ТIекхочийла долу линкаш

Яралиев Юсуп: "Нохчийн яздархойн аз хезаш дац тахана Нохчийчохь"


Кху тIаьхьарчу хенахь Нохчийчура хьал дуьйцуш а, нохчийн къоман кхолламах лаьцна ойланаш еш даиман а дага догIу къоман дахарехь яздархоша дIалоцучу меттиг а, цуьнан ша башха адамийн ойланашна Iаткъам бан йолчу таронах лаьцнарг а.

ХIун меттиг дIалоцу таханлерчу Нохчийчохь нохчийн поэташ а, яздархоша а бохучух ойла еш ву нохчийн вевзаш волу поэт, яздархо, Маршо Радион аналист Яралиев Юсуп. Яздархойн аз хезаш дуй тахана Нохчийчохь аьллачу хаттарна жоп луш долийра цо шен къамел.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG