ТIекхочийла долу линкаш

Цхьаьна яьккхина мерза хан дагалуьйцуш беха нохчийн оьрсий


Нохчийчоь -- Шайн дайн кешнаш тIехIитта Нохчийчу баьхкина оьрсий.

Нохчийчоь -- Шайн дайн кешнаш тIехIитта Нохчийчу баьхкина оьрсий.

Ерриге а Оьрсийчухула баьржина беха тIом балале хьалха Нохчийчохь бехаш хилла оьрсийн къомах болу вайн махкахой. ТIаьхьарчу хенахь церан аьтто хуьлу шайн дайн кешнашна тIехIитта. Иштта керстанийн марха доьсутучу дийнахь кху шара а баьхкинера Невра а, Шелковской а, Теркайист а кIошташка цигахь цхьана хенахь баьхна оьрсий а, гIалгIазакхий а.

Кху беттан 5-чу, керстанаша марха достучу денна,хьалххехь дуьйна а кечам бинера Нохчийчохь - кIира –ши кIира хьалха дуьйна а Iедалан балхахь болу бахархой ара а баьхна,кертанашна а,чарташна а сирш хьоькхуьйтуш, нехаш дIайохуьйтуш цIандеш битаме даладайтинера керстанаш дIаберзийна кешнаш.

Официалан чIагIдарца керстан динехь болчара марха дастарца доьзна,коьрта хиламаш тергалбелла Соьлжа-гIалин Архангел Михаилан килсахь.Цигахь ,бIеннаш кхечу кIошташкара тIебаьхкинчу хьешашна хьалха хьехамаш беш дала Iамал йина цу делан хIусамна коьртехь волчу мозгIаро Григорис.

Керста наха марха дастар бахьнех, кху стигал къекъачу беттан 5-чу дийнахь, къаьсттина дукха оьрсий листинчу кIоштех ю Теркаца Iохкуш йолу Шелковск а, Новр а,Теркйист а кIошташ. Яртех аьлчи,къаьсттина дукха хьеший тIетаттабеллера,Нохчийчохь тIемаш буьйлабалале, дукха оьрсий баьхначу Теркйист кIоштан Горагорск юьртан кешнашка.

Цига баьхкинчех бу Ставропол кIоштера Донченко Александар а,цуьнан нана Анастасия а. Ростов кIоштера Рудаков Володя а, ХIирийн махкара Толмачева Аня а ишnnf дIа кхин а.

Вовшашна марабетталуш,барташ дохуш,бIаьрхиш ца лечкъош дуьйцура цара шайна Нохчийчоь хьоме хиларх а,дог-ойла,синкхетам даима а кхуьнца йоьзна хиларх а, шаьш хIинца дIатарделлачу мехкашкахь шаьш хийра лоруш хилрах а,шайх нохчий я тIебаьхкина нохчий оьрсий олуш хиларх а. Цу хьокъехь дуьйцуш ву Кисловодск гIалара веъна Донченко Александар а,цуьнан дезткъа шарера яьлла нана Анастасия а.кIант Александар ву дуьйцуш:

«Пхийтта шо ду тхо кхузара дIадахна. Сан са а,ойла а кхузахь лаьтта.Цигахь массо хIума а хийра ду.Царех а ,церан гIиллакхех а вола а дара вуно хала.Оццул хан яьллехь а тхо шаьш саннарш ца лору цара хIинца а.Тхох нохчий олу, "понаехали,пришдые» бохучу маьIнехь «тIебаьхкинарш» бохуш аьшнаш а до».Адам массо хIумнах дулуш хиллера.Тхо а доьлла. Iар-дахар а дIанисделла».
Цу кепара къамел до Довченко Александара шаьш цигахь дIатардаларх.

Цо ша а .цуьнан доттагIаша а тоьшалла а деш,иза меллла а вайнехан амалехь кхиъна хилар гойтуш хIума ду,зудчух дIа къаьстина, иза шен нана а кхобуш Iаш хилар. «Хьо шецачул а дукха Iа хьайн ненаца»аьлла, хIусамнана карзахъяьлча, сан нана цхьаъ бен яц,цуьнан дола ца дича со ца волу, хьайна и ца тахь хьо дIаяха маьрша ю аьлла кхо къамел дича дIаяхна бах,йцуьнан ишколан накъосташа Александр зуда.

Шен Ставропол кIоштехь нисделлачу дахарх дуьйцуш ю 80 шо долу Довченко Анастасия: «Беза-бевзарш бац. Могашалла а яц хьалхалерниг аьттехьа. 65 шарахь Нохчийчохь яха а яьхна.кхуза схьакхалха де а, я лаам а ма бацара сан. Суна хIун эшара иза. Цу тIе тхо оьрсий доцуш санна мА хьоьжу тхойга цигахь. Тхо нохчий мА лору цара. Дера лору.»

Соьца къамел динчу дукхахболчу оьрсаша лечкъа ца дора бухарчу оьрсийн цхьадолу гIиллакхаш,Iадаташ буххера дуьйна а шайна товш цахилар а,и бахьнехь шайна юкъа херо йоларх а.

МогIарерчу нахана юкъахь цхьана а кепара бекъамаш хила ца эшар гучудоккхуш санна гора Теркйист кIоштан Горагорскан кешнашкахь тергалделларг. Цигахь кIезиг бацара тIебаьхкинчеран гIуллакхе хьовсуш,царна хьошалла лелош вайнехан божарий а. Иштачех вара Гунаев Хизар а, Идаев Висхан а,зармаев Масхьуд а. ХIара оьрсий кешнашка бахкар бахьна-м марха дастар дара,шу лаа дуй аьлла хаьттича хьалхарчу шимма дуьйцура:

Кхузара дIабаханчу оьрсийн вайнехан санна гIиллакхаш хиларх дуьйцуш ву Гунаев Хизар. Кхана мархин бутт а болуш тIекхочуш,шеца кхоъ накъост а волуш ша Ростов ГIала кхаьчча,шайна бусалбан Iедалехь бийначу уьстагIан жижигах юург а йина, кечдина стол хиларх а, иштта Iуьйранна марха лацийта даа-мала охьа а диллина оьрсийн зудчо марха лаца шаьш гIиттадарх а доггаха дуьйцура Гунаевс.
Шайн оьрсийн хьешашца хиллачу юкъаметтигах хьасартне,боккхачу безамца деха дуьйцура Идаев Висхана а.

Къаьмнашна юкъахь бекъамаш ца хилийта,уьш-вовшашца кIеда-мерза хилийтар дукхахдолчу декъана доьзна ду бохура цара Оьрсийчоьнан коьртахь болчаьрца а, хаамийн гIирсашца а. Цара кхеторехь цара шайн политика хийцарца дикачу агIор хийцалур долуш ду дуккха а хIума.
XS
SM
MD
LG