ТIекхочийла долу линкаш

ТIемалошна накъосталла дина аьлла, рогIера вахархо лаьцна Нохчийчохь


 --ТIемалошна накъосталла дина аьлла, рогIера вахархо лаьцна Нохчийчохь

--ТIемалошна накъосталла дина аьлла, рогIера вахархо лаьцна Нохчийчохь

ТIемалошна гIо дина аьлла, бехке а вина, рогIера стаг лаьцна Нохчийчурча ницкъаллин структурийн белхахоша. Иза ву 47 шо долу, цIарца вуьйцуш воцу, Устрада-эвлара вахархо. Полицино баржийначу хаамца, 5 шо хьалха тIемалошца уьйраш латтош хилла иза.

Наггахь де бен юкъар ца долуш, лоьцуш лаьтташ бу Нохчийчохь тIеман агIончаш хилла бохуш, бахархой. Чоьхьарчу гIуллакхийн министаралло кху Товбеца-баттахь, официалан дIакхайкхийначу терахьех гIортор а йина аьлча, верриг а, тIемалошца юкъаметтигаш лелийна аьлла, шеко йолуш сацийнарг 16-17 стаг ву.

Масех гIала а, кIошт а чу а лоцуш, шуьйра ю уьш бехаш хиллачу меттигийн географи а. Ткъа тIаьххьара дIадаьхьначу лецарех аьлча, гIаттамхойн аьтто барна бехке веш, 47 шо долу вахархо лаьцна Устрада-эвлахь. Цунна бехке дуьллург ду пхи шо хьалха, тIемалошна кхача латтош, царна тIелестар.

Полицин урхаллин хьостано чIагIдарехь, шегара даьллачунна къера хилла лаьцнарг. Бакъду, и цIарца вуьйцуш цахиларна, цунна шена а, цуьнан цIерачаьрна а хIун хета, мел нийса, я харц лора цара шайн стаг лацар хууш дац.

Цу кеппара гIаттамхойн агIончаш бу бохуш, лецарш дIадабхьна махкахь кху беттан 11-чу а, 13-чу а 15 –чу а I6-чу а, кхечу а деношкахь. Бахархоша къаро а еш, ламаза тIемалойн агIонча ву аьлла, лаьцнарг, нийса лаьцна ца хиллера аьлла, мукъа волуьйтуш вац кхузахь.

ТIемало, я церан агIонча ву аьлла, Iедална бага ваханчуьнан махкара дIавахар боцург, кхин некъ бац, ницкъаллин структураша са а ца гатдеш, гIоза-декъала ваха.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG