ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрера вайнехан каде зударий


Нохчийн Венерчу кхачанан хIусамехь до чIепалгаш а, хингалш а.
Нохчийн Венерчу кхачанан хIусамехь до чIепалгаш а, хингалш а.

Маршо радионо кест-кеста дуьйцу, европехь бехачу вайнахалахь шаьш бехачу пачхьалкхашкахь тайп-тайпанчу тIегIанашна тIехь кхиаме белхаш а беш, вайн махкхошна а, меттигерачу бахарзошна а масала а гойтуш, кхиаме къахоьгучу наха лаьцна.

Зазадокккхучу беттан 8-чохь Венехь вовшахкхеташ бу юкъараллин белхаш беш а, мухIажаршца белхаш беш болу нохчийн зударий, аьлла, хезча, суна дагахь а дацара, уьш иштта дукха хир бу а, я уьш иштта, хьол со тоьлу аьлла, хаза а, хьекъале а, ша-ша дIаболийначу некъа тIехь иштта кхиаме а хир бу, аьлла.

Дуьненаюкъарчу зударийн дийнахь уьш вовшахкхетта хиларна делахь а, я и де Венехь маьлхан зIаьнарша къагийна, цхьа хаза деана хиларна делахь а, я уьш вовшахкхета йолу кхерч Венера цхьаъ бен йоцу нохчийн ресторан хиларна делахь а, шена чуьрчу чIепалгийн хьожаца а ур-аталла цхьа гергара, цхьа хьоме синхьаамаш кхуллуш йолу, амма цхьанакхетараллехь гулбелла болу и зударий боккъал а бан бара цхьа хаза нурлепаш.

Царна юккъехь тайп-тайпана хенаш йолуш, тайп-тайпанчу чкъурийн векалш бара, гIеметта хIоьттина, берийн бераш а долчу доьзалийн наношна тIера къона, хIинца-хIинца белхашца а, юкъараллин жигараллийца дуьххьарлера гIулчаш йогIучу зудаберашка кхаччалца. Бара иштта Iедалийн хьукматашкахь белхаш беш берш а, амма иштта шаьш шайна цхьа керла гIуллакх схьа диллина, йозуш йоцу институцеш дIакхоьхьуш берш а.

Масала, Камета боху къона зуда Каритас дикадаран юкъараллин тховкIелахь схьайиллинчу берийн бешан куьйгалхо ю. Сацита керла тIебаьхкинчу мухIажаршна Iуналла дечу хьукматехь болх беш ю. Ткъа Мадина Австрерачу нохчийн зударийн гулам цIе йолу юкъаралла кхоьллинарг ю.

Хьава Венера „Хилфсверк“ цIе йолчу хьукматехь болх беш ю, нохчийн мате гочдича „ГIо даран болх“ шех ала мегар долчу. Цуо иштта бовзуьйту Венехь гулбелла болу вайн махкахой.


Хьава: „ХIорш берриш а социалан белхахой бу, орамашкара дуьйна схьа и говзалла евзаш болу. ХIоргш берриш а вовшах кхетча, дикка ницкъа хир болуш. Ткъа ша-ша Iаччохь дан дезарг а, лелон дезарг а схьа а лаьцна, и белхаш вай дIакхехьча, и вайн мухIажарийн гIуллакх цхьана хорша дерзалур дара, аьлла хета суна, гIо оьшучарна а дикох гIо дан а йиш хир яра“.

Шаьш вовшахккхетаран Iалашонех кхин дIа иштта дийцира Маршо радионе Хьавас:

Хьава: „Уггаре а хьалха кхузара арабохуш болчу нохчийн нахана гIо дан хьажар, царна гIо дан агIо лахар ю Iалашо. ХIинцалца кхузахь Iийна, цIабахийтинчеран гIуллакхш цIахь дика хир доцийла хаьа вайна, церан цигахь хIуммаъ доцийла а хаьа. Вай ваьш кхузахь дика дIанисделла Iаш ду, ткъа дIанисбелла боцучарна гIо дан дезаш ду.

Шайн доьзалшкахь а, чохь а и хIума дийца а дуьйцуш, цуьнан ойланаш а еш, амма деш хIуммаъ доцуш Iер суна нийса ца хета. Изза митинг йина я кхиндерг дина, массо а неI тоха еза, цу нахана гIодархьама.

ХIораммо шега далург дан деза. Иттуза неI тоьхча, цхьайтталгIа тоьхначехь схьайоьллу ма олу муьлха а неI. Цхьана стагана гIо вайга даделча а доккха хIума дар-кх иза“.

Венерчу нохчийн цхьаъ бен йоцучу хIума юучу кхерчахь шаьш вовшахкхетар ларамаза дац, элира Хьавас. И кхерч юйла ца хуучарна иза йовзийта, могIарерачу австрихойн кафе я ресторан чохь гуллучул шен къоман нехан балхана я боламна белшашгIортор нийсох хир ду, аьлла, сацам бира шаьш цу чохь гулдала, боху цуо.

Хьава: „ХIора къомо шайн-шайн хIуманна белшаш ма гIортайой. Боснихой шайн ресторане боьлху, туркойн шайн ресторане. Вайн нохчийн кхача кечбеш меттиг кхузахь хилча, иза нахана йовзийта, вайнах кхуза эха болабалийта а лаар ду тхо кхуза дахкар.

ХIара кафе юйьцуш хаза а хезна, кхузахь хIун ду а хьовсур ду, кхечарна хIара меттиг йовзуьйтур а ю, аьлла, схьадаьхкинера тхо. Схьадаьхкича, кху чохь хазанесанна мерза, кIеда дина чIепалгаш а карий, мантеш а ю вуно чомехь“.

И йоллучу Австрера зазадоккхучу беттан бархIалгIачохь Вене дIагулъелла хилла йолу ткъех зуда, хIора а ша-ша схьаэцча а, тоьшалла лара догIу, дог ца дуьллуш къахьегча, хийрачу махкахь хIора а адам ша-шех жоьпаллехь хилла ца Iаш, ша схьаваьллачу къоман векал ша вуйла кхеташ хилча, юкъара хIума шен доларниг санна мехала а, деза а дуйла кхеташ хилча, аьттоне и болх хенан йохалла ца берза йиш йоцийла бохчун.

Шаьш ца тешачара, хоттийла Саците а, Маликига, Мадинига, Сийлахига, Таисига, Индирига, иштта дIа кхин а цу цхьанакхетараллехь шайна зеделларг дийца а, кхечарех дагабовла а гулбелла хиллачу зударшка.
XS
SM
MD
LG