ТIекхочийла долу линкаш

Къилбаседа Кавказ: кIиранан бIаьрла хиламаш


Къилбаседа Кавказ, карта

Къилбаседа Кавказ, карта

Даханчу кIиранахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана юха а хьахийра республика лелхазчу минанех а, фугасех а, бомбанех а, кхин долчу герзах а дIацIанярза доьзна долу хаттар.

Иза дуьххьара хьахош дац Нохчийчурча Iедалша, бохуш дуьйцу дкху кIирнах хиллачу бIаьрла хиламашна комментари еш йолчу Фуллер Элизабета.

Фуллер: «Кадыровс минанаш дIаяхарх доьзна хаттар шозза айира даханчу кIиранах. Дуьххьара цо иза дира юьртбахаман хаттарш дуьйцуш Оьрсийчоьнан премьер-министр Медведев Дмитрий Черкесскехь Къилбаседа Кавказерчу республикийн куьйгалхошца цхьанакхеттачу хенахь. ШолгIа цо и хаттар хьахийра Шинарин дийнахь тIеман министр Шойгу Сергей Соьлж-ГIала веача.

Кадыровс латкъам бира, хьалха хиллачу Оьрсийчоьнан тIеман министро хIумма а ца дира цу хаттарехь аьлла. Нохчийчоьнан юьртбахаман министралло динчу ларарца цхьа гектар минанех цIанъян оьшуш ду 300 эзар сом. Цу кепара хIинца йисина йолу 16500 гертар территори цIанъян оьшур ду 5 миллиард сом. Цу юкъадогIуш дац хьаннаш дIалаьцна долу 8000 эзар гектар латта.

Делахь а, Кадыров элира Медведевга а, Шойгуга а минанаш дIаяхаран программа кхочуш ян 2 миллиард ах миллиард сом бен оьшур дац аьлла. Ткъа мел хан езар ю цу гIуллакхана бохург, кхин хаттар ду. Планехь ду иза дIадерзо 2015-гIа шо тIекхачале. Амма шарахь 1000 гектар бен цIанъеш ца хилча, цунна оьшур ду 25 шо».

1932-чу шарахь Хаксли Олдос цIе йолчу яздархочо зорбане даьккхира ша яздина "Brave New World" цIе йолу жайна. Цу тIехь цо яздо бераш жима долуш дуьйна царна массо а агIор тIехь терго латтош йолчу юкъараллах лаьцна. Иза дагатесира шена бохуш, дуьйцу Фуллер Элизабета кху деношкахь Кадыров Рамзана къобул йина керла чIор кхиорах лаьцна концепци йоьшуш.

Фуллер: «Кадыровс кху кIиранах къобул йина концепци оцу юкъараллехь юьхьарлаьцна хиллачух тера ю. Цуьнан Iалашо ю патриотизм кхиор а, динан а, къоман а мехала хIуманаш а, дахарехь оьзда лелар а Iамор, экстремизмаца а, терроризмаца а къийсам латтор а.

И концепци йийцаре еш ю. Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан администрацин декъашхочо Тевсиев БайIелас дийцарехь, и концепци кечъяр уггара атта дакъа дара, иза кхочуш еш хьега дезаш долу къа тидаме эцча. Тевсиевс дийцарехь, концепци кхуллуш цара тидаме ийцира махкахь бехаш бусулба а, керста а нах хилар. Ткъа хир дуй-те деша билгалдаьхначу жайнашна юкъахь Библи ца элира цо».

Еарин дийнахь Дагестанан куьйгалхочо Абдулатипов Рамазана эххаре а хьахийра гIаттамхоша деш долу зуламаш. Цо тидам а ца беш дитира уьш байа гIерташ ницкъаллин структурийн белхахоша деш долу зуламаш бохуш, дуьйцу аналисто Фуллер Элизабета.

Фуллер: «Абдулатипов, цо ша ма аллара, «дилетант» ву терроризмаца къийсам латторца доьзначу хаттаршкахь. Иштта вара Магомедов Мохьмадсалам а. Амма цу гIуллакхо новкъарло ца йира цунна, шен дуьххьарлерчу вист хиларехь, герз охьадилла кийча болчу тIемалошца дийцарш дIадахьа кийча ву ша ала.

Абдулатиповс гIаттамхойн боламах лаьцна, кхин хIара ду аьлла хIума ца элира. Цуьнан метта цо дийцира, ницкъаллийн структурашкахь болх беш болчу нахана юкъахь кхаьънаш оьцуш болу нах балахь а, коьртачу декъана уьш бакъхьара нах хиларх лаьцна. Абдулатиповн «пачхьалкхана дуьхьал тIом» беш болчу нахаца къийсам латтош хир йолу стратеги ю, Кадыров Нохчийчохь дан гIерташ волу, республикехь патриотизм кхиор.

Амма Дагестанехь цу гIуллакхо херо шор ян мегаш ю, низамехь болчу нахана а, Делан некъ юьхьарла лаьцна шаьш бохуш, даймохк а, пачхьалкх а дош ца хетачу гIаттамхошна а юкъахь».

Иштта бара кху кIиранах Къилбаседа Кавказехь хилла цхьаболу бIаьрла хиламаш.
XS
SM
MD
LG