ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь федералан бюджетера ахча дайарна Iуналла дан гIерта Москох


Нохчийчоь -- Керла Iедалан гIишлойн комплекс, 27Стиг2013
Нохчийчоь -- Керла Iедалан гIишлойн комплекс, 27Стиг2013

Оьрсийчоьнан финансийн министр Силуанов Антон хилира кху деношкахь Соьлж-ГIалахь. Нохчийчоьнан куьйгалхчуьнца Кадыров Рамзанца а, цуьнан Iедалан декъашхошца а кхеташо дIаяьхьначул тIаьхьа, цо дIахьедар дира республикана феделалан бюджетера ахчанца гIо дар кхин а хир ду аьлла. Соьлж-ГIала нисса дIа финасаш хьажор цIеххьана дIадаккха мегар дац бохуш вара министр.

Оьрсийчоьнан финансийн министро Силуанов Антон ПIераскана дийнахь Соьлж-ГIалахь кхеташо дIаяьхьира Нохчийчоьнан куьйгалхошца. Дийцаре дина хаттарш доьзна дара кху шеран республикан бюджет кхочуш ярх а, тIедогIучу шеран бюджет билгаляккхарх а льацна.

Хууш ма хиллара, 2000-чу шарахь дуьйна федералан бюджетера ахча дохуьйтуташ ду Нохчийчу билггала йолу проекташ кхочуш ян. Коьртачу декъана уьш йоьзна ю социалан инфраструктура меттахIотторца.

ДIадаханчу шеран Мангал-баттахь зорбанан гIирсаша хаам бира, Оьрсийчоьнан финансийн министралло дехар дина 2013-чу шарахь дуьйна Нохчийчоьнна федералан центро нисса дIа ахча далар сацо деза, кхечу субъекташна санна дала деза цу республикана а ахча аьлла.

Амма Соьлж-ГIала веанчу финансийн минисро Силуановс цу гIуллакхехь сихдала ца деза аьлла, дIахьедар дира. Республике шена тIелаьцна декхарш кхочуш далур дац, нагахь иза вай дахь бохуш вара иза.

Горбунов Илья Оьрсийчура вевзаш волу экономикан эксперт ву. Кадыров Рамзан а, цуьнан Iедал а цу хаттарехь мелла а паргIат дала мегар ду аьлла хета цунна. Гергарчу хенахь Нохчийчу хIинццалц ма хиллара ахча хьажор сацор дац боху эксперто Горбуновс.

Горбунов Илья: «Суна хетарехь, трансфертан кепехь финансаш хьежор хилла а ду, долуш а ду, хир долуш а ду. Цхьа а шеко йоцуш, Нохчийн республикана гIортор йийр йолуш ю. Иза гуш ду, хIунда аьлча, иза Кавказехь дуьсуш долу коьрта хаттар ду. Къаьсттина, Дагестанехь карарчу хенахь хуьлуш дерг тидаме эцча - цигахь ира хьал лаьтташ ду. Цундела, Нохчийн республикана, цхьа а шеко а йоцуш, гIортор йийр ю».

Къилбаседа Кавказана, ша аьлча Нохчийчоьнна гIо дар сацо хIунда мегар дац а дуьйцу экономикан эксперто Горбунов Ильяс.

Горбунов Илья: «Кавказан регионна гIортор яр дитар, ша аьлча Нохчийчоьнна гIо дар сацор, цIий Iедалуш йолчу чевнна тIера иза дIайихкина киса цIеххьана тоьхна дIадаккхар санна хIума ду. Иза вай дахь, аса лоьрийн терминашца эр ду кхин дIа а, цIий Iенар ду цигахь. Ткъа федералан гIо лахдарх лаьцна дийца мегар ду, цигахь индустри болх бан йолаелча».

Амма ша республика а ю федералан центрца кхечу регионашца санна юкъаметтигаш дIанисъян лууш. Цуьнах лаьцна финансийн министрца Силуановца хилла кхеташо дIайирзича элира Кадыров Рамзана. Шаьш гайта деза Нохчийчоь юьззина Оьрсийчьоьна Федерацин субъект хилар бохуш вара иза.

Ткъа хIунда ваханера Силуанов Соьлж-гIала? ХIун коста деанера цо Кадыровна а, цуьнан гонна а аьлла хеттар кхоллало. Горбунов Ильяс иштта ло цу хаттарна жоп.

Горбунов Илья: «Суна хетарехь, иза цига вахар, министран белхан визит яра. Цхьа а шеко а йоцуш, ахчанна терго яр а дара иза. Иза хила ма деззар хIума ду».

Оьрсийчоьнан финансийн министр Силуанов Антон Соьлж-ГIала вахарна комментариш еш, цхьаболчу эксперташ дийцара Москох коррупцица къийсам дIаболо дагахь хила мега Нохчийчохь бохуш. Амма экспертана Горбунов Ильяна иштта ца хета.

Горбунов Илья: «Коррупци дукха бесаш долуш ю. Цуьнан вайн пачхьалкхехь еха а, шира а истори ю. Цундела, вай кхето деза цигахь коррупци хIу лору бохург. Хетарехь, иза мелла а федералан ахчанна тIехь терго ян гIортар дара аьлла хета суна. Цул сов, Нохчийчоьнна гIо деш керла кепаш лахарх лаьцна дийца а мегар ду кхузахь».

Соьлж-ГIалара кхеташо дIайирзича министро Силуановс хаам бира, Нохчийчоьнан бюджете ахча дар алсам даккхар а, иза дайар эвсар хилийтар а Iалашонца леррина белхан тоба кхолла дагахь ду шаьш аьлла. Ткъа цу гIуллакхо аьтто бийр бу шай карарчу хенахь йолу бюджетийн юкъаметтигийн кеп хийца бохуш вара Оьрсийчоьнан финансийн министр.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG