ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Со йиц ма елахь, Нохчийчоь"


Нохчийчоь -- Газиева Азин "Со йиц ма елахь, Нохчийчоь" жайнан юьхь.
Нохчийчоь -- Газиева Азин "Со йиц ма елахь, Нохчийчоь" жайнан юьхь.

Нохчийн зударша къоман исторехь йоккха меттиг дIалоцу. Амма хьакъдолу дош царах аьлла дац аьлла хета царах жайна арахецначу журналистана Газиева Азина.

Махкахь гIарабевллачу зударех жайна арахецна Нохчийчохь. Цу тIехь, буьйцуш бу къеггина шайн дахарца а, Iилманца а сий долу нохчийн зударий. Оцу жайнан цIе ю, «Со йиц ма елахь, Нохчийчоь». Цу тIехь буьйцу зударий Насуханова Ляля а, Ахматова Раиса а, Айдамирова Марьям а, Чантиева Марьям а, КурумовгIеран йижарий а, иштта кхиберш а, махкахь дика бевзаш бу.

ХIаваан кеманхо, поэтесса, яздархо, меттан говзанча. Шаьш схьадалар долчу къоман лекха, сийлахь цIе йожа а ца еш дахар а, лелар а хилла церан. Цундела шена цхьана а агIор бакъо яцара аьлла хета и жайна яздинчу Газива Азина и болх цабан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG