ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иттаннаш кхачанан хIусамаш а, нехан долара туьканаш а дIакъeвлина Iедалша Нохчийчохь


Нохчийчоь--Иттаннаш кхачанан хIусамаш а, нехан долара туьканаш а дIакъоьвлина Iедалша Нохчийчохь, 23Заз2012
Нохчийчоь--Иттаннаш кхачанан хIусамаш а, нехан долара туьканаш а дIакъоьвлина Iедалша Нохчийчохь, 23Заз2012

Нохчийчохь жигара дIахьуш ю, низамаш а дохош болх беш хилла йолу кафеш а , туьканаш а дIакъовлар компани. ХIинцале цхьана Соьлж-гIалахь эзарнашкахь цу тайпа низамаш дохийнарш гучуяьхна.


Уьш болх маца бан йолалур ю а хууш дац. Тахана Соьлж-гIалахь йолчу туьканех а, кафех а, ресторанех а 30 % хила мега болх беш. ДIа ког баькхкинчохь, неIарш къоьвлина лаьтташ ю уьш. ХIора цу тайпа чоьнан неIар тIехь тоьхна кехат хуьск ю, кIоштан администрацино мухIар а тухуш къоьвлина ю иза пурба а доцуш схьайиллинчунна низамашца догIуш долу таIзар хир ду, аьлла.

Юккъерчу бизнесхойн и чоьнаш маца схьайоьллура ю хууш дац. Дийцарехь, кхин дIа а болх бан бакъо луш долчу кIоштан дакъошна хьалха яккхийн рагIнаш ю, шай болх юха дIаболабан дерриг а дан кийча болчу совдегархойх лаьтташ йолу.

Иштта дIадоьдуш ду цхьа кIира хьалха Iедалша долийна экономикехула долу хьал то дан Iалашо йолу литтарш. Болчу хаамашца, эзарнаш меттигаш гучуяьхна цхьана Соьлжа-гIалахь, бакъо ца хиларалла сов, луш ял а йоцуш болх беш йолу.

Оцу литтарх чекхваьллачунна Iедалш бакъо ло шен болх кхин дIа а бан. Цу тайпа талламаш дIабаьхьна Соьлж-гIала юккъехь йолчу «Беркат» цIе йолчу базарахь а. Цигахь а дукха туьканаш а, кхачанан чоьнаш а дIакъоьвлина. И талламаш дIахьучу «Респотребсоюз» цIе йолчу Iедалан урхаллан белхахоша бахарехь, леррина тидам тIебахийтина кхачанан сурсаташна.

Цхьаболу долахой реза боцуш бу цу тайпа чIагIдаларшна. Амма, цаьрга шаьш дуьйцург низаман бакъо ю боху Iедалхоша.

«Респотребсоюзан» белхахо: Хьуна цIахь оьшуш дац и кехат. Цуьнан ксерокопи а яьккхина, эцца дIатоха дезаш ду иза. Муьлхха а стаг чу а вена, цо гайта аьлча, дIагайта дезаш ду иза.

Амма мел долу гIуллакх низаме дало гIертарх, кхеташ ерг, эцархошна кхета, аьлча а, церан кисанашна кхета. Иза муьлххачу а бизнесан коьрта маьIна ду. Совдегархочо шегара йоккхучу йоле хаьжжина мах хIотта бо юьхкучу хIуманна а, я ша кхочуш дечу хьаштана.

ДIакъоьвлинчу чоьнийн долахоша цхьана арз до, шайгара хIинцалц ахча ца доккхуш хIума дацара бохуш. Iедалшна дала дезаш долу ахча кIоштийн цхаьцца даржхойн кисана доьдуш дара, ткъа оцу хьоланна терго а ца еш, лаккхарчу Iедалша, сацам бина, совдегархой бего, бохуш вара, шен цIе яьккха ца лууш волу Соьлж-гIаларчу цхьана туьканан долахо.

ХIора кIирнахь ша сагIа доьхурш санна богIура ял йоккхурш а, администрацера а, Нурэнергера а векалш. Ткъа царах шаьш тIаьхьабисарна кхоьруш санна пхьаьрса кIелла тептарш а дохкий, стомма озаца къамел деш болу цIе яйархой кхочура шаьш долчу, бохуш, дуьйцура оцу стага.

Уьш муьлхачу дийнахь богIур бу а хууш, царна дала дезаш долу ахча, йохкархочуьнга дIа а лой, къайла волура ша, аьлла, тидам бира оцу совдегархочо.

Йолийначу оцу акцин кхин цхьа Iалашо а ю, боху меттигерачу тергамхоша. Болх а, некъ а лелош болчу нахехула Iедалан бюджет юзар. Нохчийчохь ишта а, хIокху шина-кхаа баттахь йоккхучу йолан барам цIеххьана лакхабаьлла, бохуш, кхайкхош ду цигарчу урхалло.

Коммунала хаьшташна долу ахчанаш а хIора баттахь дукхачу наха дIалуш ду. Амма цунах а тоам хуьлчух тера дац Iедлашна.

И хьал дуьйцучу хенахь, латтанашца йолу проблема а хьахо еза. Масала, меттигерчу телевизионехь гойтуш дара, Грозный-кIоштехь оханна лелочу майданехь дакъошна доза хадош наха диттина долу бIегIий f, хьокхий а бульдозарца дIахьокхуш.

Масийтта гектар латта мукъа даьккхина оцу бахьанца, бохуш ,кхайкхамаш беш вара диктор. Оцу видеокийсакан тIехьа дуьсуш дерг гайта тамехь хIума дац. Наха и латтанаш шьаш-шайн лаамехь дIалаьцна ца хилар а, хьаькамашкара пурба хилчиан бен. Ткъа юьртдега и пурба кхин а лаккхара кхочуш ду. ЦултIаьхьа и зIе хедаш ю.

Иштта латтанаш дIасадекъна волу юьртда, хан а тоьхна, чувоьллача а, наха латта цуьнгара оьцуш дайина долу ахча, (дукхачу хьолахь эзарнашкахь долларш хуьлу иза) метта хIотторах дуьйцуш а дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG