ТIекхочийла долу линкаш

ГIалгIайчура нохчийн мухIажарийн рицкъ дууш мила ву?


Евкуров Юнусбек Магасера резиденцехь, 27Деч2011

Евкуров Юнусбек Магасера резиденцехь, 27Деч2011

ГIалгIайн махкара нохчийн мухIажараш, цхьа кIира хьалха Москоха, шайна догIуш долу ахча луш дац аьлла арз а эцна бахана болу, цIа берза новкъа бовлуш бу. Цара шаьтш дийцарехь, цхьанна а меттехь, шай баланехь кхеташ даржхой ца карийна царна.Цундела, тIаьххьара гIулч цара еш ерг, Инарла прокуратуре а, талламан комитете а арз дар ду.

КIира Москох а даьккхина, хIинца, ГIалгIайн махка цIаберза Iалашо ю нохчийн къомах болчу мухIажарийн. Дукха хан йоцуш, Карабулак гIалахь хIокху 15 шарахь бехачу царна ца кхаьчна, федерала Iедалша, гIишлонан сертификаташ олуш долу хьажийна ахча.

Цаьрца оцу мухIажарийн куьпехь бехачу гIалгIайн къомах болчарна делла, амма. Цигара ялх нохчийн доьзала юккъера баьхна, дуьйцуш цхьа а бахьан а доцуш. Москохахь дерг кIирнахь теллина оцу наха, амма, ян миграцийн урхаллехь а, экономикан кхиоран министраллехь а жоп ца делла.

Маршо радиога дуьйцу Джабраилова Маликас, оцу мухIажарийн тобанна хьалахяьллачо. Москох шайх кхеташ даржхой ца карийна аьлла дийциира цо.

Джабраилова Малика: «Таханалерачу дийнахъ, тхо кхозлоIга даьхкина кхуза. Тхан йистаяьлла, дIадийца хIума дац. ДIа мел даханчу меттехь, тхоьга олуш ду, Нохчийн махка дIагIо. Тахана, ОЬрсийчоьно «Нохчийчуьрчу мухIажаршна» аьлла даийтина ахча хилча, тхуна тхайн догIурш схьадоьху. Тахана ГIалгIайн махкахь баха а бехаш, Нохчийчохь гIишлош а йолуш нах бу цигахь. Фамилишца бийца а хаа тхуна уьш. Иза а тхоьга ма дийца боху. Бала мелла боцург оха леладо боху.Тхан бала хира бацара,нагахь санна церан санна I2 эзар соьмаш а оьцуш чубитина нах балхьарий. ГIалгIашна ахча джIа а делла, нохчий цу юккъера къасто безаш вацара Евкуров. Царна даийтина ма дац и ахча»

Маршо радио: ТIаьххьара цара арз чу делла, шай ахча схьадалийта аьлла, Оьрсийчоьнан Инарла прокуратуре а, Талламан комитете а ду. Цаьрга бу шай хIинца сатийсам, бохуш кхин дIа а дуьйцу Джабраилова Маликас.


ГIалгIайчохь болу нохчийн мухIажарш, Карабулак, 16Сти2012

ГIалгIайчохь болу нохчийн мухIажарш, Карабулак, 16Сти2012

Джабраилова Малика: «Тахана оха схьаэца болу некъ: Оьрсийчоьнан Инарла прокурор Чайкига а, регионан министралла а бу. Цига кехаташ чу а делла, тхайн догIуш дерг схьадаккхар ду. Оха хьалхе чуделлера ГIалгIайн мехка прокуратуре, амма, цигахь тхоьга аьллера, шай мехка куьйгалхчуьнна доьхьала шаьш довла йиша яц аьлла. Республкиа куьйгалхочо делла дош ду боху, Нохчийчуьрчу цхьанна а мухIажарна ахча кхочуьйтура дац аьлла. Цуьнана къонахчуьнна дош дохо тхан аьтто а бац. Тхуна тхайн догIуш дерг деза-кх».

Маршо радио: «Гражданское содействие» олучу цхьанатохараллийн коьртехь йолчу Ганнушкина Светланина тIе а тоьвжина, шай гIуллакхан йистяьккха хьоьвсинера нохчийн мухIажараш, амма, бакъонашларъярхо шеца зIене яьлча а, ГIалгIайнчоьнана куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека, ша бохучуьнна тIехь висна боху.

Шайна дIало аьлла даийтинчу ахчанна тIехь лелош йолу бозбончаллаш гучуйоьвла а боху мухIажарш. Царна оцу хIуманна тIехь гIо дан тIелаьцна нохчийн юккъаралхочо Апаев Асланбека. Низамехула, и ахча схьадаккха хьовсура ду, элира цо Маршо радиога вистхуьлуш.

Апаев Асланбек: И цара ма бохху ахча кхузахь дац, шу ахча Нохчийчу дахьийтина бохуш далахь, Талламан комитето схьалохура ду. Цул тIехь иза мухIажаршна дIакхочура ду.

Маршо радио:
«ХIун бахьан ду аьлла хета хьуна, нохчашцаний уьш сел гIоьртина хилар? Кадыров Рамзанца даьлла долу дов-м дац теша?
Аапаев Асланбек: «Из аду-кх иза ша дерг. Суна кхин бахьан ца го цигах. Хьалха дикка дIадоьдуш а дара гIуллакх. Суна ишшта хета. Суна ишшта гуш ду-кх иза. Оха и ахча мичахь ду боху. Кхин хIумма а ца боху».

МухIажарш, Москох арз деш леллашехь, Карабулакехь уьш бехаш йолу меттиг дIакъоьвлина гIалгIайн Iедалша. Цига дIакхаьчча, юха а шайна хана цхьа бен лаха безаш нисло и йиша йоьхна болу доьзалша. Шай кхин дан хIума дац, цундела, нийсо тIеяьллалца дIагIерта дагахь бу шаьш боху цара.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG