ТIекхочийла долу линкаш

Нилхаевлла вайнехан хьаннаш


Къилбаседа Кавказ -- Нилхаевлла вайнехан хьаннаш

Къилбаседа Кавказ -- Нилхаевлла вайнехан хьаннаш

ХIокху ткъех шарахь хьун хьакхар бахьана долуш Iаламан доккха тохар хилла Нохчийчохь. ТIемаш дина зулам ца дийцича а, цхьа а терго а йоцуш хIаллак еш яра республикера хьаннаш. И гIуллакх хIинца сецна ала хала ду. Нохчийчура хьаннийн бахам юхаметтахIотто иттаннаш шераш оьшур ду.

Луларчу Дагестанца юстича Нохчийчоь баьццара оазис ю ала мегар ду. Дукха ширчу заманахь дуьйна хилла нохчийн латтанаш луьста хьаннех дуьзна. Тахана хьал хийцаделла. Иза хилла дац цхьана, я шина шарахь. Оьрсийн паччахьан эскарш Нохчийчоь яккха догIуш хьаннаш а хьокхуш тIегIерташ хилла церан ярташна.

Тахана даьсса долу Соьлж-гIалана гонах долу гонаш Iаьржа лаьмнаш олуш хилла цу заманахь уьш хьаннаш йолуш хиларна. Соьлж-гIала чекхайолучу меттехь, хIинца Пригородное а, Гикало а олуш йолу яьртийн метта яьккхий хьаннаш хилла. Ермолован омрийца, оцу чIожехь уьш ягийнера.

БIешерийн хаьннаш дукха жигар хьокхуш хилла, Совета заманахь а. Ломанца газ йоцун дела, цхьа цIа IантIехь дохдан, тракторан ши лафет, мел лаххара оьшу. Цхьана чу, хадийна шиъ-кхоъ дитт доьду, дукхачу хьолехь, поп а, нажа а, царах йолу йовхо ехха лаьттан дела.

ХIета, иза ца лелийча ца бовлура, мил бала гIерта нах, амма, тIемаш буьйлабелча, дIадуоладелира, цхьа а барам а, чоьт а йоцуш, нохчийн хьун хьакхар.

Оьрсийн цхьаболчу инарлаш цу тIехь ахча а доккхуш хилла. Церан омрийца, бIе шарахь бен йолуш йоцу, наж а, чан балл а, къахьашту дечк а, аракхоьхьуш хилла махкара. Иза цхьана эскархоша дина а ца Iа. Куьйган цIена боцу даржхоша тховкIело а еш, тийна-таьIIина, аракхоьхьуш ю, уьш, аьлла дуьйцу, ша дечкъийн пхьар волчу Iальвис.

Дечка пхьар Iальви: «Хьалха, Совета Iедал дочлу хенахь, хьуьнах дечка даккха вахча, хьехочо екъа дечкий бен йоьккхуьйтуш ца хилла. Диканиг яьккхича, доккха гIуда тухура. Хьуна ларйора оцу хенахь. Цунах схьадевла генаш гул а дойтий, жимчу диттана новкъа ца хуьлчу агIор дIадахьа дезар.

ХIинца, ахча дIаделчхьан, диканиг йоккхуьйту а, хьун дIакхоьхьуш ю. Наж дечк уггаре дика лоруш ю. Червленый а, Чурттохе а олучу меттигашкара, дика хуьлу иза. Дашо наж олу цуьнах. Шеднаш ца хуьлу, херош а ца хуьлу, малхехь цьунга дикка хьаьжча, къега иза деши санна. Дукха мел лаьтта, цуьнан дикалла лакха йолу. Иза ша дерг кху чуьра арадоккхуш ду».

Къамел динчу Iальвис, шен дегара схьаэцна йолу и дечка пхьехаран говзалла, тахана дIатаса мегаш ю. Оьшуш яц дечкъах йина хIума нахан боху цо. Хьун Нохчийчохь Iедалш Iалаш еш ю, цу тIехь дукха чIогIа Iуналла ду, аьлла Маршо радиога дийцира, хьунан бахаман, департаментан декъан куьйгалхочо Ибаев Iусмана.

Ибаев Iусман: «Вай гIала а, яьрташ а , тIом дIабаьлчулла тIаьхь, мел хазлуш, мел талуш дIадоьдуш ду вайна гуш ду. Изза сурт ду, вай хьаннаш ларъярца а, лелош долу жоьлгал хададарца а. Стохка а, лурчах а, хилла цу тайпа хIумш, амма хIокху шарахь хилла дац. Тахана вай махкхаь жоьлгалла оьшуш яц, тIамо динарг вайна гуш ду. Мелхо а, шен аьтто болчо, кхуза чуян езар шен кайолуш ерг».

Хьаннийн барам, Нохчийчохь цхьана Iаламан лаамца, меттахIотта там бу, нагахь санна, иза хьакха а ца хьокхуш, хьал хIинца долчу барамехь мукъне а дитахь. Цунна цхьа бIе шо дезар ду. Иза хIумма а йоккха хан ю аьлла ца хета, иманехь чIагIбелла шаьш бохучу хIинцалерачу нохчашна.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG