ТIекхочийла долу линкаш

Социалан машанех а, хаамаш дIасакхоьхьуьйтучу мессенджерех а шуьйра пайда оьцу вайнаха, вовшашца уьйраш латтош. Амма, кхеташ ма-хиллара, цатемаш а хуьлу цу г1уллакхехь. Нохчийчохь кест-кеста дуьйлу телефонехула ден къамелаш бахьанехь девнаш.

Масситта бIе эзар шо хьалха шен хьехачуьра ижу лаха араволучу стага караоьцуш хиллачу тIулган жоммагIал башха, цхьа а цец волийла доцуш, тахана ижу лоху гIирс бу, Оьрсийчуьрчу божаршна телефон.

Нохчийн къонахошна а бу и изза гIирс.

Веданара ворхI берийн нана яра Мадина. ХIинца а ю иза церан нана-м. Амма хьалха иза шен берашца яра. ХIинца – яц, телефоно йохийна доьзалх.

Церан юьрта йистехь Кадыров Рамзанан тIеман дакъа лаьтта куп тоьхна. Оцу куьпара цхьамма кест-кеста телефон тухуш хиллера Мадинига. Бовлу-бовлу-уш, уьш эвхьаза бевлла. Цкъа цIийндена тусаделла иза. Талламашка ваьлла хилла Мадинина дарвелла майра.

Шен хIусамнана шена тешаме йоцийла билггал хиинчул тIаьхьа, хьем ца беш, йитина, дIаяхийтира цо шен зуда.

Церан луларчу Зайнапа тоьшалла до, вайна ца лаахь а, и бакъ хиларан.

Зайнап: «ХIокху телефонаша а эвхьазло юлу юккъе. Сан марзойх болчаьргахь яра марехь цхьа зуда, кхаа беран нана. ГIалахь Iаш бара уьш. Оцу чу яьллачуьра ара яла шен цIийндас аьлча, ара ца яьлла хилла иза. ТIаккха вукхо йитина, дIаяхийтина. Хьажал, шен цIийндас дIаяла аьлча, ара яла езий иза, кхо бер а хилча, ша марехь а хилча. Шен марзоша боххург дича ма атта ду-кх зудчанна. Меран зудчун гIуллакх дац цу чохь Iен. Телефон шега схьатоьхча, дуьхьала жоп делла, шега хIун боху хьаьжчхьана».

Нохчийчохь телефонах, интернетах дуьйлучу зуламийн масалаш шортта ду.

Гермачигара яхархо Бирлант а ю шина беран нана. Шен маренна реза йоцуш, цIийндена а, марзошна а луьйш, уьш аьшнаш беш, Ватсаппехь къамелаш дина хиллера цо шеца цхьаьна классехь дешначу шен деган доттIагIчуьнга,.

Амма зударийн гергарло гена ца доьду. Дош дашера а долий, шина доттIагIчух хуьлу ши мостагI. Бекхамбеш, доттагIчо Бирлантан марзошка дIакхачайо, шех тешаш шега ватсаппехула озаца мел кхехьийтина хилла аьрзнаш.

Карзахваьллачу цIийндас, шина берах а йокхуш, юьтий цIайохуьйту Бирлант.

Бехк буй-те Бирлантан? Маршо Радионо шун кхеле дуьллу цо хьошалгIа баьхкинчу шен маьрйижаршна ша хIоттийначу гIиллакхех лаьцна дуьйцуш дахьийтина цхьа аз.

Бирлант: «4 маьрйиша а, маьрйишин йоI баьхкинера суна. ДIабаха хIинцца. ХIуммаъ яахIума йиъна-м ца бахара хьуна уьш. Iаьржа налха а бара, кIайн налха а бара, чай дара, бепиг дара. Эцца охьахиина чай мелла дIаяхара, шеца берш тIехьа а хIиттийна. Чорпе кад биъна а ца баха, котлет йиъна а ца баха, хьенна хIума йиъна ца бахара. Со хIуммаъ йоьхна а ца хьевзира».

Лаа дацара вай юьхьанца таханлера телефон уьншарахьлерчу жоммагIах таръяр. ХIетахь тIулган дагарца араваьллачу дас-м цхьа пайде ижу-экха дохьуш хилла шен доьзал бузо.

Маршо Радиоца къамелдинчу Веданан кIоштарчу Харачуьра къаночуьнга ИсмаьIале ладоьгIча, бехк зударийн хилла а ца Iа.

ИсмаьIал: «Къонахий хила хьалха юьрта тIедеънарг дерзо деззачу агIор дерза а деш, дIадоьдуче ла а дугIуш къонахий. Турпоа-Iелас хаьттина хиллера боху, Делера салам хилла цунна, Пайхмаре хIара зама юьйцуш, «Мохьмад, къонахий хир буй-те оцу заманахь?», аьлла. «Къонахий хир бу, къонахчалла дIаяьлла хир бу», аьлла жоп делла хиллера бах Пайхамара.

Иштта ду Нохчийчохь телефонах дуьйлучу зуламийн масалш. КIирандийнахь а, оршоьтан Iуьйранна а алссам бовзуьйтур бу Маршо Радионо оцу могIарера хиламаш а, церан наха ден маьIна а.

XS
SM
MD
LG