ТIекхочийла долу линкаш

МухIажирш бац, йохк-эцархой бу


Zara цIе йолчу нохчашна дукхаезаш йолчу туькан белхахо ю бедарш тIекхоьхьуш.

Zara цIе йолчу нохчашна дукхаезаш йолчу туькан белхахо ю бедарш тIекхоьхьуш.

Европехь шарахь массийтаза мехаш охьа а дохий, туьканашкара хIума йорахох дIаюхкуш Iедал ду цу туьканийн дайн. ХIинцалца схьа доллучу дуьнентIера, Нохчийчоь дIаяьккхичахьана, нах оьхура цу муьрехь шайна мехах тIеюхург эца. Амма хIинца эххар а вайнехан а жим-жима аьтто болуш бу, цу кепарчу шоп-турашка Европе эха, бохуш, дуьйцу Азимова Сийлахас шен материалехь.

ХIинцачул ткъех шо хьалха цхьа инзаре генара, цкъа а кхочур вац аьлла хетачех меттигаш лору вайнахалахь Европеранаш. Советийн эскаршка бигинчура социалистийн пачхьалкхашка, я Малхбалерачу Германехь я Чехехь - хан яьккхинчу кегийчу наханий я комсомолан-партин агIор цхьацца путевка -хIума нисъелла дозанал аравала аьтто хилчарний бен гина а, я гур бу аьлла хетта а мехкаш бацара Малхбузера Европеранаш.

Амма йоццачу хенахь зама а керчина, хьелаш а хийцаделла, адамийн амалш а, церан хьашташ а хийцаделла. Иштта, масала, масех шо хьалха ГIалийтIа базара я, мел гена а, Хасав - юрта вахана хIума эцар гуттар а деза а, харжаш езаш а хIума лоруш хиллехь, хIинца Италера я, Францера, я Германера шайна тIеюхург эца бахка таро ю вайнахалахь дуккхаъчийн.

Нагахь санна Итале-м механа еза а, люкс -барамера ларалуш йолу а бевзаш болчу дизайнерийн тIелхигаш эца а, уьш юхайохка а оьхуш болчу нохчийн зударша некъ биллина дуккхаъ шераш делахь, керла лара мегар ду Германе а, Белге а, Австре а шайн шаьшна тIеоьха а, совъялларг йохка а олий, оьхуш берш.

И нах, дукхахьолехь, шайн хьалхехьуо Европе схьабаьхкина, дIатарбеллачу гергарчарна тIе богIу. Доккхачу декъехь цара векалташкахула официала хьошалгIа кхайкхаран кехат а дохьийтий, схьайоьллуш хуьлу царна визанаш а.

Ишттачех ю Соьлжа-гIалин яхархо, 47 шо долу Яха, кху деношкахь Вене хьошалгIа а, цуьнца цхьаьна аьхкенан мехаш охьадаларехь хIума эца еана йолу. Яха хIинцале а ялх-ворхIаза хилла Европерачу тайп-тайпанчу пачхьалкхашкахь, турист санна а, хIума эца яхна а.

Шена а, шен доьзална а тIейоха хIума эца ваха луучунна уггаре а дика меттигаш Италий, Австрий ю бохуш дуьйцу цуо.
Механа цIахьчул дуккхаъ санехь ду Европехь тIеюху хIума эцар, боху Яхас.

Яха: „Кхузахь харжамаш цIахьчул дукхох хуьлу. Мехаш борахох а хуьлу. Берийн хIума а дуккхаъ йорахох нисло. Кхузар ас яьхьана, дIайоьхкинчу хIуманна тIедаьллачух беркат а дикох хуьлу суна-м. Цхьацца йохк-эцар ца лелийча, сан кхин дан хIумаъ дац цIахь.

Некъана долуш дерг а, оццу Москох воьдуш долучул кхин башха дукха ца долу кхуза вогIуш. Цундела кхуза схьайогIу-кх со, туьканашкахь хIумнаш, мехаш охьа а даьхна, дIасаюхкучу муьрехь, сайна цхьацца хIума а оьций, цIайоьду.

ТIаккха берашна а, сайна а, хIусамдена а цхьацца хIума буха а юьссу, харж метта а хIуттуш“.

Германи а дика йуьйцу Яхас, масала, берийн хIума эца, амма баккхийчеран духарш вайнахалахь лелош дерш пайдана ца кардо Германехь, бохуш ду Яхин зеделларг. Зударийн мачаш-м муххале а хазаниш цигахь карране а караъ ца йо, бохуш дуьйцу цуо еларца. Цхьа ша-тайпа, когана аьхна хилчахьана, хазалла хьеха а ца еш йина хуьлу немцонй мачаш, бохуш.

Ткъа дукха буй те иштта, болх ца хеташ, Европе шайна а, шайна совъялларг йохка а дагахь некъаш деш нохчий? Шеца богIу-боьлхуш дуккъаъ нисло зударий, бохуш, дуьйцу Яхас. ТIаьахьарчу хенахь-м муххале а, Соьлжа-гIалара Европерачу гIаланашка дIасалелаш автобусаш яьржичахьана.

Яха: „Соьца хийла нисло воьду-вогIург. ГIалара автобус ма юй кхуза дIасалелаш. Цуьнца а догIу тхо, цхьаъ-шиъ вовшах а кхетий. Кеманца а лела. Кеманца-м харж алсам хуьлу, бакъдерг аьлча, юха багаж дукха тIеяккха а йиш ма яций кеманна. Ткъа автобусца тхайгахь ерг тIе а юьлий, паргIат дIадоьлху тхо“.

Муьлхарчу мехийн сегментера хIумнаш хуьлу лерина Нохчийчуьра Европе шайна а, шайн доьзалшна а тIе-кога йоха эца оьхучу наха хоржуш ерш? Яхас ша механа гуттар а йорахчу туьканашна тIера дIа уггаре а езачу, „люкс“ категорешна тIекхаччалца оьцу, бохуш, дуьйцу тIелхигаш.

Яха: „Берийн хIума ас йорахниг оьцу. Езачу фирманийн хIумнш ас сайн берашна ийъа а ца йо. ZARA а, H&M, Benetton а, иштта оцу туьканашкара оьцу, мехаш охьа даьхначу хенахь. Ткъа баккхийчарна езачу туьканшкара оьцу. Соьга со йогIуш лерина шений-шений хIарий-хIарий ялахь, олий, дина билгал дехарш а хуьлу. Масала, Луи Виттон (Luis Vuitton) тIоьрмиг баьхара ас хьалха йоьдучу хенахь, лерина сайн некъах яьлла харж меттахIотторхьама.

Иза ас дIабоьхкира, цунах схьадделачух ас сайн кхин цхьа тIоьрмиг ийцира, сайна лелорхьама. Цул совнаха, тхо аутлеташка доьлху. Цигахь езачу фирманийн хIуманаш лахабаьхначу мехех хуьлу. Цигахь хьайна а, бовза-безачарна а совгIаташна хIума эцар чIогIа санехь хуьлу. ХIинца, масала, вайн цIахь цхьана туьканчохь кхин мах охьа ца боккхуш, масийта шарахь хьалакхозуш хуьлу-кх цхьа хIума.

Модера дIаяьлча а, сезон дIа яьлча а, коллекци ширъелча а, цкъа йорахох а ца хуьлуш. Ткъа кхузахь Керла шо тIекхочуш а, сезонаш хийцалуш, аьхке-гуьйрей къаьсташ а мехаш охьадоху. Iай аьхкенан тIелхигаш йорахох дIаюхку, ткъа аьхка – Iаьнан ерш. Цундела дуккхаъ санехь ду кхузахь хIума эцар, вайн цIахьчул.

Брендийн хIумнаш, масала, Гуччи я Кавальи, я Этро – и тайпа хIума а хьо ас кхузара. Ца хьо, вуьшта мах бечу зударша санна, партешца а, дийна таппашца а. Цхьацца-шишша, цхьаъ сайна йитича, вукханах схьаделлачо сайна и харж юхаметтахIотор йолчу агIор хьо-кх“.

Нохчийчохь юкъараллин доккхох долу дакъа пенси доцург, кхин хIара аьлла тIедогIуш рицкъанаш а доцуш, халчу хьолехь дехаш хилар къайле яц цхьанна. Официала терахьашца а, нийса ах болхбечу хенара нах болхбоцуш бала хьоьгуш бу.

Ткъа цу хьелашкахь шарахь массийтаза Европе а вогIуш, цIарна цIеяханчу дизайнерийн тIелхигаш эца таро а, аьттонаш а болу стаг миллионашкахь рицкъаний да хила веза, аьлла хетало. Бакъду, Яхас и хIума аьттехь а иштта дац боху. Болх шена а ца карбо, боху цуо, институт а, аспирантура а яьккхина а ца Iаш, Iилманийн кандидат ша йолшехь.

Аренца лелаш волчу хIусамдас даьккхинарг а, я ша шен куьйга цхьанхьа цхьаъ юхкий, я цхьанхьа цхьа гIуллакх дечохь юккъе хIуттий, шен доьзал кхаббал рицкъ доккху ша, бохуш дуьйцу цуо. Бакъду, и шен рицкъа шена, Москохахь я кхечу оьрсийн гIаланашкахь духкучул, Европехь сайолчу агIор дохкар гIолехь хета, боху цуо.
XS
SM
MD
LG