ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийн спортан сий дебаде бераш


Австри -- Къона дзюдоисташ леташ, Вена, 23Гез2012

Австри -- Къона дзюдоисташ леташ, Вена, 23Гез2012

МухIажирш а бевлла, Европе дIабахначу нохчийн доьзалшкахь кхуьуш ду спортаца уьйр лелае бераш. Кест-кеста баьржа рогIерчу къовсадаларшкахь вайнехан къоначу спортхоша толаман меттигаш баьхна, боху хаамаш. Кху мукъаденошкахь Венехь дIабаьхьначу спортан гайтамашкахь тоьллачарна юкъахь а вара масех нохчийн кхиазхо.


И хилам Вена-гIалин дайша тIекхуьучу чкъуран спортаца долу гергарло марздан Iалашо йолуш вовшахтоьхна бара. Шахьаран коьрта майданех цхьаъ йолчу Хельден-платцехь Альпийн республикера тоьлла спортан клубаш схьагулъеллера, шайн декъашхойн хIуьнарш гайта а, бераш спортан говзаллехь вовшашца къовсадалийта а.

Дийнна цхьа тоба нохчийн бераш а дара даздаршкахь дакъалаца даьхкийна. Царех уггаре а доккха долу дакъа дзюдо латарехь говзалла гойтучу чоьнаш чу гулделлера. Цара дакъалоцучу гайтамех лаьцна Маршо Радиога дийцира хиламехь дакъалоцучу Венин вахархочо Абубакара.

Абубакар: "Спортан де ду кхузахь дIахьош дерг. Дуккхаъ нохчий бераш а ду даьхкина. ХIинца леташ берш, уьш кхоъ цхьаьна оьзча, 120 кила бен хила йиш яц. Вайн бераш лелаш долу клуб "Юдо Клуб НГ" цIе йолуш ю, цу юккъера виъ нохчех волу декъашхо ву кхузахь".

Абубакар ша а ву меттигерчу "Юдо Клуб НГ" дзюдох лата оьхуш. Цундела цо кIирвелла тергалйо Австрин коьртачу шахьарахь нохчийн кхиазхоша цу латарехь йоху гIулчаш.

Абубакар: "Мангал-баттахь йоккха турнир яра кхузахь. 4 пачхьалкхера 230 декъашхо а вара цу юкъахь. Вайн клубо кхозлагIа меттиг баьккхира. Доккхачу декъанна и яккхар нохчийн бераш бахьана долуш нисделира, хIунда аьлча, шина нохчочо хьалхара меттигаш ехира, цхьаммо шозлагIниг а, кхин цхьаммо кхозлагIниг а яьккхира цигахь".

Ткъа цу юкъанна нохчийн кхиазхоша Венерчу къовсадаларшкахь цхьамоIга толамийн меттигаш ехира. Иштта, масала, лата юкъаваьллачу Муслима, исс шаре ваьллачу кIанта, ша юкъаваьлла масех мIаьрго а ялале, шен дуьхьалонча белшашка вилларца цIена толам а баьккхина, дIадерзийра шен латар.

Муслим: "Сан 9 шо ду. Иштта кхин дукха хан яц со дзюдо леташ волу. Хьалха къийсамехь ас хьалхара меттиг яьккхира. Соьца клубехь 8 нохчо ву. Сан доттагIчо Хьамзата а хьалхара меттиг яьккхира, ткъа цуьнан вашас а шозлагIа меттиг яьккхира".

Муслиман ваша ву итт шо долу Мохьмад а. Цо а дукха хан ца яккхира латаран гонехь, шен дуьхьалонча охьатуьхийра, толам шегахьа берзош.

Австри -- Нохчийн къона дзюдоисташ, Вена, 23 Гез2012

Австри -- Нохчийн къона дзюдоисташ, Вена, 23 Гез2012

Амма уггаре а чIогIа вайнехан бераша гайтинчу жамIех вокхаверш хилларг вара цу берийн тренер Гаврилович Войко. Цуьнан клубехь дзюдон говзалла Iамон и бераш дуьйладелла цхьа шо хан а яц, цундела а ду церан хьехархочун цу бераша иштта сиха кхиамаш гайтарх дозалла дар.

Войко Гаврилович: "Вуно хаза латар дара иза. Тхуна мотта а ца моьттура, хIокху бераша оцу тайпа, шеконаш а йоцуш, толам боккхур бу, аьлла. ХIунда аьлча, вукху тобанера бераш, шайн жималле хьаьжна ца Iаш, 5-6 шарахь дзюдо Iамош ду, ткъа тхан бераш дIадуьйладелла иттех бутт бен бац. Вуно исбаьхьа тассадалар гайти цара! ЧIогIа ирсе ву со, уьш иштта хаза летта. КхидIа а Iамораш дIадахьа а, къахьега а дагахь ду тхо, и бераш кхин а тоьллачу лакхенашка кхачийта".

Венерчу спортан даздаршкахь толаме жамIаш гайтинчарна юкъахь вара иштта бархI шо долу Мохьмад-Эмин а, шийтта шо долу Iабдул-Хьалим а. Ала догIу, и бераш, спортехь кхиаме хилла ца Iаш, ишколехь а дика доьшуш хилар. Муслим, масала, цхьа а кхоъ доцуш, шен классехь тоьллачех дешархо ву, ткъа Iабдул-Хьалим бусулба дешарна тIехь баккхий кхиамаш гойтуш ву.
XS
SM
MD
LG