ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн кино яккхаре ладоьгIуш бу вайнах


Нохчийн кино яккхаре ладоьгIуш бу вайнах
Нохчийн кино яккхаре ладоьгIуш бу вайнах

Советан заманахь а Нохчийчохь яккхийн исбаьхьаллийн фильмаш йохуш цхьа киностуди яцара. Луларчу ХIирийн махкарчу студино бора и болх. ХIу бахьанаш дара ца хаа, амма иза доьзна дацара вайнахана юкъахь и корматалла йолуш нах ца хиларца. Гарехь, нохчийн дийца а, ала а, шортта хIума долун дела, церан амал евзаш дина а хила мега иза.

ХIета моьттина хира дара, кино яьккха гIирс а, паргIато а елча, вайнаха, Совета Iедалшца шай хиллачу юкъметтигах лаьцна кинош йогIура яра аьлла. Амма, хIинца, и паргIато тIееъча а, яц уьш яхна. ТIамех лайначу халонех, гуманитара агIорар бен дуьйцийла яц, ткъа, дIадуохадар хьахош, дукха кIорге кховдар а дезар дац, тIехьожучарна. Уьш хилар-м цхьа а шеко яц.

Цундела, нохчаша, шорта комедеш яха еза. Кинон и жанр къоманна уггаре а уллера ю аьлла хета, нохчийн актеран Исраилов Хож-Баудинн.

Исраилов Хож-Баудди: «Вайна чIогIа, сатиран а, юморан а кинош еза. Къаркъа дохкар дика дац бохуш дуьйцуш ду-кх вай. Цуьнах альцна кинош яха еза вай. Иза мала деа бохург дац. И хIума лелийча, хуьлуш дерг хIун ду, цуьнах хIун пайда болу, хIун зулам хуьлу- из аду вай гойтуш дерг. Ишшта хила дезаш ду. Цундела, вай нохчашна, кино оьшуш тахан санна зама еъан а яц».

Исраилов Хож-Баудис а, Исламов Султана а, дукха хена дуьйна, йоккхуш яра «ЦIуци-муцIи» а, «ХIапар-Чупар» а цIераш йолу беламийн видеорликаш. ХIинца керла дош «скетч» олу цуьнах. Дукха хан йоцуш, цу шиммо, юха а болийна цу тIехь болх. ХIара тIом балле, юккъараллехь долчу муьлха а кхачамбацарех дийца йиша яра, амма, хIинца, кхечу агIора ду боху Исралов Хож-Баудис.

Исраилов Хож-Баудди: «ХIара тIом балле, схьалаца дийца шорта хIума а дар. ХIуъа а ала йиш а яр.Ткъа, тахан Нохчийчохь, цхьадолу хIумш дийца йиша яц. Адам кхетар дац олу. Мелхо а , адамна гайта дезаш ма ду иза. Цуьнах сатира олу, юмор олу. Ткъа, вай нохчийн хилла ма ду, денна-нанна аьлча, оьгIаз воьдуш, ткъа забар йича, оьгIаз ца воьдуш. Ишшта хила а деза».

Нохчийн кинох сагаттдеш ву, махкахь воьвзаш волу журналист Хасимиков Сулбан а. Тахана, оцу тIегIан тIехь кхолладелчу хьолан, цо ишшта мах хадабо.

Хасимиков Сулбан: «Тахана хьал, Совета Iедал хичлу хенахьчулла, кхин хьалдаьлла ду аьлла ца хета суна. Лаам бу муьлха а нохчочуьнца вистхилча, кино яьккха сценарий санна, дагчохь хIумш ду. Кегий нах а бу, шорта, и корматалла езаш а, цунна тIегIерташ а. 100-200 шен долахь йолу киностудеш ю кхузахь. Цара, шарахь а, шина шарахь а, хIума йоккхуш ялахьарий, вай дийца а, гайта а шорта хIума дар».

Хасимиков Сулбан дукха хан йоцуш кхоьллинчу «Грозный-фильм» цIе йолчу киностудийн цIарах яьккха йолийна нохчий буохорх лаьцна йолу исбаьхьаллийн фильм. Ша болу болх Шуьйта кIоштехь, Нихлахь дIахьош бу. Цу тIехь къахьоьгуш бу, Москохара кхайкхина режиссер а, кинояьккхаран тоба а, цхьаболу актераш а.

Хасимиков Сулбан: «Оцу фильман «Чим» аьлла цIе ю оха цкъачуьнна лелош. Иза яьккха Москохара говзанчаш бу кхайкхина. Эркенов Хьуьсейн ву режиссер. Кхарачо а ву.Кхечаьрца и къамелаш деш, дукха къа а хьегна. Уьш, цхьаберш кхуза бахка лууш а бацар, Нохчийчохь Къемат де ду бохуш. ХIинца уьш кхуза схьа а кхаьчна, и болх оха дIа а болийна».

Нохчий дIабохорах лаьцна кино йоккхуш а, меттигера режиссер а, кхинболу говзанчаш а хIунда ца озийра аш оцу юккъе, аьлла деллачу хаттарна, ишшта жоп делира Хасимиков Сулбана.

Хасимиков Сулбан: «Ала деза, болх дIаболабелле, тхуна лиънера, режиссер а, оператор а, сценарист а, нохчи хира вацар теша аьлла. Тхуна уьш ца карийра вай республикехь. Цхьацца барт бан гIерташ, оха къамелаш дира Татаев Илесца, ХIирийн махкарчу студийца а.

Кхечанхьа, дозаналла дехьахь а, лийхира оха. Тахана хаа тхуна, Нохчийочхь кино йоккхуш говзанчаш кIезга буйла. Кино йоккхучу хенахь, ши дечка вовшахтухуш хIуьлу-кх.Ур-аттала иза дан а стаг оха Москохара вало дийзира тхан».

Нохчийчохь кху тIаьххьарчу заманахь, кинош яха, кхиийна а бац. Доьххьара цхьа кино яьккхина, «Хиро» цIе йолу, нохчийн цхьана тобано, амма, критикаш цунна дика мах ца хадийна. ХIинца, Iедалш гIо-накъосталла а деш, яьккха кечъеш ю, Кадыров Ахьмад-Хьажех лаьцна йолу исбаьхьаллийн фильм. Цуьнан режиссер а Бондарчук Федор хир ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG