаг чохь валлачу меттехь дика хьал ду олу, чомгуш валахь, цунна дарба а деш. Ульбиев Ризванан и терго еш яц. Моссуьйтуза йиттина а, хьийзина а , чувоьллина а меттигаш ю цигахь. Цундела, иза цхьанахь кехчанахь ваккхийтина а, цуьнана гIуллакх къасто лууш ду тхо».

Оьрсийчохь таханлерачу дийнахь лаххара а 20 эзар нохчийн бу набахташкахь бохкуш. Даккхий бахьанаш а ца оьшу тутмакх хила. Амма уггаре а холчахь бу тIемалойн могIаршкахь хилла болу нах. Даиман аьлча санна, царна тIехь латтош болу Iаткъам сацош бац тIехьожучу бехктакхамхоша.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG