ТIекхочийла долу линкаш

Iехалойла дуй лекхачу тхевнех?


Нохчийчоь - Кху тIаьхьарчу хенахь Нохчийчу бахана хьеший цецбуьйлуш хуьлу цигара токхо гуш, 13Стиг2013.

Нохчийчоь - Кху тIаьхьарчу хенахь Нохчийчу бахана хьеший цецбуьйлуш хуьлу цигара токхо гуш, 13Стиг2013.

Кху тIаьхьарчу хенахь Нохчийчу бахана хьеший баккхийбеш хуьлу, цигахь тIеман ларш дIайохуш, Соьлж-ГIала а, кхийолу гIаланаш а, ярташ а меттахIиттош бинчу балхах. Дика а, дIасалела аьтто болуш а урамаш хилар, куьцехь, дика йина гIишлош а, хIусамаш а хилар чIогIа мехала ду. Амма дахар цунах лаьтташ хилла ца Iа.

Цу хьокъехь оха кху къиранах эфирехь дийцаредан дидина хаттар иштта ду. Шуна муха хета, цу гIишлойх а, урамех а тоам беш Iар коьрта хета шуна, я синан паргIато хилар цул а мехала ду шуна шайн дахарехь?

Хетачух лаций телефон тоха тхоьга. Горгали а баийтина, охаьйилла а мега телефон, тхо тхаьш девр ду шуьца зΙене. ПрахIе зΙе тухуш: код +420, лоьмар 724 0I 9832.

СМС яийта а тарло тхан Москохарчу телефон тΙе – 8 926 23 60 4 65.

Хаттаран хьокъехь яздан йиш ю тхан сайте а: www.radiomarsho.com

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG