ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

РогIера нохчийн доьзал цIахьажош бу Австрин Iедалша


Австри -- "Мила ву рогIера?" боху кехаташ дIалаьцна лаьтташ бу, Исраилов Iумар вер бахьана долуш вовшахтоьхначу, акцин декъашхой, Вена, 22Деч2009
Австри -- "Мила ву рогIера?" боху кехаташ дIалаьцна лаьтташ бу, Исраилов Iумар вер бахьана долуш вовшахтоьхначу, акцин декъашхой, Вена, 22Деч2009

ТIаьхьарчу хенахь алсам долуш ду Европерчу пачхаьлкхашкара цIеа хьежочу нохчийн мухIажирийн терахь. Кху деношкахь Австрехь рогIера нохчийн доьзал депортацин набахте боьллина цу махкарчу полисхоша.


Европехь уггаре алсам нохчийн мухIажираш беха пачхьалкх ларалуш ю Австри. Амма хьал иштта дIа додахь, цу махках уггаре а кIезиг вайнах беха мохк хила мегаш бу. ХIунда аьлча, хIора денна аьлча санна, баьржа рогIера нохчийн доьзал Оьрсийчу дIахьажийна, я дIахьажо дагахь полицино набахе боьллина олий хаамаш.

Дукха хан йоццуш и кхоллам кхаьчна Австерачу Кернтен кIоштахь бехачу АхмадовгIеран доьзале а. Дех а, ненах, деа берах а лаьтташ болу и доьзал таханий-таханий нуьцкъала кеман тIе а хаийна, Москох дIахьажоре ладоьгIуш бу. Карарчу хенахь Iедалхоша хадеш латтош бу и нах, вовшах дIаса а къастийна.

Диъ бер а, нана а Венерчу Абшибунгсцентрум олучу нах махкара арабахаран гIишлонехь латтош ду. Ткъа да ву нервийн лазарш жолчу нехан клиникехь. Дукха хан йоцуш иза, ша шена тоьхна, вала гIортар бахьана долуш нуьцкхаха дарба дар тIе а дожийна, лоьрийн кара велла ву.

Цул сов, цу доьзалера пхи шо кхаьчна йолу йоI, шайна тIехIоьттина йолу халонаш ца лайна, халахетар хилар бахьана долуш, нервийн лоьраша шайн тергонехь латтош ю.

Цуьнан хьал толлуш хиллачу Кернтенерачу берийн лоьраша иза махкал араяккха мегар дац, иза Австрерачу лоьрийн гIо тIекхача йиш йолчехь йита езаш ю аьлла, сацам бинехь а, меттигерчу депортацин полицино иза, тергал а ца деш, дитина.

Iедалхоша бинчу сацамца, пхи шо сов хенахь Альпашкарчу махкахь баьхна болу, АхмадовгIара Австрехь бита тоъал бахьана дац. Доьзалан дас, нагахь санна ша Оьрсийчоьне дIалахь, шена цигахь верна я къиза таIзарш дарна, я лар йоцуш вайъарна кхерам бу аьлла, дIахьедар дина.

Амма Iедалхоша и дIахьедар бух боцуш лерина. Цундела муьлххачу а хенахь Оьсрийчу доьдучу кеман тIе баккха сахьт дац АхмадовгIеран доьзал.

И хьал цхьана цу доьзалх хьакхалуш хилла ца Iа. Даханчу 2011-чу шарахь, Нохчийчура бевддачу нехан терахь хIора денна алсам долуш дара Австрехь. Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн мухIажирийн хьокъехь долчу декъехь хаам бина ма-хиллара, тховкIело йоьхуш керла баьхкинчу мухIажирийн терахь дара 2300 сов стаг.

Хаамийн гIирсашкахь а, кеста-кеста Австре эха марзбеллачу Нохчийчурчу официалан векалша гуттар а Къилбаседа Кавказера хьал даладелла ду, Нохчийчохь тIом -м тешна а бацара, мелхо а машаре ирсе дахар денна марсадуьйлуш ду боху, хаамаш баржош хиларна, Австрера Iедалхой шек хуьлу тIебаьхкинчу мухIажарша шайна шайн даймахкахь кхерам бу, шайна Iедалхоша таIзарш дина, я шайна кхерамаш тийсина боху мукIарлонаш дича. Цундела цара керла тIебаьхкинчу мухIажаршна тховкIело яла бахьана дац олий сацам бо.

Цуьнца цхьаьна даьржина тIаьхьарчу хенахь дуккха а шерашкахь Австрехь бехаш болу вайнехан мухIажарш а цIеххьана шаьш бехачу, шаш дIаийначу а, орамаш хецначу а меттигашкара боха а беш, Оьрсийчу дIахьежор.

Цуьнан масех бахьана ду. «Азюл ин Нот» цIе йолчу мухIажаршца болх бечу юкъараллин куьйгалхочо Вернер Михаэла дийцарехь, меттигерчу Iедалхошна къайле яц нохчийн мухIажарш, шайна Австрехь баха бакъо луш долу кехаташ схьалушшехь, кхоазлагIчу пачхьалкхашкахула Оьрсийчу а, Нохчийчу а оьхуш хилар.

Ткъа меттигерчу Iедало царна деллачу паспорташна тIехь ма-дарра дIаяздина ду „муьлххачу а пачхаьлкхе ваха бакъо ю, Оьрсийчоь дIаяккхичахьанна“, аьлла. ХIунда аьлча, и нах, шаьш Австрехь политикан, я гуманитаран тховкIело йоьхучу хенахь, шаьш Оьрсийчурчу репрессех а, я политикан хьежамаш бахьана долуш шайна таIзарш дарх а бевдда баьхкина бу боху, дIахьедарш дина бу.

ХIетте а, мухIажарийн паспорташ схьаэцначулла тIаьхьа, дукхах берш оцу сохьта хьажа-хIотта цIа боьлху, ткъа цхьаъ цIаваха хилар жимачу Австрерчу вайнехан диаспорехула а, ткъа цул тIаьхьа меттигерчу Iедалхошкахула а сиха даьржа.

Цхьаццаберш цIерачарех бIаьрг тоха бахана а ца Iаш, ларабо Нохчийчурчу Iедалша дIахучу официалан хиламашкахь а, телевизионашкахь а бистхила, Австрерчу вайнехан диспорин цIарах луьш ду шаьш а бохуш. Интернетан заманахь и санна долу хIума гучу ца долуш ца lemce, ткъа и ша-тайпа „шуна а, тхуна а“ бохучу хьесапца лелаш болу нах, мел чIогIа сагатделча а, мел чIогIа цIа ваха лиича а политикан, я кхечу бахьанашца цIа баха аьтто боцучу мухIажаршна бале бовлу.

Иштта, масала, Австрин Iедалша, лаца а лаьцна, депортацин набахте воьллинера цу махкахь, официалан тховкIело а йолуш, вехаш волу цхьа стаг. Даханчу шарахь Соьлж-гIалахь хиллачу дуьненаюкъарчу диаспорийн конгрессехь къамел деш хиллера иза, Австрерчу мухIажарийн цIарахь ву ша бохуш. Ткъа и къамел цхьамма интернете даьккхинчул тIаьхьа меттигерчу Iедалхошка дIакхаьчнера.

И санна долчу хIуманаша а тIеIаткъам бо Австрехь мухIажарийн кхолламех сацамаш тIе оьцучу Iедалхошна. Адамийн бакъонаш ларйочу „SOS адамаш“ цIе йолчу юкъараллин куьйгалхочо Лоренц Надяс дуьйцу цу хьокъехь, меттигера кхелахой тIаьхьарчу хенахь Нохчийчурчу мухIажаршкара мел долу тховкIело ехар харцонна тIехь вовшахтоьхна долуш санна, цатешаме бирзина бохуш.

И гIайгIане хIума хIора денна алсам долуш ду боху цо. Цуьнца цхьана цо билгалдоккху, Австрехь, цхьа дика, хьалха санна, шайн кху махкахь биса бакъо къовсуш лаккхарчу инстанцин кхелашка мухIажирийн бовла йиш хилар а, цу кхелашкахь дукхачу хьолахь царна и бакъо луш хилар а.

Бакъду, Оьрсийчу шаьш дIахьажоре кхерамца ладоьгIуш Iаш болчу АхмадовгIеран доьзална цхьана а кхелан цкъачунна гIо дан ка ца даьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG