ТIекхочийла долу линкаш

Хийцаделла нохчийн лелар


Оьрсийчоь -- Шайн дайн гIиллакхаш лардар Iалашонца махках бовлуш бу нохчийн 19-чу бIешерахь. Вевзаш вацу суртдиллархо.

Оьрсийчоь -- Шайн дайн гIиллакхаш лардар Iалашонца махках бовлуш бу нохчийн 19-чу бIешерахь. Вевзаш вацу суртдиллархо.

Нохчийн юкъараллина боккха Iаткъам бина замано а, тIехь лаьттинчу Iазапо а. Леррина а, дегйовхонца а лелош хилла долу дайн гIиллакхаш дайдина беха уьш тахана.

Нана цомгуш хилла аьлла шен вешийца Казахстанера цIа веанчу Мовлади цIе йолчу стага элира, шен гергарчеран гонехь, юьртахь тIаьххьара болу хаамаш цара буьйцуш «ванах, цхьа а хазахета, самукъадолу хаамаш бац-кх кхузахь хезаш» аьлла. Цуьнца лаьтташ берш вовше хьаьжира. Уьш кхетара, генара дика го, цIахь йолчу юкъараллехь хилла болу хийцамаш. Ткъа цIахь берш-м боьлла царах.

Кхуьуш а дац адамаш велларг дIаволла, цунна тIехь сагIа даьккхина далале, кхин цхьа хаам а хеза велла, я висна олий. Иза таханалерчу Нохчийоьнан юьхь-сибат ду.

Тезеташ оьшуш хIума дац тахана махкахь. Некъа бохамехь баларша а, деган цамгарша а, гуттара а алсамдоккху и самукъане доцу терахьаш. Амма хуьлу вашас ваша вийна а, кIанта да вийна а меттигаш.

Цхьа бутт юкъа а ца булуш цу тайпа ши зулам хилла Нохчийчохь. Бахьанаш дуьйцуш а, гIардогIуш а дац. Амма шен гергарчунна ишшта тIе куьг кховдо хIун бахьана хила деза, хууш дац. Ишттачу хьолехь хIун ун ду вайх кхеттарг бохуш, цакхеташ бу махкахь дукха а нах. ИсмаьIал а ву царах.

ИсмаьIал: «Вашас ваша вера иза, вайна цкъа а хилла хIума ма дац. Вайца догIуш хIума а ма дац иза. Кераста наха, латта къовсий, петар къовсий, чуьра баккхий берш а, наной а бойуш а, хIумш лелош ду. ХIинца цара леллош дерг ду-кх кхузахь. КIанта да вийна. Вашас ваша вийна боху»

Цу тайпа, кIоршаме бохамаш хиларан бахьанех а ца кхета нах. Цхьаболчара тIеман тIаьхьалонаш ю олу, кхечарна иза карарчу шайтIан заманна бехк хета. Дуьйцу кхин дIа а ИсмаьIала.

ИсмаьIал: « Бахьанаш хира ду-кх цхьацца. Къийсамаш а хира бу. Цхьацца сингаттамаш а ма бу нахехь. Ши тIом а лайна, психика а галъялла ю. Дарба дац деш. Толлуш а дац и хIумш. Адамаш тамашийна доьвла вайна. ХIора дийнахь аьлча санна со гIала лелаш ву. Баьццара серло летта хилча дIаваха ца ваьхь со. ТIамо ца байина болу нах бу вай некъашца бойуш».

Нохчийн ламастийн амалш дика йоьвзачу Iилманчо Хасиев Сайд-Мохьмада терго йина къоман дукха гIиллакхаш хийцаделла хиларан. Тезет схьаэцча а гуш ду иза боху цо.

Хасиев Сайд-Мохьмад: «Нохчаша лелийна хIуманаш дац уьш. ТIаьхьатIаьхьа юкъадовлу уьш. Дастаме ду уьш. Цхьана юьртахь массийта кепа тезеташка нисвелла-кх со. Цхьаверг аьрро белш хаьлха а йоккхий воьду тIе, важа- воьду аьтто ерг хьалха йоккхий. Цхьаболчеран, «можардом» олуш дарж хилла-кх, Европерачу паччахьийн, тIевогIуш верг хIара ву шуна, олий кхайкхош. Иштта а хуьлу. Хийцамаш ца хилча ца долуш хIума ду».

ХIора къоман шен-шен гIиллакхаш хуьлу боху Хасиев Сайд-Мохьмада. Лулахь бехачу нохчийн а, хIирийн а, гIумкийн а иза чIогIа башхалла йолуш гIиллакх ду, аьлла кхин дIа а дуьйцу нохчийн этнографо.

Хасиев Сайд-Мохьмад: «ГIумкийн тезета тIевогIуш верг воьлхуш ду. ХIирийн а ду ишшта. ГIебартойн йоккха ритуал ю: соьцуш, юхабовлуш а, вовше белшашна тIе куьйгаш дохкуш а. Цхьана гIумкийн тезета кхаьчнера со. Сайца болчерга ала вицвеллера со, церан гIиллакхаш муха ду. Сан накъостий белабелира, цхьаъ тIе а веана велха хIоьттича.

Воккхачу стага элира, иза шай гIиллакх ду, цецдовла оьшуш дац аьлла. Доцца дийцича, со юьхьIаьржа хIоьттира-кх цигахь».

Нохчашна юккъахь, тезет дай дина а ца Iаш, цигахь дуьненан къамелаш деш меттиг хуьлу, веллачуьнан верасаша а цхьаьна жигара дакъа а лоцуш аьлла тидам бира Хасиев Сайд-Мохьмада.

Хасиев Сайд-Мохьмад: «ХIинца тезет а, пхьоьха а цхьана маьIне йирзина. Цхьана тIегIан тIе ерзийна лелош ю уьш. Тайп-тайпана хIумаенаш ма ду уьш. Вай цIадаьхкинчу хенахь, цхьана тезета нисвеллера со. ХIинца санна ши-кхо де олий лелош ма дацара тезет. КIирне а долура иза.

Нах шай-шай тобанаш а йина, дуьненан къамелаш а деш, Iаш бара. Оцу тезетахь волчу воккхачу стага, схьагул а бина, дIахьедар дира: «Кху тезета нехан дог эца а, бала байбан а, даьхкина ду вай. Цундела хабарш а дуьйцур дац аша, оьрсийн мотт а буьйцур бац аша. Иза «последний раз» ду шуна элира». Ша верг, цигара дIаведира, белар а иккхина».

Уггаре а халчу хенахь нохчийн дог-ойла, даиман латтош ерг нохчийн къоман, дуьненан Iаткъаман къера ца хуьлу амал хилла. Я, кхечу, синIаткъаман говзанчаша лелочу дешнашца аьлча, дегIо гIора ло, муьлхха а къизалла а, кIоршаме бохам а лан. Гарехь, деза лелийна долу и хIуманаш хIинца дайдина хетахь, и зама нохчашна тахана а дIаяланза ю.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG