ТIекхочийла долу линкаш

Iаьржа хиджаб, мажош еха а ма лелайе Нохчийчохь


Нохчийчоь -- Кортош дIахьарчийна нохчийн зудабераш ду "Нохчийн зудчуьн хазалла" маршехь, Соьлж-гIала, 16Гез2010

Нохчийчоь -- Кортош дIахьарчийна нохчийн зудабераш ду "Нохчийн зудчуьн хазалла" маршехь, Соьлж-гIала, 16Гез2010

Официала кхайкхош синтеме мохк а болуш, лецарш а, лелхийтарш а совцуш дац Нохчийчохь. Оцу юкъанна Iедалша магийна йоцчу кепехь хиджаб а, мажош лелор а гIайгIане дерза тарлуш ду цхьаболчу долахошна.


«Къилбаседа Кавказехь уггар синтемечу кIоштех цхьаъ Нохчийчоь а ю, герзаца дуьхьало йийраш кхузахь дукха бисна а бац» бохуш, официала деш дIахьедарш а долуш, наггахь де а юкъара ца долу махкахь, тIемалойн агIончаш ца лоьцуш. Кест-кеста тергаллуш ду лелхийтарш а, цхьа билггал меттиг гоне а ерзийна, гIаттамхойн лоьхуш, лаьмнашкахь зераш дар а. Бакъду, само еш, карзахе хьийзаш ницкъаллин структураш елахь а, тIекхетахь бен лахлуш бац тIеман хьу йолу хилам-битамаш.

Полицин урхалло Iорабаьккхинчу хаамца,низамхошна зе-зулам дан Iалашонца , муьлш бу ца хуучу наха ,радио урхалла ден фугас эккхийтина Веданан кIоштан Эластанжа эвлана гергахь,масех Iедалан герзахочунна яй чевнаш а еш. И эккхийтар бахьнехь, гаьргаш еттаелла,газ йоьду биргIа а йоьхна цхьана ханна и ягориг йоцуш йисна Элистанжа.

Ала дашна кху тIаьхьарчу хенахь Веданан кIоштехь мосуьйттаза а дина цу кепара лелхийтарш - вер-ваккхар нислуш а,чевнаш еш а. Чоьхьарчу гIуллакхийн министаралло дерий а деш ,5-6 де хьалха ДаргIа юьртана юххехь герзаца тIелатар а динера гIаттамхоша Iедалан ницкъашна . Цу а,кхечу хиламаша шеконе дуьллу боху,цхьаболчу бозуш боцчу тергамхоша, махкахь тIемалой боцу хьесап ду бохуш официалан деш долу дIахьедарш. Цара кхеторехь,Iедалдайша мА-бохху уьш кIезиг цахиларан лач дахь а тоьшалла до ,хаддаза лоьцуш болчу тIемалойн агIончаша а .

Тхов латтош а.церан герз дIаIалашдеш а,. тIемалой аьтто бина аьлла бехк а кховдийна, 27 шо долу Iалхан юьртара вахархо лаьцна Соьлжа-гIалин кIоштан низамхоша. Цара чIагIдарехь цо дерий дина , цу кепара ледарло яьллера шегара аьлла.

Кху мангалан беттан 27-чу дийнахь ДегIастанахь талор дан араяьлла, ГIебартойн- Балкхарин махкара яхархо ,I9 шо долу йоI лаьцна Соьлжа-гIалахь. И лацар бакъдина министаро Алханов Руслана а. Дийцарехь цуьнгара схьаяьккхина экстремизман кхайкхамаш болу бехке литература а,иштта карийна гергарчарна лерина весетан кехат а.

Министарна хетарехь,цуьнан ца нисделлачу дахарх пайда а эцна,Iехийна-тилийна, низамхошна дуьхьала эккхийтар дайта, яла араяьккхина хилла зуламхоша йоI. Делахь а цхьаболчара тидам тIебохуьйтург ду ,масех мохк а хадийна иза дегIастана яха араялар,ГIебартойн-Балкхарин республикехь Iедалан герзахой боцуш санна.

Кху баттахь дуьххьара лоцуш яц Нохчийчохь, тIемалошца юкъаметтиг лелийна аьлла, оццул къона йоI. Кхо-диъ де хьалха Соьлжа-кIоштехь а сацийна полицин белхоша I9 шо хан йолу йоI. Цунна бехке диллинарг дара, тIемалойн хьашт-дезарш а луьстуш,церан могIаршкахь цхьа мур такхар.

И тайпа лецарш доцуш,мацах Оьрсийчохь, Петр Хьалхарниг паччахь волчу хенахь санна, мажош бахьнехь ,лецарш биста кхаччалц ,сингаттамаш бовла там болуш сурт ду тахана кхузахь тергаллуш. Цхьаболчу хаамийн гIирсаша гIардаккхарца, урамашкахь схьа а лоьцуш,ницкъала мажош дIайошуш хIума лелийна Хьалха-Мартанан кIоштехь.

Делахь а мажош дIаяшар юкъараллехь дийцаре деш делахь а,шуьйра даьржина а ду,Iедало къобалдеш а ду ала хала ду,официалан бакъдеш а,я харцдеш а цахиларна. Амма кхана,лама и дахаре дерзор дац ала а дац. Теркаца йолчу кIошташкахь меттигаш ю масала, мажош лелош болчу кегийрхойн цIерачаьрга ,» шайн берашка катоххий юьхь-марш дIацIандайта» бохуш , бевза-безачу низамхоша косташ кхехьийтина. Гарехь мажошна дуьхьала а тIеман операци дIаяхьа а гергга а долуш,мух-мухха а хьал хуьлчух тера дац Нохчийчохь.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG