ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн WhatsApp-бIобанаш


21-чу бIешеран нохчийн халкъан бартан кхолларалла интернетехула дIасадаржочу тамашийначу дийцарша тIеIаткъам беш кхоллалуш ю.

Нохчийн халкъалахь тIаьхьарчу хенахь даьржинчу туьйранех цхьа доккха дакъа интернетехула даьржаш долу эладиттанаш а, тамашийначу хиламех долу дийцарш а ду. Девнаш а, виртуалан нийсо юхаметтахIотторш а, бусулба динах хьехамаш а, бусулба динах хьехамаш бу бохуш буьйцу гIурташ а, элар-бохарш а – дерриге а ийна 2I-чу бIешеран керла технологеш цIеххьана евзинчу вайнахалахь.

„Шуна хIара гиний? Шуна важа хезний?“ - бохуш, вовшашлахь дIасатуьйсу буьйцу а ца хезна гIурт.

Уггаре а шуьйра яьржина йолу интернетан, мобилан зIенан дIасакхехьийтарш цу тамашашца а йоьзна хуьлу. Дукха хан йоцуш соьга ватсапехула кхаьчначу цхьана хаамехь гойтуш цхьа машен ю, жиннаша тIе тIулгаш детташ ю, йийсаре а лаьцна бохуш йолу.

Цхьана кхечу хаамехь цхьа тамашийна алмаз ду, гаррехь фотошопца кечдина долу. Я адам а дац иза, я дийнат а дац, я олхазар а, амма адмийн, дийнатийн а, олхазаран а аматаш ду цуьнца.

Доцца аьлча, буса набарх ма гойла хьо аьлла хеташ чамбоцуш сурт ду. Цу бухах – йоза: хIара йоI Делан цхьаъ хилар дацаре деш хилла, цундела Дала кхунна хIара дина, аьлла. Билгал иза йоI хилар и йоза яздинчу мичара хаа бохург кхеташ дац, нохчашлахь зуда, мухха дийцича а, даима массо хIуманна а бехкенарг хуьлуш хиларна сацам бина хила мега цуо и инзаре хIума йоI ю аьлла.

И санна масалш вуно дукха ду. ХIун бахьана ду-те нохчийн кегирхошна юккъехь и тайпа дийцарш даржар а, цу туьйранех нах тешар а? Дуккхаъ шерашкахь вайнехан а, вайнехан боцучу а кегирхошна карате хьоьхуш волчу спортхочуо Бисаев Хаважис вайн заманан билгалонех цхьаъ лору и хIума.

Бисаев Хаважи: „Заманан билгало хир ю иза хьалхарчу декъехь. ХIунда аьлча, интернет яьржина, смартфонаш а яьржина. Цуо паргIато елла массарна а, мичча хенахь шайна луург хIуъу чукхосса а, даржадан а. Хьалха газеташ я телевизион бен йоцучу хенахь иштта аьттонаш бацара, я журналист хила везар хьо, я цу гIирсашна тIекхача аьтто болуш стаг хила везара хьо.

Ткъа тахана дуьненан хIума кхуьуш хиларна иштта аьттонаш шортта бу. Цхьаболчара цунах болх а бина яздеш хила а там бу санна хIумнаш, шайн цхьацца эксперименташ ярхьама. Вукхара сагатдала лелош хир ду. Ткъа наха цхьаболчара, теша а тешаш, тIелоцу иза, цхьаболчара ла а доьгIуш. Мухха делахь а, таханлерчу заманан хьал ду-кх иза“.

Вукху агIор и тайпа хила йиш йоцучу, дIа ойла йича беламе а, кхардаме а долчу хIумнах нах тешар – иза адам Iилман хердалар а, хаарш наха ца лехар а ду бохуш дуьйцу Бисаев Хаважис.

Историн Iилманчина Вачагаев Майрбекна хетарехь, деккъа цхьана нохчашлахь даьржина дац и инзаречу тамашех тешар а, и гIурт наха вовшашлахь бийцар а. Баланаш а, харцонаш а лайначу наха шаьшна сихха цхьа Делан къайле йовзаре я Делера хаам шаьшна хиларе туйьсу са ду цу хIуман орамехь лаьтташ бохуш дуьйцу цуо.

Вачагаев Майрбек: „Массо а къоманахь цхьа билгалчу хеначохь хуьлуш хIума ду иза. Оцу вайн луларчу къаьмнашлахь а долуш ду иза, суьйли схьаэцча, я гIалгIай, я хIирий, я гIебартой. Вай долчу агIор и хIума иштта даьржина хилар, суна хетарехь, и вай лайна йолу хало а, бала а бахьана долуш вайн дегнаш кIадделла хиларца доьзна ду.

ХIинцалца дегнаш чIагIдина Iийна хилла болчу цара сатуьйсу, Делан гIоьнца карара хьал сихха дIадоьрзур долуш хаамаш хиларе. „Хьовсал, вай нийса ца лелахь, хIара хир ду боху шуна!“ бохучу хьесапехь.

Бусулба стаг, Дела хиларан тоьшаллаш а, цхьацца тамашаш а ца лоьхуш, иза бакъ веш, иза хиларх тешаш хила веза бохуш дуьйцу Вачагаев Майрбека.

Вачагаев Майрбек: „Хьо таханлерчу дийнахь вехаш велахь, гуонахьарчу хьоле хьаьжжина, массо а хIума муха ду, хIунда ду иза иштта, аьлла, духе кхочуш, хила веза хьо. Хьо иштта ца хилахь, тIаккха массо а хIумнах тешаш хуьлу-кх хьо. Телефонехь яздинчунах а. Цхьа мискалла ду-кх иза. Миска ца хилча цунах тешар а вац.

„Ахь хIара дIа ца тассахь, хIара хир ду хьуна, хIара дIасатасса деза ахь“, бохуш яздечух а тIаьхьа. Ца деза дIасатасса! Делах тешаш хила веза. Вайн Дела а, тIаьхьара веъна волу Мохьмад-пайхамар, Делан салам хуьйла цунна, а тоьуш хила веза“.

Цхьанна а йовза йиш йоцу Делан къайленаш а, тамашаш а лоьхуш, кхардаме а, бусулба динца дуьстича кхераме а хIумнашка а буьйлу цхьаберш. Иштта, масала, хьастагIа рогIера соьга кхаьчначу цхьана хаамехь яздина дара: „Тахана Дала стиглара кор схьа а йиллина, хаьтнера соьга, хьуна хIун дика де ас тахана аьлла, тIаккха ас хIараъ-важаъ а элира.

Ахь хIара хаам цхьа хьенехдина терахьца дIаса ца тассахь, хьо мацах СаIуди Iарбахь иштта хIара санна болу хаам тергал ца беш битина хилларг санна лийр ю. Ткъа ахь хIара дIасатассахь, хьуна кху дуьненан массо дика тIедоьрзур ду“, - аьлла.

Стигларчу кор-неIарх дерг ца хаа суна, амма Дала къамел, хууш ма-хилла, Муса -пайхамарца бен, Делан салам хуьйла цунна, дина дац. Ткъа и хабар дIаса ца даржош Iийна йолу со, шуна ма-хаззара, хIинца а дийна ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG