ТIекхочийла долу линкаш

"Кутюрье" Медни


Дубай--Нохчийчоьнан куьйгалхочун хIусамнанас Кадырова Меднис шен зударийн духарийн коллекци гайтина Дубайхь, 24Заз2012.

Дубай--Нохчийчоьнан куьйгалхочун хIусамнанас Кадырова Меднис шен зударийн духарийн коллекци гайтина Дубайхь, 24Заз2012.

Кху деношкахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун хIусамнанаc Кадырова Меднис шен зударийн духарийн коллекци гайтина Дубайхь. Цу юкъахь яра 70 гергга бархатан а, чиллан а, шифонан а кIадех йина кучамаш, йовлакхаш а, кхин йолу зударийн тIеюху хIуманаш а. Кучамаш а, йовлакхаш а, мачаш а кечйина яра деза тIулгийн а, кристаллан а бIаьргашца. Кадырова Меднин гайтамах шуьйра дуьйцу хаамийн гIирсаша.


Кадырова Меднин дизайнеран санна хьалхара гайтам бара Iаьрбийн Цхьанатоьхначу Эмираташкахь Дубайхь One and Only Royal Mirage Hotel олучу дезчу хьешан цIачохь хилларг.

Цига баьхкина бара Оьрсийчоьнан махкахой боцурш меттигера мода езархой а, дизайнерш а. Гайтам хилира "Вайнах" пачхьалкхан ансамбло дакъа а лоцуш.

Нохчийчоьнан културан министр волчу Музакаев Дикалус хаамийн гIирсашка дийцира Кадырова Меднин гайтам кхиамца, иза ша реза а йолуш чекхбелира, аьлла.

Музакаев Дикалу: "Адам дукха дара. Чоь юьзина яра. Цигара мероприяти дика яра. Хьожуш берш реза бисира. Медни а цу балхана реза хилира."

Кадырова Меднис Firdaws цIе йолу модан цIа кхоьллира 2009-чу шарахь. Дубайхь хилларг дуьххьарлера гайтам бара цигахь болх бечу говзанчаша, махкал арахьа дIабаьхьна болу. Дерриг а гайтинарг дара 70 сов хIора дийна лелон а, дика-воне боьлхуш зударша тIедухуш долу а духарш.

Кхеташ ма-хиллара, и духарш, коьртачу декъана зударийн кучамаш, йина яра дезчу къадех. Церан дизайнер ду Яхаева Зарема а, Мамедов Заур а. Цаьршимма шайн духаран керла могIа гайтар хьажийра Кадырова Меднина.


Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан хIусамнанас Кадырова Меднис шен зударийн духарийн коллекци гайтина Дубайхь.

Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан хIусамнанас Кадырова Меднис шен зударийн духарийн коллекци гайтина Дубайхь.

Кадырова Медни духарийн дизайнершна куьйгалла деш хиларх лаьцна хIинцца хиина дукхах болчу модан терго ечу нахана. Цо и гIуллакх шен кара эцале, Соьлж-гIалахь дизайнан а, модан а студи а кхоьллина, Нохчийчурчу маьлхаьзнишна кучамаш тоьгуш яра Аржиева Лаура а, Аржиева Медни а.
Амма и шиъ дIаяханчулла тIаьхьа нохчийн мода шен караийцира Кадырова Меднис.


Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан хIусамнанас Кадырова Меднис шен зударийн духарийн коллекци гайтина Дубайхь.

Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан хIусамнанас Кадырова Меднис шен зударийн духарийн коллекци гайтина Дубайхь.

​Оьрсийчурчу духаран дийзанер волчу Аболенкин Андрейна бусулба зударшна хьажийна долу духарш юкъадахар а, уьш тегар а кхане йолуш, кхиаме бизнес хила мега, аьлла, хета.

Иза нийсачу агIора яьккхина гIулч ю, хIунда аьлча, Iаьрбийн махкашкахь дизайнерийн хIуманаш оьцуш дукха нах болун дела, элира цо ДогIа олучу телекампанина ша еллачу интервьюхь.

Аболенкин Андрей: "Цхьайолу суна гина йолу кучамаш дизайнах лаьцна аьлча, гайта эхь доцуш яра. ШолгIа далахь, суна хетарехь, дика коммерцин истори йолуш ю уьш. Билггала йолчу рынкан сегментана хьажийна духар дика оьцуш ду кху дуьнентIехь. ХIума тегаран говзанчаа кхуллучу духаран кхоалгIа дакъа ду, аьлла, хета суна кху дуьненан Iаьрбин декъехь оьцуш дерг."

Дика хIума тега хууш волчу говзанчо йина йолу бедар даиман а хуьлу еза. Ткъа Кадыров Меднис юкъайоккхуш йолу тIеюха хIума коч ялахь а, йовлакх далахь а, кхеташ ду, хьанг-хьанга а эцалур йоций.


Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан хIусамнанас Кадырова Меднис шен зударийн духарийн коллекци гайтина Дубайхь.

Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан хIусамнанас Кадырова Меднис шен зударийн духарийн коллекци гайтина Дубайхь.

Цундела цуьнан хIуманаш оьцуш болу нах а цхьа ша тайпа категори ю, бохуш, дуьйцу ДогIа цIе йолчу телеканалан корреспонденто Кадырова Аннас.

Кадырова Анна: "Firdaws-ан духарш вуно къаьсташ ду нохчийн зударша лелочарах. И башхалла, уьш тегарца йоьзна хилла ца Iаш, церан мехаца йоьзна ю. Кадырова Меднин тIеюху хIуманаш оьцуш берш коьртачу декъана меттигера эстрадан седарчий а, Кадыровна гонах боьвлла лелачу нехан зударий а бу."


Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан хIусамнанас Кадырова Меднис шен зударийн духарийн коллекци гайтина Дубайхь.

Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан хIусамнанас Кадырова Меднис шен зударийн духарийн коллекци гайтина Дубайхь.


ТIейогIучу хенахь кхечу пачхьалкхашкахь а шайн духар гайта ойланаш йолуш ю Кадырова Медни. Ткъа гергарчу хенахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун хIусамненан план ю шен туьканаш схьаелла цхьамоггIа Гергарчу Малхабалерчу пачхьалкхашкахь, шайна юкъахь Iаьрбийн Цхьанатоьхна Эмираташ а йолуш.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG