ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бераш доьлуьйту лоьраш баьхкина Нохчийчу


Нохчийчоь - "Делакъажар" цIе йолчу лоьрийн акцехь дакъалоцуш ву гоьваьлла лор Баиев Хьасан, Соьлж-ГIала, 28ГIа2013
Нохчийчоь - "Делакъажар" цIе йолчу лоьрийн акцехь дакъалоцуш ву гоьваьлла лор Баиев Хьасан, Соьлж-ГIала, 28ГIа2013

«Делакъажар» цIе йолу болам айбина Нохчийчохь гоьваьлла вевзачу лоьро Баиев Хьасана. Цуьнан лаамца махка баьхкина Оьрсийчуьра а, кхечу пачхьалкхашкара а хирургаш. КIиранах цара дарбанаш лелор ду ерриг а Къилбаседа Кавказера шайна тIедаладечу берашна.




«Делакъажар» цIе йолчу проектца Соьлжа-гIала берашна операцеш ян веънарг ву ткъеха лор а, царна гIо ден медикаш а. ДоьазлагIа баьхкина бу уьш Нохчийчу. Царна хаьлхаваьлла ву Оьрсийчохь а, цуьнан дозанал арахь а воевзуш волу пластикан хирург Баиев Хьасан.

Баиев: «ХIара гIо-накъосталлан акци дуьххьара еш яц. Баьхкина бевзаш болу лоьраш. Дика говзанчаш бу уьш. ХIара акци вай цхьана республикан еш яц оха. Уллерачу мехкашкара нах а богIу шайна дарба дайта».

ХьошалгIара лоьраш, дийцарехь, Оьрсийчохь уггаре а тоьллачех бу. Шаьш кхузахь доккхучу кIирнах бан леринчу балхах ишшта дуьйцу проектан координатора Кудаманова Ольгас.

Кудаманова: «Кхуза баьхкина лоьраш тайпа-тайпана гIаланашкара бу. Владимирера, Ярославлера, Москохара, Иркутскера хирургаш бу, анестезиологаш Владимирера, Новосиберскера, Таганрогера, Эстонера бу.

Ишшта, Таганрогера бу лоьрийн йижарий а, педиатр а. 50 берана операцеш йийр ю оха. Хуур ду-кх хIора операцина мел хан оьшур ю. Операцийн деа дийнахь мел нах тIеэцалур бу тхоьга хуур ду-кх. Тхо дукха готтачу тIегIан тIера лоьраш ду. ДаьттIа балдаш дIатоьгу, ишшта стигална а операци йо. Аьтто хилахь, юха даьхкача операци ян еза бераш дIа а яздийр ду оха».

Соьлж-гIаларчу республикан берийн дарбан хIусамехь дIахьо баьхкинчу лоьраша шайн болх. Мочхаллан а, юьхьан а хирургин декъана хьалха йолу чоь тIанк-аьлла хьалаюьзина ю юьхь тIехь сакхташ долчу берех а, церан дайх- нанойх а. Верриг а сатесина ву шаьш лоьраша тIеоьцург хиларна. ХIирийн махкара Людмила шен йоI ялош еъна. Тахана лоьрашна тIекхача дагахь а ю иза.

Людмила: «Тхо ХIирийн махкара консультаце даьхкина. Хьовса ма хьаьвссинехь, лоьраша эр ду тхоьга операци маца хир ю. Сан беран исс бутт бу, и сакхт дуьненчу даьлчхьана дуьйна ду цуьнан. Дика чекхъер ю-м боху иза. Сатийсам бу тхан».

Соьлж-ГIалара вахархочун Сайд-Эминан кIант а ву лакхара балда сакхте долуш. Довха дош олу цо баьхкинчу лоьрашна.

Сайд-Эмин: «Талламаш бинера кIантана. Тахана къаьстар ду, операци маца йийр ю. Уьш кхуза баьхкина бацахьара, суна йоккха проблема яра иза, цхьаьнхьа вига а, вало а. Доккха гIуллакх ду хIара. Иттанаш нах бу кхузахь кхечу мехкашкара баьхкина. ТIехула тIе, мехаза а ю хIара. Дела реза хуьлда царна а, уьш кхуза балийнчарна а».

КIиранах Нохчийчохь берашна операцеш а йина, дIагIон болчу лоьрех дукхахболучара билгалдоккху, къаьстина Нохчийчохь юьхь тIехь сакхташ долуш дукха бераш хилар. Хирурган Баиев Хьасанна цуьнан бахьана хууш ду.

Баиев: «Вайна хууш ма ду, вай лайнарг а, вайна гинарг а. Махканна диттина герз а ду, экологи а ю, талхийна синош а, ишшта дукха хIума ду-кх цу юкъадогIуш. Сакхташ долчу берашна дарба до оха. ЧIогIа еза операцеш ю уьш. Дукхачу нехан таро яц иза яйта. Да-нана доцурш а, хала бохкурш а уггаре хьалха боху оха дарба дан. Уьш бу тхан приоритетехь».

«Делакъажар» барам чекхбаьлча дукхачу берийн юхь тIехь гуш хир дац сакхташ. Хилла долу уьш дагадохкуьйтуш, дикка хаьжча бен гуш доцу монаш бен дуьсур дац. Юьхь тIехь дерг санна, куьце дерзош берийн синош а делахьара, тIеман тIаьхьалонаш ерраш дIаевр яра. Синойн реабилитаци чекхъяла-м ду гена...

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG