ТIекхочийла долу линкаш

Ненан меттан мехалла кхето генахь бу дукха кегийрхой аьлла хета цхьаболчу говзанчашна.

ХIора шарахь, иза а кху карахь болчу оханан баттахь нохчийн меттан де аьлла кхайкхийна 25-гIа де герга кхача доьлча хьасартне хьехо боккху Iедалхоша ненан мотт. Жигара бийца боккху иза тIаккха доьшийлашкахь а, хьаькамийн аьллар-лаарца Iедалан хьукхмат-урхаллашкахь а.Ткъа вуьшта шеран II баттахь сов иза оьрсийн матто бечу тIеIаткъамо гIелонехь латтош бу. И мел бух болуш делахь а, дацахь а къеггина гуш ду телерадиохь а, зорбанехь а, Iедалдайша дечу чулацамечу къамелашкахь а. ЛадогIархойн лерса хьоьстуш, хIара мохк,хьал ца хуучунна оьрсийн беха цхьа кIошт ю а мотталур долуш, шовкъе бекош берг оьрсийн мотт бу. Хаарш шордан а,дуьненах кхиа а, ур-аттал юургаш ян а, безам балхо а вайнахана оьрсийн маттахь Iамош ду. Цу декъехь, хIара дешнаш Гайтукаева Банас яздина 30 шо гергга зама яьллехь а, ненан маттах пайдаэцар, иза дезар а дина, дахаре берзор кхин а галдолуш схьадеънехь бен дикачу агIор хийцаме даьлла хIумма а дац аьлла ойла-хьажам берш дукха бу. “Вайн заманан нохчийн мотт” цIе йолчу байтехь Гайтукаева Банас ирахь Iачу йоIа а, кIанта а дина къамел ду далийнарг:

И,кстати,сегодня вайн праздник ду. Ой чуть не забыла, хьо декъал хуьлда. Тахна вайн девзина шо дузуш ду.

-Баркалла. Я тоже..Хьо а декъал хуьлда. ХIара вечер а шатайпа прекрасный ю.

Ты знаеш, сан дагчохь цхьа радость ловзу. Понятно, хьомениг, хьо соьца ю.

-Мне тоже порою кажется ишта, Ты рядом-а значит со ирсе ю,… иш. кх. дIа а.

Цунах, гIелонехь болчу ненан маттах лаьцна,сан къамел хилла Оьрсийчоьнан суртдиллархойн кхеташонан декъашхочуьнца,нохчийн меттан а,японхойн поэзин а говзанчица, гочдархочуьнца,институтан хьехархочуьнца Пашаев Абуца. Кегийрхойн, лакхарчу доьшийлийн студентийн дахарехь нохчийн матто дIалоцучу меттигах,билггал шена хуъчух а, зеделлачух а дуьйцург ву Пашаев Абу.

Абу: “Ас гайтам бира институтехь японхой поэзех тIетевжийла а,гIортор а йина. Сан Iалашо хIуна яра? Дера яра нохчийн меттан шорто, кIоргалла гайтар, ненан мотт хьалдолуш, дахаран ах хилар. Оцу дахарехь долу гIиллакх,эхь-бехк,оьздангалла –дерриге а вайн маттаца хилар. Кегийрхошна и гучудаккхар яр-кх сан Iалашо, и тIеIаткъам дIагайтар. Ас цхьайттта шарахь сов бина болх а бара иза, проект яра шатайпа. Цхьана Iилманчо аьлла-кх: “Некъ бинчунна хуур ду некъан хьал, нагахь цо жамI динехь”.. Нохчийн мотт а, нохчий а безар дар-кх доцца аьлча.”

Маршо радио: Хьайн лехамна жоп карийн хьуна кегийрхошлахь. Цара муха тIеийци ахь кхолла гIортийна сурт?

Абу: " Деллахь, бакъдерг аьлча цара ас хIун дуьйцу ца хиира. Дукха бацара кхета гIоьртинарш. Сан белхан накъосто элира соьга, ша схьабалабай студенташ. Ас схьа ца балабайтира. Уьш ницкъала балабар суна дазлур дара, со баттара вала гIертар вара. Дериге а маттах дозаделла ду. Цунах дIа мел хердели а кхидерг,къомана мехала а,деза а мел хилларг ша-шаха дайлуш,дIадолуш ду.. И ду лазаме.."

Нохчийн мотт «Iуьллучуьра» гIатто а, цунах шуьйрачу маьIнехь пайдаэцийта хIун дан деза а хуурш соьца къамел динчу Пашаев Абуна хетарехь чот йоцуш дукха бу яздархошлахь а, Iилманчашлахь а, амма цунах дезар а дина дайн а, дедайн а пхьалгIа довла” хан хиллачух тера дац хIинца а. Абус ма аллара аьлча «ненан мотт когабахаийта» некъ бац гуш.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG