ТIекхочийла долу линкаш

Вайнехан митинг хилла Венехь


Вена -- 600 сов стаг гулвеллера Венехь нохчий Австрера арабахарна дуьхьал хиллачу митинге. 03Заз2013.

Вена -- 600 сов стаг гулвеллера Венехь нохчий Австрера арабахарна дуьхьал хиллачу митинге. 03Заз2013.

Шоьтн дийнахь Венерачу Вестбанхоф цIе йолчу цIерпошта вокзалана хьалхахь гуллбеллера Австрера вайнехан мухIажарш. Дуьхьалонан акци дIаяхьаран бахьана – тIаьхьарчу хенахь сих-сиха нохчийн мухIажарш дийначу тобанашца цу махкара арабуьйхуш хилар дара.

Делкъана дуьйна Венера Вестбанхоф цIе йолчу цIерпоштан вокзалан агIор дIа мел йоьдуш йолчу вагон чохь аьлча санна хезаш бара буьйцуш нохчийн мотт. Гуш яра боларца а, хотIаца, духарца а генара дуьйна схьа вайнехан буйла къаьсташ болчу нехан тобанаш а.

„Шу митинге доьлхуш дуй?“, „Митинг мичахь ю хаий шуна?“, „Нийса догIуш дуй те тхо?“- иштта дара Вестбанхофан хьалхарчу майданахь тIеоьхучара бухарчаьрга луш хилла хеттарш.

Кху тIаьхьарчу иттех шарахь цкъа а ца гулбеллера цхьанна а Европерачу гIалахь цу тайпана дукха вайн махкахой дуьхьалонан акци ян. Цуо а гойту, мел шуьйра барьжина вайнахалахь шаьш нуьцкъаха меттигерачу Iедалша цIехьа хьажор ду бохучух болу кхерам. Ткъа и кхерам бан а бу боккха.

Бакъдолш, даханчу цхьана шерахь 300 сов вайнехан мухIажар Оьрсийчу юхавелла Австрин мигранташца йолчу хьукматан белхахоша. Кхин масех бIе, араваккха кечвина, депортацин набахтешкахь ву, ткъа гуларчу хьесапехь кесталгIа Австрера цIехьа хьажон кечвинарг 1000 сов нохчо ву, бохуш ду мухIажаршлахь даьржина хабар.

Цу тIе тоха догIу, тIаьхьарчу хенахь Австрехь тховкIело луш долу кехаташ, мухIажарша шех „позитив“ олуш долу, доллушехь а масех стаг меттигерачу хьукматхоша араваьккхин хилар, Iедалан белхахочо ца хууш, гIалат а дина, елла хилла и позитив, аьлла, бахьана а далош.

Цундела гулбеллачийн Iалашо - Австрехь тховкIело а, кхерамазалла а лоьхуш кхаьчна болу шайн даймахкара бевдда нах церан чаьлтачашка дIабалар сацаде, аьлла кхайкхам бар а, Австрера вайнехан диаспора, еш цхьа адуьхьало а йоцуш, и хIума кхин дIа а тергал деш Iен дагахь йоцийла меттигерачу Iедалшна дIахаийтар а ю.

Митингехь жигара дакъалоцуш хиллачех цхьаъ ву Венехь вехаш волу, цхьана хенахь Нохчийн Республика Ичкерин депутат хилла волу Исханов Хьусейн. Маршо радионе иштта дийцира цуо сел бертахь халкъ шайн бакъонашкахь къийса ураме даларх лаьцна

Исханов Хьусейн: „Вайнах кху махкара арабахар- иза, цхьана агIор, вайн вешан бехк а бу, вайна вешан бакъонаш ларъян ца хаарна. ХIунда аьлча, кху Iедало вайна аьттонаш беш бу, бакъонаш ларъян а, митингаш ян а. Цхьа а хIума а ца деш, вай Iаш хилча, хIорш а цецбовлу, вай иштта массо хIуманна а резадолуш Iаш ду моьттуш.

Амма вайна ма хаара, вайн нахана паргIат цIа баха а лаьа, цIахь вуо хьал ду ала а ца лаьа, цигахь нах хьийзабо ала а ца лаьа, амма кхузахь „позитив“ а еза. Вайна тIехь оьрсаша йина йолу харцо нийса йина аьлла, вай Iаш санна, сурт кхоллало тIаккха“.

Венехь вехаш, мел кIезга а, 13 эзар сов вайнехан мухIажар ву, официала хьосташ чIагIдарехь. Цундела, ма - дарра дийцича, 600 сов стаг дуьхалонан акцехь дакъа лаца араваьлла хилар- иза боккха кхиам белахь а, амма кхузахь бехачу нохчийн, гIалгIайн терахье диллича, иштта доккха хIума а дац иза. Дукха бу вайнахалахь „цу митингех хIун до, царех хIун пайда болу, ма кIордийна-кх и митингаш!“ боху дог-ойла йолу нах. Цу кепарчу кхетаман хьокъехь иштта дийцира Исханов Хьусейна:

Исханов Хьусейн: „Вай хIара лелош ца хилча, вай митинге урамашка довлуш ца хилча, кхузарчу Iедална цIахь дерриге а дIатоделла ма моьтту. Кхузахь ПутингIара еш вуно чIогIа пропаганда а ма ю. Вайн цIахь когасалазаш а хахкало, некъаш а ду деш, цIенош а ду, дерриге а дика ду, бохуш.

Амма бакъонаш ма яций цигахь. И бакъонаш яц аьлла, вай дIаала дезаш ду. И вай ца дахь, кхана вай боккъал а ара дохур ду кхузара. Ткъа вай арадахахь, ваьшна хиндерг ма хаа вайна. Я бан болх а бац цигахь, я стаг маьрша а вац цигахь- дийнахь а вац, я буса а вац“.

ЦIерпоштин вокзала хьалхахь митинг а йина, цул тIаьхьа вайнахах схьакхеттачу Австрин антифашистийн боламан жигархошца цхьана Вени юккъехула гIаш меттигерачу парламентан гIишло йолчу дIабахара дуьхьалонан акцин декъашхой, транспаранташ а, Ичкерин байракхаш а айъина, шайн Iаьткъинарг лозунгашкахь кхайкха а деш.
XS
SM
MD
LG