ТIекхочийла долу линкаш

Ва сарахь суьйренца, интернет-шовданехь...


 Ва сарахь суьйренца, интернет-шовданехь...

Ва сарахь суьйренца, интернет-шовданехь...

Ткъе хьалхарчу бIешарахь дуккхаъ хIума хийцаделла нохчийн Iер-дахарехь а, Iадаташкахь а. Хийцаделла доьзал кхолларан гIиллакхаш а. Хьалха шовдан йистехь деш дуьйцуш хилла захалонаш хIинца дуьненан машанехь – интернетехь дуьйцу. Къаьстина Европехь бехачу вайнаха боккха пайда оьцу доьзал кхолларехь интернетах.

Нагахь санна цхьанна „Одноклассники“ сайта тIехь вайнехан кегирхой деккъа шайца цкъа мацах ишколашкахь доьшуш хилла шайн классашкара хьеший схьалахархьама дIагулло аьлла, хетахь, иза гIалат хила сахьт дац.

ХIунда аьлча, генарчу я гергарчу я хIицна а кхоччуш тIехдаланза долчу бералле болу дагалийцамаш мел сирла белахь а, ишколехь яккхина хан мел мерза дагалецамашкахь йисинехь а, амма вайнаха сел дукха хан а, харжаш а яйъалла мерза и дагалецамаш бу, аьлча, теша хала ду.

Коьрта бахьана – цу сайта тIехь а, и санначу кхечу сайташна тIехь а, кегийрхойн вовшашна бовза а, вовшашца доттагIалла я, – бакъдерг хIунда ца дуьйцу, - захало дийцар а ю.

Къаьстина, мехала а ду и тIаьхьарниг Малхбузехь бехачу вайнехан кегирзошна. ХIунда аьлча, Европа мел ю дIасабаьржинчу вайнехан доьзалшкахь хьалакхууьш бу марел далла хилла болу мехкарий а, зуда ялолла хилла болу кегий нах а.

Ткъа дукхахйолчу меттигашкахь нохчий вовшашна тIекхачарехь бехаш ца хуьлу, цхьацца-шишша бен вайнехан доьзал боцучу кегийчу гIаланашкахь я яьрташкахь беха уьш. Ишттачу хьелашкахь керлачу технологех боккъал а боккха пайда болу кегирхошна. Уггаре а хьалха - интернетах.

Ала мегар ду, карарчу хенахь Европехь вайнаха деш долчу захалонийн доккхах долу дакъа интернетехула кегийрнарш бовза а бевзий, деш ду аьлла. Я цхьа а цец а ца волу, ур-аттала мелла а бакхийха болчу вайнехан чкъуралахь а, ялийнарг „Одноклассники“ чохь евзина яра, я яханарг „Фейсбук“ чухула везавеллера, аьлла хезча.

Нохчашлахь яьржинчу керлачу, олуш ма -хиллара, трендах лаьцна Берлинехь ехаш йолчу 22 шо долчу Миланас иштта дийцира тхоьга.

Милана: „ХIинца интернет йоцуш стаг вац я Европехь а, я цIахь а. Дуккха сайташ ю, нохчийн нахана вовший бовза аьттонаш болуш. Маре яха езаш йоI елахь а, зуда ялон езаш кIант велахь а. Вайнах вовшашна тIекхача дукха аьттонаш ма ца хуьлий кху Европехь. Цундела цу хIуманна тIехь дика ю интернет. Дуккхаъ бу суна бевзачарна юккъехь цу чохь бовза а бевзина, доьзал кхуллуш, цхьанакхетта нах“.

Бакъду, интернет -захалонаш шайца янне а цхьацца кIелонаш йоцуш ца нисло, бохуш дуьйцу Миланас. Хийла ша воцург ву моттийта а, ша ма -варра дIа ца вовзийта а аьттонаш ло цу машано, шена луъ-луучу агIор амал а, сибат а хуьйцуш.

Цундела, интернетухула дийцинчу захалонах ша Iехаялле, йоIа цкъа хьалха бакъдолчу дахарехь шен ка ма-доллу алсам талла деза, шен вевзинарг – иза еккъа цхьа аватар ю, шена тIехьа, виртуалан хабарш бен, кхин хIума доцуш, я боккъал а цуьнца доьзал кхолла мегар долуш стаг ву, бохуш дуьйцу Миланас.

Милана: „Бакъдерг аьлча, ларвала везаш хIума а ю интернет. Дикадерг а, вуодерг а шеца долуш. Стаг муха ву ца хаьа, цуьнца виртуала къамелаш динера, аьлла. Хьайна ган а гуш, вевзаш санна ма ца хуьлий, цунах хIун доллу ца хаа хьуна. ЙоI Iехорна а, цунна тешнабехк барна а кхерам бу.

Суна евзаш йолу цхьа йоI, шина шарахь цхьа кIант вевзаш а хилла, цуьнга яха дагахь хIара а йолуш, хIара йига дагахь и кIант волуш, захало чекхдаьллачу хенахь, дIа ла доьгIча, цу кIентан зуда а, ши бер а хилар гучу а даьлла, дуьйхира и захало“.

Ткъа муха хуьлу те и интернетехула кIант-йоI вовшашна довзар? Муха дIадолало захало я мичахь ду вайн заманахьлера захало дийца кегирхой дIагуллуш долу виртуалан „шовда“? Уьш дера ду „В контакте“, лакъахь хьахийна ма-хиллара, „Одноклассники“, я „Фейсбук“ цIе йолу хьостанаш, ламан басешкара охьахьаьвдда догIуш дацахь а, амма интернет-майданахь вуно дика девзаш долу.

Цу хьостанех цхьанхьа, нохчашлахь, схьахетарехь, уггаре а шуьйра яьржинчу „Одноклассники“ цIе йолчу сайтана тIехь нохчийн мехкарий, кегий нах вовшашна муха бевза, бохург дийцира Маршо радионе Венехь ехаш йолчу 19 шо долчу Элинас. Цуо дуьйцуш дерг цхьаццаболчарна, къаьстина вайн дай-нанойн чкъурах болчарна, ца кхета а там бу, чIимаш биинчо а дуьйцур ма дац цуо дуьйцург, аьлла, хоьтуьйтуш.

Амма интернетан заманчохь кхуьучу чкъурана, хIинцачул ах бIе шо хьалха баьхначарна тIаргIа къажор я белхи ваханчехь поппар бар девзаш ма-хиллара, дика девза Элинин къамел юккъехь хезаш долу „аккаунт“, „класс хIоттор“, „хаам язбар“ я „плюс хIоттор“ боху дешнаш.

Элина: „Хьайн аккаунт тIе ахь хаза сурт дуьллий, тIаккха хьан агIонна тIерачу хьан доттагIийн доттагIашна а хьо го. ТIаккха и сурт гина, иза хазахетта волу кIант хьан агIонна тIе а вогIий, цуо хьан суртана „класс“ хIоттайо, я комментарий язйо, я хаам язбо хьоьга, „ ма хаза ю хьо“ я „ ма хаза даьлла хьан и сурт“ олий. ТIаккха иза мила ву хьажа йоI а йолу цуьнан агIонна тIе.

Иштта дIадолало уьш вовшашна бовзар. ТIаккха кIанта цу йоIе телефон йоьху я скайп чуьра ник йоьху. Хьалха я урамехь я хийисте йоI яханчехь ма девзарий йоI-кIант, ткъа хIинца 21-ра бIешо ду. Дукха атта ду хIинца кIенташна йоI йовза, „класс“ хIоттийчахьана я скайп эхчахьана долуш ду. Хьалха санна хьуьнарш ца гойту йоI хазаеллачуо, я иза йолчу воьдуш къа а ца хьоьгу“.

Вуьшта аьлча, мацах цкъа нохчийн кхомалахь хуьлуш хиллачу синкъераман меттиг дIалаьцна Одноклассники сайто. Синкъерамехь кIант йоIе бIаьрг таIор шена тIеэцна цу чохь йоьIан суртана кIанта „класс“ хIотторо.

Синкхерамехь кIантаний, йоIаний юккъехь хабар дIасахьош юкъелелачун болх дIахьош берш „персонал хаамаш“ бу. Ткъа „баркалла“ ялар – иза, схьахетарехь, шен контактийн могIаршлара кIант я йоI дIадакхар долчух тера ду, иза „Iаьржачу исписки“ чу а кхоьссина.

Доцца аьлча, дерриге а вай дайша-наноша лелийна ма хиллара ду-кх, цхьа жимма 21-чу бIешеран хIо хьакхадалар бен, кхи хийцам боцуш.
XS
SM
MD
LG