ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчурчу Iедалан кхелана дуьхьал гIорасиз ю бакъонан кхел


Оьрсийчоь -- карикатура, Златковский Михаил, 13Охан2010

Оьрсийчоь -- карикатура, Златковский Михаил, 13Охан2010

Нохчийчохь а, махкал арахьа а тIемалой а, церан агIончаш а бу бохуш, кхузарчу хиламашца доьзна, хаддаза лоьцуш болу бахархой, дукхачу хьолахь кегий нах хиларе терра, сихдина дIахьуш ду кхузахь церан девнаш суьдашкахь къестор а. Цу кепара суьдхой кхеле кхачийна ши дов ду Шелахь а, Соьлж-гIалин кIошташкахь а.


Царахь цхьаъ иштта ду. Кхела хьалха хIоттош ву ши а 24 шераш долу Сайгатов Бекмохьмаддий, Сидгалиева Айнаъий. И шиъ стохка Идал-хица Iуьллучу Аштаркхни- кIоштахь лаца а лаьцна, 13-12 шераш хенаш тоьхна ду.

И шиъ бехке дина низамца догIуш доцуш герз лелорна а, бомба а эккхийтина, полицин белхахой байа гIортарна а. Цул тIаьхьа царна дуьхьал тIемалойн могIаршкахь хиларна аьлла, керла гIуллакх а долийна, церан дов Соьлж-гIалин кIоштан суьде кхачийна кху беттан 13-чу дийнахь.

Цаьрга кховдийна бехк къобал беш тIечIагIбина кху Товбеца-беттан 10-чу дийнахь. Талламхоша тIегулдинчу керлачу тоьшаллашца, цаьршинна Аштаркхни- кIоштахь кхайкхийна хенаш, кхин а тIетоха тарлуш ду Нохчийчохь.

Талламхоша чIагIдарехь, кхо шо хьалха дуьйна, Гишаев Чингисхан баьчча а волуш, цо герз а латтош, гIаттамхойн могIаршкахь жигара дакъалаьцна ду Сидгалиева а, Сайгатов а. Говзанчаша кхеторехь, церан бехк базбийриг ду шаьшшиъ лаццалц, и зуламе некъ бита а битина, шайн лаамехь герз а охьа а диллина, Iедална тIебахка уьш сиха хилла цахилар.

Шелан кIоштан суьдехь, еххачу хенахь тIемалошца юкъаметтиг лелийна аьлла, бехк а кховдийна, дов хатта кечбинарш бу цигара бахархой Солтагериев Мовсар а, Исраилов Iумар а. Царна бехке дуьллург ду 2009-чу шарахь гIаттамхойн баьччанех цхьаъ ларалучу Осмаев Ризвананна юург-мерг латтор а, цуьнан герз Iалашдеш декъахой хилар а, цунна а, цуьнан накъосташна а машенахь дехьа-сехьа бовла гIодар а.

Церан хьокъехь талламхоша гулдина долу тоьшаллаш тоьаш ду аьлла, тешна бу прокуратуран векалш. Цу кепара тIемалойн агIончаш лецар а, жоьпе ийзор а доцуш, Нохчийчохь дIахьуш ду, дийна кара бало гIерташ, дукха къа а ца хьогуш, тIемалойн могIаршкахь бара бохуш, кегийрхой байар а.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министаралло Iора даккхарца, герз карахь ши тIемало вийна кху деношкахь Нажин-юьртан кIоштан Ширди-мохк эвлана юххехь. Iожалла карийнарш муьлуш бу цкъачунна хууш дац.

Цу шинна цу кепара кхел йинчул тIаьхьа официалан кепара гIарадаьккхина, масех де хьалха Курчалойн кIоштахь хьуьнан хехо верна бехке и шиъ хила тарло аьлла. Цаьргахь карийна боху, хьуьнхочуьнан топ а, иза Iедалан белхахо хиларан тоьшалла а.

И дIахьедарш мел бух болуш ду хууш дац. Ала дашна, Нохчийчохь могIарера гIуллакх а хилла дIахIоьттина, герзаца дуьхьало йинера бохуш, цу кепара тIемалой а, церан агIончаш а байар. Ма-дарра аьлча, иштта герзаца юкъаметтиг къастош итт меттиг нисъелча, нагахь висахь а, уьтталгIаниг бен вац дийна вуьтуш.
XS
SM
MD
LG