ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу Дарбанхига Кхочуш Хи Дац


Нохчийчуьрчу Дарбанхига Кхочуш Хи Дац
Нохчийчуьрчу Дарбанхига Кхочуш Хи Дац

Серноводская цIе йолxу газ тоьхначу дарбанхино дашо мидал яьккхина хIора шарахь Москох дIахьочу «Продэкспо» цIе йолчу дуьненаюкъарчу гайтамехь.


Цуьнах лаьцна хаам бинарг ву и хи доккхучу заводан куьйгалхо Дергизов Алихан. Москох гайтамехь Нохчийчоьнан Iаьржа лаьмнийн кIажошкара доккхучу хинна лаккхара мах хадийна, бохуш, чIагIдо цо.

Таханлерачу дийнахь оцу заводехь арахоьцуш ду 10 тайпа газ тоьхна а, тохаза а хиш а, тайпа-тайпана муттанаш а, шелдина чай а. Ишшта цигахь деш ду «КРА» цIе йолу энергетикан малар.

Меттигерчу телевизионехь цуьнан реклама а ю шуьйра яьржина. Иза хIора сарахь аьлча санна гойтуш ю, эцархой шайна тIебоьхуш. «КРА» цIе хIунда тиллина, ца дийцича а, хууш ду цуьнга ладуг1уш болчарна.

Оцу рекламан маьIна ду «КРА» санна гIора а, ницкъ а болуш хир ду шу, нагахь аша иза малахь бохург. Ткъа, гIора луш долчу энергетикан оцу маларан дукха лахара мах хадабо иза меллачара.

Цул сов, махкахь могушаллин министро таллам дIахьош бу дегIана гIора луш долу и маларш, адамана зене ду-дац хьожуш. Гарехь, и малар бен дегIана кхин дика а, аьхна а я хи а, малар а хир дац, аьлла, сацам бан а сахьт дац, бохуш, забарш йон наха.

Нохчийчохь тахана хи дохкарца йолу бизнес чIогIа яьржина ю. Лаьттан бухулара хьала долу хи шишанашна чудоттар а бен кхин харж а ца хуьлу. Цундела цу заводашкахь дукха нах бац болх беш, долахочуьнан гергара масех стаг воцург.

«Серноводская» хино дашо мидал яьккхар баш нохчийн экономикехь дIоггара боккха толам а ца лора наха. Цуьнан мах хьалабалар бен кхин дикачу агIора тIаьхьалонаш хир ю, аьлла, ца хета царна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG