ТIекхочийла долу линкаш

Бельгийхоша шайн депутат хаьржина нохчо


Бельги - Евробертан президент ван Ромпей Херман а, нохчо-политик, Берлаар-гIалин депутат Исаев Адам а (аьр.).

Бельги - Евробертан президент ван Ромпей Херман а, нохчо-политик, Берлаар-гIалин депутат Исаев Адам а (аьр.).

Европехь беха нохчий жим-жима шаьш бехачу пачхьалкхийн политикан дахарехь дакъалаца буьйлалуш бу. Кху деношкахь Белгерчу Берлаар-гIалин депутат хаьржина Исаев Адам.



Иттех шо ду Исаев Адам Белгехь веха. 24 шо долу и жимстаг карарчу хенахь Левен-гIаларчу университетан экономикан факультет чекхйоккхуш ву. Даханчу мукъаденошкахь Белгехь дIабаьхьначу муниципалан харжамашкахь меттигерчу Керста-Демократийн партин цIарх дакъалоцуш вара иза. Партин кандидатийн могIаршлахь ноьмар 8 йолу Адам Берлаар-гIалин кхеташонан депутат хаьржира.

Керста-Демократийн Партин декъа Исаев Адам кхо шо хьалха ваьлла. Амма цу йоцачу хенахь ша гуьнахь политик а, шен партин куьйгалло дика тоьшалла деш волу жигархо а санна гайтина цо. Цундела ду иза партин могIашлахь бархIалгΙачу метте хIоттор а.

ТIамо лаьцначу Нохчийчуьра кхиазхо волуш шен гергарчаьрца Белге ваха дIавахначу Адаман политикан карьера студентийн юкъараллашкахь жигара хиларна тIера дIайолаелира. 2009 шарахь иза Керста-Демократин партин кегирхойн Антверпен-гIаларчу декъа юккъе хIоьттира.

Нийсса шо даьлча цу юкъараллин интернационалан секретар хаьржира, Белгера студентийн Европерчу институцийн векал хилира цунах. Ткъа кхин а цхьа шо даьлча, 2011-чу шарахь, Исаев Адам Европерчу уггаре а йоккхачу студентийн цхьанакхетараллан, „Европера демократин студенташ“ цIе йолчу, доцца аьлча, EDS-н, директор хаьржира.

Цу даржехь къона политик дуккхаъчу Европерчу пачхьалкхашкахула дIасалела везаш вара, лаккхарчу Iедалшца а, политикашца а, ткъа иштта кегирхойн цхьанакхетараллашца а цхьаьна болх а беш. Оцу юкъанна, Белгехь партин чоьхьарчу политикехь а жигара вара иза. И бахьана долуш Керста-Демократин партин секретарь а хаьржинера иза шо хьалха. Ткъа даханчу мукъаденошкахь дуьйна, шен политикан карьерехь рогIера гIулч ша яьккхаре терра, Берлаар-гIалин Iедалехь къахьоьгур долуш ву Адам.

Исаев Адам дуьххьара вац Белгерчу политикан майданахь жигаралла гайтинарг а, диккачу лакхенашка кхаьчнарг а. Кхин цхьаъ вайн махкахо, масех шо хьалха Белге веъна мухΙажир, Даудов Мурад, цкъа хьалха гIалин кхеташонан декъашхо хаьржира. Цо иштта меттигерчу адамийн бакъонашларъяран юкараллашкахь юристан белхаш а бира. Цул тIаьхьа цхьана муьрехь Европарламентехь болх бира цо. ХΙинца Даудов Мурад Гергарчу Малхбалехь дипломатан белхаш беш ву.
XS
SM
MD
LG