ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчура нохчийн мухIажирш мацалла кхайкхош бу


Нохчийчохь тIом болабелча ГIалгIайчу бевддачу нохчийн мухIажирша республикин дозанехь ахча кечдора, шаьш дехьадовлуьйтург дала, Деч2000
Нохчийчохь тIом болабелча ГIалгIайчу бевддачу нохчийн мухIажирша республикин дозанехь ахча кечдора, шаьш дехьадовлуьйтург дала, Деч2000

ГIалгIайн махкахь болчу нохчийн мухIажарша варе дина, шаьш мацалла кхайкхор ю, шайн бакъонашна оьшу терго ца яхь, аьлла. Дукха хьолахь, меттигерчу Iедалша, шайна догIуш долу ахча шайна ца хьажорна дуьхьал деш ду цара иза. Цунна дуьхьала, мацалла а, митингаш а, шайн цIахь, Нохчийчохь е аьлла цаьрга гIалгIайн Iедалийн векалша.

Масех де хьалха, ГIалгIайн махкахь нохчийн мухIажарш цхьана а кхетта, хаийтина ду, шаьш мацалла дIакхайкхо дагахь хиларх. Хан а йоцуш, хира ю шай и акции боху цара. Цуьнах а, къаьстина шай хьолах а лаьцна Маршо радиога дийцира Карабулак гIалахь йолчу «Промжилбаза» олучу мухIажараш дIатарбеллачу меттиган коменданта Джабраилова Маликас.

Джабраилова Малика:
Тхан хаттар къастийна хIума ца хилахь, гезгмашийн беттан 20 дийнахь дуьйна мацалла дIакхайкхо дагахь ду хо. И де хIунда хьаржина оха? Мархийн бутт дIабаьлча, дисина а, мелан кхобуш долу марханаш кхобуш ду ца алийта. Ишшта тхайн хIуманна ара ца довлахь, тхан йиша йоьхна хьал ду.ГIора дайна тхан. Ницкъ бац.

Маршо радио: Аш Iедалшка кхочуш де бохуш дерг хIун ду?

Джабраилова Малика: Оьрсийчоьно тхуна леррина аьлла схьадаийтина ахча ду, хIусаман сертификаташ олу цуьнах. Доьзалера цхьана стагана йиъкIов I8 метар гIишлонна меттиг а лоруш схьадаийтина ду иза. Ахчане дилча иза 22 эзар сом хуьлу. Доьзалера хIора стагана догIуш долу и ахча схьа а лой, тхан статус а дIаяьккха тIаккха, луш долу гIо а сацаде-кх тIаккха. И ахча Оьрсийчоьно Евкурован даийтина ма даций. Нохчийн мухIажаршна аьлла даийтина ду иза. 5 миллиард ахча ду иза. Цу тIера I8 сертификат.I40 миллион сом дIадаьлла. Иза хьанн делла а хууш дац. Иза нйиса дIакхочуш ду аьлла ца хета тхуна.

Маршо радио:
И мацалла дIакхайкхо дукха нах реза хиллий?

Джабраилова Малика: Массо а реза хилла. Шай бакъонаш мел йохийна болу нах бу цунна тIетовр болуш. Плиевехь, Троицки станицехь, Несар-гIалахь, Iелий юьртахь а болчу мухIажарш аьлла шаьш реза ду аьлла.

Маршо радио: Несар-гIалахь йолчу «Нохчийн къам кIелхьардаккхаран комитет» олучу бакъонашларъяран цхьанатуохараллийн куьйгалхочо Бадалов Руслана, ша кхета боху цу тайпа гIаддайначу мухIажарш, ишшта гIулч яьккхарна. Деххачу шерашкахь ишшта а дика ца хилла долу церан гIуллакх, хIинца гуттара а телхина схьадогIуш ду аьлла тидам бира цуо.

Бадалов Руслан: «Промжилбаза» олучу меттехъь доьххьара хуьлуш дац цу тайпа хIума. ХIокху иттех шарахь кесста-кесста хуьлура иза. Цара Оьрсийчоьнан президентига а , Евкуровига а, Кадыровига а, ишшта кхайкхамаш буора. Шай хьолан саггаттадо цара.Иза ду цара коьрта дуьйцуш дерг.

Маршо радио: Кадырован а, Евкурован а, даш-дашера далар, бакъонашларъярхочо Бадалов Руслана бахарехь, чIогIа сингаттамца тIеэцна мухIажарш. Оцу бахьанца, нагахь санна и дов гена далахь, шай ишшта а дика доцу гIуллакх гуттара а, талхарна кхоьру уьш, бохуш вара иза.

ГIалгIайн махкахь болчу нохчийн мухIажарш доьххьара дIакхайкхош яц мацалла. Уггаре а йоккханиг хилира, II шо хьалха,Сипсо-гIалана йистехь хиллачу четар-гIаланашкахь. ХIета цхьана баттахь сов лаьттинчу оцу акцехь дакъалаьцнера цхьа бIе ца кхоччучу стага, шайна юккъахь бераш а долуш. ХIета цара доьхург дара, Нохчийчохь тIом сацабар а, маьрша дийцарш дIадахьар а. Амма, дерриге а дуьненахь гIарадаьлла долу и хIума, хазаза дисира Оьрсийчоьнан Iедалшна. Ткъа,хIинца хинйолчу акцийга а цара ладуогIарх сатийсам кIезга бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG