ТIекхочийла долу линкаш

Нохчашна ТIехь Йина Геноцид Йицъян Мегар Дац


Брюссель-- Европарламентан байракх, 2004

Брюссель-- Европарламентан байракх, 2004

Официало далочу терахьашца 1944-чу шеран Чиллан-баттахь а, Зазадоккху-баттахь а Нохч-ГIалгIайчура дIавигинарг хилла 496 эзар сов стаг. Царах 411 эзар стаг дIакхачийна Казахстане, 85 эзар стаг - ГIиргIазойчу. 8 шо хьалха, 2004-чу шарахь Чиллан-беттан 26-чу дийнахь, нохчийн къам Сибрех дахийтар, цунна тIехь йина геноцид яра аьлла, сацам бира Европан парламенто.


Амма историкаша чIагIдарехь, даймахкара дIабигинчу вайнехан терахь хилла 650 эзар стаг. Эзарнаш-эзаранш нохчий а, гIалгIай а байъина салташа а, НКВД-н белхахоша а «Чечевица» цIе а тиллина и операци дIахьош.

Иттаннаш эзарнаш кхелхира бежанийн вагонаш чохь луьрчу Iай Сибрех дIакхалхош цамгарех а, шелонах а, мацалла а. Махках баьхна 13 шо доккхуш кхелхина лаххара а 120 эзар стаг. Тахана Нохчийчохь цхьа а доьзал бац и къематде тIедеъначу заманчохь гергара стаг валаза.

1944-чу шарахь массо а Советан пачхьалкхан картанашна тIера дIаяьккхира Нохч-ГIалгIайн автономин республика. Цуьнан метта гучуелира Грозненская область олуш йолу кIошт. 1957-гIа шо тIекхаччалц «нохчо», «гIалгIа» боху дешнаш лелочуьра сацийра документаш тIехь а, зорбанехь а, литературехь а.

1957-чу шарахь Дечкен-беттан 9-чу дийнахь Нохч-ГIалгIайн автономин республика юхаметтахIоттийра шен указаца Советийн Союзан Лаккхарчу Кхеташонан Президиумо.

1991-чу шарахь Советан пачхьалкх йоьхначулла тIаьхьа Оьрсийчохь тIеийцира репрессеш лайначу къаьмнашна реабилитаци ярх долу низам. Амма, ма-дарра аьлча, цхьа а реабилитаци а ца йира царна Iедалша. Мелхо а, Нохчийчоьнан территори тIехь конституцин къепе юхаметтахIоттайо, аьлла, тIом болийра Оьрсийчоьнан Iедалша 1994-чу шарахь.

Кхин а 5 шо даьлча шолгIа тIом болийра. Иза дIабоьдуш а болуш, 2004-чу шарахь Чиллан-беттан 26-чу дийнахь нохчашна тIехь 1944-чу шарахь йинарг геноцид яра, аьлла, сацам бира Европарламенто.

Коьртачу декъана и сацам тIеоьцуьйтуш жигара дакъалаьцнарг вара Европарламентан депутат Дюпьюи Оливье, бохуш, дуьйцу Нохчийчоьнан Литвахь векло хиллачу Саиева Амната.

Саиева: Европарламентехь 2004-чу шарахь тIеэцна долу хIума, нохчийн Сибрех бахийтина йолу акци геноцид яра, аьлла, тIелацар нохчашна баркала ала догIуш дина хIума дацара. Цигахь хьалхабевлларш бара Европарламентан декъашхой.

Уггара хьалха ваьлларг Дюпьюи Оливье вара. ХIинца иза Европарламентехь вац. Амма оцу хенахь нохчийн хаттар Европарламентехь дийца бохуш, мацалла хьогуш, кхача ца бууш бутт сов хан яьккхира цо, арахь охьахиина.

Саиева Амнат, деша а дешна, дипломат ю. Ичкерин Iедалехь арахьарчу гIуллакхийн министраллехь болх беш яра иза. ХIинца Ичкери яцахь а, дуьненаюкъарчу форумашкахь жигара дакъа лоцу цо нохчийн къоман лазам дуьненаюкъаралле дIакхачо гIерташ.

Нохчийн къам дохадар бицбан йиш йоцу бохам бу, бохуш, дуьйцу Саиева Амната.

Саиева: "Геноцид, тIаьхьа а ваьлла, листа дезаш хIума ду. Геноцид латторах йолу филмаш а, дуккха а информаци а ю, схьагулъян аьтто болуш. Кегийрхой баккхий хилча а, кхин хенаш яьхкача а, иза схьаэца а, цуьнца болх бан а кхин нах хир бу. Ткъа хIинца и информаци гулъян езаш ю.

Кху тIаьхьарчу 20 шарахь нохчашца хилларг а, цул хьалха хилларг а дийца дезаш хIума ду. Интернетехь хилларг схьаган аьттто бу. Дуккха а видеофилмаш а ю, информаци а ю, наха дуккха а хIуманаш а дуьйцу. Кхера-м кхоьру цхьаберш. Дукхах берш кхоьру.

Дийца а ца лаьа. Кхузахь, со Iаш йолчу махкахь, схьакхаьчна дуккха а нохчий бара. Цхьа а хIума дийца лууш бацара уьш камерана хьалха. ЧIогIа лууш яра со цаьрца хилларг а, церан гергарчу нахаца хилларг а, царна дайнарг а дIаяздан. Цхьаммо а ца дийцира-кх соьга иза.

Цуьнах ас чIогIа тамаша бо цхьана агIор. Вукху агIор, ларбала гIортар чIогIа ду нохчийн. И бахьана долуш сецаш хир бу-кх уьш.

Нагахь санна, вай дай бицбахь, вайн доьзалша вай а дицдийр ма-ду. Иза дицдан йиш йолуш дац. Бакъдерг аьлча, 200 шо хьалха хилла долу хIума дукха дуьйцу вай. Интернетехь а, вайн яздархоша а и 200 шо хьалха хилларг чIогIа дуьйцу, яздо.

100 шо хьалха хилларг а яздо. ХIунда аьлча, иза охьадиллина ду, паргIатдаьлла ду. Иза дийца паргIато ю. Ткъа таханлера де дийца хала ду. ХIинца а дукха хан ца яьлла дIа. Дукха нах бу тIамо, вочу хIумано дог Iовжийна. Цундела иза дийца хала ду.

Суна сайна а ду иза хала. Цхьацца долу хIума хьожуш а, доьшуш а со ца Iан ло, сан дог лаза долу, сан бIаьргех хиш довлу. Кхечу нахана а хуьлу хир ма-ду изза. Амма хан йогIур ю дуьйцуш.

Дукха хан а юьйр яц цу юкъа, хIунда аьлча, кху Европе схьабаьхкинчу нехан доьзалш доьшуш бу. Церан ойланаш муха ю а хаьа суна. Цара хIун дийр ду хаьа суна. Церан доттагIийн ойланаш а хууш ю суна.

Цундела иза дицдийр дац. 100 шо, 200 шо, бохуш, Iиллор а дац. Яз а дийр ду, дуьйцур а ду. Иза дийца дезаш а ду вай, тIекхуьуш долчу чкIорана иза хаийта. Иза дицдан йиш йолуш дац, иза юха ца хилийта!"

Советан пачхьалкх йоьхча, 1991-чу шарахь нохчаша уггаре хьалха дIакхайкхийра шайн маршо. Цара гайтира шаьш Оьрсийчоьнан Федерацина юкъара дIадовла лууш хилар.

Иза, цхьа а шеко а йоцуш, доьзна дара дерриг а къам 1944-чу шарахь дохийна хиларца. Вайнахана диц ца деллера шаьш махкахдахар. Уьш ларбала гIерташ бара и тайпаниг юха а хиларх. Ала мегар ду, и бохам бахьана долуш хилла бу Нохчийчохь ши тIом а, карарчу хенахь цигахь лаьтташ долу хьал а.

Дерриг къам дохийна махках даккхар диц цадалар тахана а дехаш ду хIора нохчийн доьзалехь, баккхийчара шайн тIаьхьенашка а кхийдош. Европарламенто 2004-чу шарахь иза геноцид хилар даре дарх тахана пайдаэца йиш яцахь а, иза чIогIа маьIна долуш акци ю, бохуш, дуьйцу историн Iилманча волчу Абумуслимов Сайд-Хьасана.

Абумуслимов: "Цуьнан мах лаккхара хадор бара ас, иштта аьр вай, хинболу мах. ХIунда аьлча, иза тIеэцна дикка хан яьлла, амма цуьнах боллу политикан пайда гучубаьлла бац. Амма иза дац цуьнан цхьа а мах а бац, цунах пайда а хир бац, бохург.

Оцу Европарламентехь йолчу пачхьалкхаша шайн цIарах тIелаьцна геноцид ю хIара. Цуьнан политикан а, моралан а, финансийн а маьIнаш схьаэцча боккха мах хир бу цуьнан тIейогIучу ханна. Вайн мохк паргIат баьлча, оцу тIера дIакховдо".

Вайна ма-хаъара, Оьрсийчохь махках даьхна хиллачу къаьмнашна реабилитаци ян еза, аьлла, тIеэцна долу низам кхочуш а ца деш дисина. Амма хенан йохалла и геноцид ярна Советан Iедалан тIаьхьалонча долчу Оьрсийчоьнан Iедало жоп дала дезар ду бохучух тешна ву Абумуслимов Сайд-Хьасан.

Абумуслимов: "Вешан пачхьалкх вайн хиллехь боккха пайда бер бара цунах, хIунда аьлча, вайна геноцид йинчу пачхьалкхера бакъо схьаэцна пачхьалкх Оьрсийчоь хиларе терра, дIакховдо бехк бара".

Iаьнан юккъехь, кара хIума ца оьцуьйтуш, чуьра арабаьхна, махках бохочу нахана тIехIоьттинарг баккъалла а ирча де хилла. Иштта дагалоьйцу оцу баланах чекхваьллачу Шелан вахархочо Гизиханов Султана.

Газиханов: "Дийнахь-буса цкъа аравоьдийла хуьлура. Зударий а, бераш а, боьрша нах а, цхьаьна охьа а хевшина, шайн гIуллакх дан дезаш бара. Адамех хьайбанаш динера цара. Хи цкъа бен ца оьцуьйтура.

Иза а тоьаш а, ца тоьуш а меттиг яра. Новкъахь цхьаъ кхелхича, дакъа оцу меттехь охьа а дуьллий, дуьтура. Кхин деш хIума дацара оха.

Ткъа оццул бала хьегна болчу нахана шайна тIехь йинарг геноцид яра, аьлла, даре дар чIогIа мехала ду, Оьрсийчоь и сацам хьулбан гIертахь а, аьлла, хета историн Iилманчина Абумуслимов Сайд-Хьасанна.

Абумуслимов: "Вай бехк дIакховдо безаш бу. Вайна тIеийзо дезаш дац иза. Вайн махкахь Iийна ду вай. Нехан махка дахана дац. Вай психологин агIора мах хадийна хилча бегIийла хир дар , аьлла, хета суна.

Вайна цуьнан маьIна хууш хилча, бехкаладаханчу позицина тIера дIа а девлла, мелхо а, уьш бехкебечу позицина тIе довлахь, пайда хир бу, аьлла, хета суна. Цхьана а гIазкхийн хаамийн гIирсо иза хьахош а дац.

ХIунда ду иза иштта?! Цунах кхидолчу къаьмнашка пайда ца эцийтархьамма ду. Иза хаа а хиина, вай буьцуш болу пайда цу къаьмнаша оццу Оьрсийчоьнан пачхьалкхе дIакховдорна кхоьруш, хьулдина ду иза, доцуш санна".

Кестта хир болчу Оьрсийчоьнан президентан харжамашна кечамаш беш ду Нохчийчуьра Iедалш кху деношкахь. Амма нах тешна бу, тахана оцу республикан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна тIехIоьттина волчу Путин Владимирна 100 процент хиллал кхаьжнаш лург хиларх меттигерчу харжамийн комиссино.

Амма тахана цу кепара кхаж тосу цара, бохуш, нохчашна тIехь еш ерг моралан геноцид ю, аьлла хетарш къезиг бац, къаьсттина махкал арахьа бехаш болчу нахана юкъахь. Амма Нохчийн юкъараллан жигархочунна Саиева Амнатана кхечу агIор го и сурт. Нохчий къад белла цу тIамех а, цу политиках а, бохуш, дуьйцу цо.

Саиева: "Нохчийн, хIинца тхо дитийша, шайн гIуллакх дейша, оха тхайн гIуллакх дийр дара, аьлла, иштта цхьа ойла хир ю, аьлла, хета суна. Ас буьйцурш дукхахболу, кхаж тосуш болу нохчий бу.

Нах къадбелла. Вониг дицдан лууш бу уьш. Кху аренца Iаш болчу нохчашна иза новкъа хета, хIунда аьлча, оцу Путина болийначу шолгIачу тIамо нохчий хIаллакбина, аьлла, хета. Нохчийн психологи ю, шена го беш, тхо - тхо ду, шу - шу ду, олий. ХIинца долу хьал иштта ду, аьлла, хета суна.

Цара-м эшахь 200 процент а тосур яра... Нах къадбелла, вочух къадбелла. Цундела сачудаийта гIерта. ХIинца цIера схьаоьхуш бу цхьаццаберш. Кхузахула, Литвахула, чекхбуьйлуш, дIаоьхуш болчу зударшка ас хеттарш до.

Оцу харжамех лаьцна а хаттар дина ас, хIу ду хуьлуш дерг, аьлла. Цара бах, цхьаццаберш боьлхуш а хир бу цига кхаж таса, амма дукхаберш шайн цIахь Iа. Амма цхьа хIума ду. Шайн бала бицбан гIерташ, массо а болх бан гIерташ, тасавелла ву.

Массо а шайна таро ян гIерташ ву, хIунда аьлча, массеран а цIенош дохийна, торо дIаяьккхина, могашалла а дIаяьккхина. Могашалла тоян гIерташ, дахар дIанисдан гIерташ лелаш бу, бах, нах. Кхин харжамашца а, кхечуьнца а гIуллакх долуш а бац".

Сибрех вайнах дIахьажор геноцид яра, аьлла, тIеийцира Европарламенто шен сацам. Иза тIеоьцуш цхьанакхеттачу Европан депутаташ тIетевжира 1907-чу шарахь тIеэцна йолчу йоьалгIачу ХIаагерачу конвенцина а, ткъа иштта 1948-чу шарахь Цхьанакхетначу Къаьмнийн Вовшахкхетараллан Инарла Ассамблеяно тIеэцначу геноцид ярна дуьхьал а, иза ярна догIучу таIзар а лаьцна йолчу Конвенцина.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG