ТIекхочийла долу линкаш

Ша 60 шарахь болх бинчу школе юхавеана лоруш волу хьехархо


Гугуев Ширвани.

Гугуев Ширвани.

Нохчийчохь, 90 шо долу нохчийн хьехархо, шен дерриге а дахара дIадаханчу ишколехь, тахана цIа виса ца лууш болх беш ву. Шена цIахь Iан ца лууш, иза, юха а араваьлла берашна хьеха.

Адамийн къелла уггаре а хала хIума ду боху 90 шарел тIехваьллачу Куршлойн кIоштарчу Кюранбена олучу эвлара къена хьехархочо Гугуев Ширванис. Иза, оцу юьртахь,шен цIахь, ша вехаш ву. Доьзал, дахаран аьттонна, гIаланашка вахьбахна, ткъа, цунна шена ца лиъна оцу керлачу а, аттачу а дахаре верза.

Ша, дукха жима волчу дуьйна, болх бина йолчу ишколехь висна иза, шен даржехь-хьалхарчу классийн хьехархо. Цуьнан шозлагIа цIа хиллачу, ишколехь къамел хилира Маршо радионан, махкахь хьов, схьахетарехь, Оьрсийчохь а уггаре а къена волчу хьехархочуьнца. Шен къамел долалучу хенахь, цуо билгалдаьккхира, яьрташкахь кегийчарна Iан лууш ца хилар.

Гугуев Ширвани: «Кхузахь Iан ца лаьа. ДIаоьху кхузара Гуьмсе а, кхечанхьа а. Кхузткъа шарахь болх бина ас кхузахь. Шахтехь бара уггаре а хала болх. Лаза а вора цигахь, кхин а хуьлура. Царелла бераш дезаш, школехь болу болх дукхабезаш юхвеара со.

Корр: «Бераш материал дIалацарца муха бу?».
Гугуев Ширвани: «Бераш дайшна-наношна гIуллакх дуора. Тхуна уллера аре тонка дуьйш ма яра. Иза лелош гIо дуора, деша а бохура хьалха. ХIета кхин цхьа а хIума а дара. Школан программа иштта хала яцара тахана санна. Халуу ю».

Шен Ширванийн ши кIант а, йоIарий а бу. ХIинца цуьнца царах цхьа а вац. Церан бен а латтош, кегийчарна школехь шен зеделларрг дIа а луш, вехаш ву иза.

Гугуев Ширвани: «Ши кIант вахьвахана ву. ЙоIарий а декъа тIера дIабоьвла. КIентий болчу вахча наб а ца кхета суна буьйсана. ЦIа вогIу со сихха. Дукха ца Iало. ХIинца вахча пхи де даьккхина ас. Оццула дукха Iийна а вац. Цхьа кIант волчохь а ца кхета, важа волчу вахча, кIеззиг кхета.

Шен меттера дIаваьлча хала ду. Царна ца хила мега, амма, цхьаболчарна хала ду. Даймахкера дIаваьлча».

Шен хена чохь пенси а вахана, Iан ца велла Гугуев Ширвани. Кюранбенан юккъерачу ишколан директоран тIе а вахана, шен сахьийза школехь ца хилча, аьлла дехар а дина юхвахна иза, хьехархойн могIанашка. Дуьйцу оцу школа директора Абдулкадиров Iумара.

Абдулкадиров Iумар: «Ширвани Муталиевич, сан хьалхара хьехархо ву. Соьлла воккхохчуьнна а, цулла воккхохчуьнна а хьехархо хилла ву иза. Хьалхара классаш хала ма ей. Массо а хIуманна Iте куьг диллина Iан везаш хуьлу. Кхуьнан доьзал вахьбахана бара. ТIаккха Ширвани а вахьвига лиънера царна. Цигахь ваша а ву, кхинболу гергар нах а бу, аьлла, вахьвола бохуш бара уьш. Ша вахча хIун дара теша аьлла, дог хьоьвзина ша Ширвани а вара.

Амма, хIара болх дIа ца тесбелира цуьнга. Iуьйрана хьалгIаьттича, балха ваха веза ша олий дог хуьлу, ткъа сарахь мичахь ду тептарш олий ойла йо ша бохура. Суна а накъост хира вара-кх аьлла схьаийцира. ХIинца а и болх а беш схьавогIуш ву иза».

Шен Гугуев Ширванех чIогIа накъост хилла, бераш кхетош-кхиоран балха тIехь, боху Кюрабенан ишколан директора Абдулкадиров Iумара. Цуо дуьйцург, бераш дика дIалоцу, къоначу говзанчийн хьехамелла, аьлла тидам бира цуо.

Абдулкадиров Iумар: «Ширванис дуьйцуш долу хIума, ша дахарехь Iоьвшина дерг ду. Шен тIехоьттинарг, шена гинарг ду. ТIаккха къоначу хьехархоша иза дийца-м дуьйцу, амма, бахаррий, яздиний бохуш хуьлу. Ткъа, Ширванис дуьцуш дерг «Со эццахь волчу хенахь», «Со цигахь волчу хенахь» олий дуьйцу.

Цуо дуьйцучу хенахь, берийн бIаьргах хи долу, церан дай-нанойн а долу, уьш баьхкина ладугIуш балахь. ЧIогIа дагах кхета дуьйцу цуо ша дерг. Оцу тIехь, дика хуьлу дIалацар. Цуьнана масаллехь, вай къомо хьегнарг а, лайнарг а дузу. Цуьнца ларам а, д=ладогIар а дика хуьлу берийн».

Ишколан директорца ас къамел дешшехь, Гугуев Ширвани, шен хан тIе ма кхаьчнехь, 3-чу классан урок яла чувахара. Цунна тIаьххье меллаша, процесс юкъах ца яьккха вахара со а. ТIечехаш, я кIеда а ца дора цуо къамел дешархошца, амма, аьлларг тидаме ца оьцуш ца дуьсура.

Гугуев Ширвани: «Бераш, хIинца, вай кхозлогIа четверть чекхаяла герга яхна. 23 чохь чекхъера ю хIара. Деша деза.Диктанташ язъян еза. Изложенеш ян еш. ЦIа бан белла болх бан беза дика. Школе а дахка деза. ТIаккха садоIура дув ай. ТIаккха мокъ хира ду вай. Школехь аш дешахь, шуна пайде дера ду. Кхиъ деша даха деза, институташка. Цхьацца говзаллаш Iамо еза.

ЙиолгIачу четвертехь юха карладоккхура ду. Шун дневникаш муха ю? Вахьехкалла массара а. ХIорш дика доьшуш бу. ХIара гIоле ву массарелла-шиъ дац кхуьнан. Дика кIант ву».

Гугуев Ширвани лакхахь ма аллара, ша реза вац, дешархошна тIех сов хала программаш хIитторна. Цундела, иза кестолгIа, Москоха ваха дагахь ву, дешаран министралле а кхочура ву ша, оцу хьокъехь цигарчу хьаькамшца къамел дан, бохура цуо. Маршо радионо, тергонехь латтора ду, цуьнан оцу гIуллакхах хIун хилира.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG