ТIекхочийла долу линкаш

Муьлш бу нохчашца болх къуьйсурш?


Нохчийчохь, бакъо а йоцуш, болх беш эзарнаш миска мигранташ бу бохуш, тоьшаллаш до меттигерчу бахархоша.

Нохчийчохь, бакъо а йоцуш, болх беш эзарнаш миска мигранташ бу бохуш, тоьшаллаш до меттигерчу бахархоша.

Къилбаседа Кавказехь, ерриге а Оьрсийчохь санна, хIора шарахь алсам долуш ду белхан мигрантийн терахь. Нохчийчохь, Iедалша официалан кепара бакъо елла болх беш 100 сов бен стаг вацахь а, уьш эзарнашкахь бу бохуш, тоьшаллаш до бахархоша. Царах цхьаболчара латкъамаш бо, уьш дукха хилар бахьана долуш, шайна болх ца кхочу бохуш.

ГIалгIайн махкахь ПIераскан дийнахь, гастарбайтерш вовшах а летта, шайна юкъара цхьа стаг вийна, масийта лазийна. И хIума хиллачул тIаьхьа, Iедалшна гучудаьлла Долаково олучу эвларчу цхьана вахархочуьнан кертахь вехаш, мел лаххара а, 30-х узбек хилар. Уьш къайлах латтош хилла цо, оьшучохь шен машенца болх бан дIа а буьгуш.

Иштта болх бан Къилабседа Кавказе оьхурш бу, дукхачу хьолахь Совета пачхьалкха юккъахь хиллачу республикера бахархой: азербайджанаш а, таджикаш а, узбекаш а. КIезиг бац: китайхой а, корейхой а, вьетнамцаш а.

Дагестанерчу Хасав-юьртара бахкабо, Нохчийчу ишшта белхаш бан гастарбайтерш. Кхуза кхачар а, кхузахь болх тIелацар а, кхечанахьчулла боккха аьтто лоруш бу царна юккъахь. Бан шорта болх а бу, мах дIа ца луш хьарамло ца лелайо нохчаша боху, цара шаьш.

Ткъа иштта а, белхан меттигашца хьал дика доцучу Нохчийчохь, цара меттигерчу говзанчашкара болх дIабоккхуш санна хета, цхьаболчу бахархошна. Иштта хетарш кIезиг а бац. Амма цкъа а хезна хIума дац тIебаьхкинчу царна иза тIехтоьхна, я царна цхьа Iаткъам бина аьлла.

Жалавди цIе йолу Соьлж-гIалара вахархо ву царна реза боцучарах цхьаъ. Цунна хетарехь, белхан меттигаш ца хилар бахьанехь, Нохчийчохь къола дарш, хьаладолуш ду.

Жалавди: "Уьш хилар-м цхьана агIор вайна дика ду. Амма къоланаш дар лакхадвлуш ду-кх. Тхо долчехь хилла масийтта цу тайпа хIума. Нохчашкара цара белхаш дIабьаххна, ткъа нохчашнаболх бан меттигаш яц".

ГIишлошъярхо Увайс хьалха заманахь,"шабашке" а оьхуш, дукха белхаш дина ву. Нохчий таана Iаьржа болх бан ца беша бохург, цо бакъ ца до. Бинчу балхе хаьжжина ахча лахь, муьлхха а болх тIелоцур бу цара аьлла, тидам бира Увайса.

Увайс: "Схьалуш дика хIума хилчхьана, беш ма бу и болх. Ткъа уьш «борах ницкъ» олу нах бу. Царна жима-тIама хIума елча а, мегаш ду. Схьало ахча, дера бийра бу муьлха а болх, дера бац кепекех-м. Сипсо-ГIала хьалавахча а ма лой суна, шортта ахча".

Мурад цIе йолу стаг а ву гIишлошъярхойн цхьацца белхаш беш. Амма иза реза вац, гастарбайтерш бахьанехь, шайна болх ца хуьлу бохучунна. Говзалла лекха йолчу стагана, болх муьлхачу а хенахь карор бу, элира цо.

Мурад: "Азербайджанхоша, чуьра белхаш дика до, вьетнамцаш пенаш дика хьоху, латта бетон а юьллу, ткъа узбекаш а, таджикаш а латтаца болх бо. ОЬрнаш а дика доху, бух а дика бутту. Цхьаболчу нохчаша дуьйцу, цара вайгара белхаш дIадаьхна бохуш. Болх бан луучунна иза шортта болуш бу".

Тахана Нохчийчохь,официала бакъо а йолуш, болх беш,141 стаг бен вац боху, меттигерачу миграцин урхаллехь. къа къайлахь болх бечу гастарбайторийн терахь, масийтта эзар ду аьлла, хета цигахь. Уьш гучубахар Iалашонца, хIора кIирнахь аьлча санна, дIахьуш ю оцу урхалло, леррина операцеш. ХIара шо доладелчхьана махкара эккхийна 31 стаг.
XS
SM
MD
LG