ТIекхочийла долу линкаш

Хьайбах, 1944 Шо. Божална Чохь Вагийна 700 Нохчо


Соьлж-гIала, ШолгIа Дуьненан ТIом боьдуш Советан Iедало вайнахана тIехь йина Йоккха Террор билгалъйоккхуш хIоттийна хIоллам.
2007-гIа шо, Москохана муьтIахь долчу Кадыров Рамзанан Iедало мемориал йохаяле хьалха даьккхина ду сурт.

Соьлж-гIала, ШолгIа Дуьненан ТIом боьдуш Советан Iедало вайнахана тIехь йина Йоккха Террор билгалъйоккхуш хIоттийна хIоллам. 2007-гIа шо, Москохана муьтIахь долчу Кадыров Рамзанан Iедало мемориал йохаяле хьалха даьккхина ду сурт.

Вайнах цIерабохучу 1944-чу шеран Iай, хIетахь хиллачу Нохч-ГIалгIайчура ГаланчIож-кIоштара Хьайбахехь дийна воллушехь, божалахь вагийначу 700 стагах лаьцна дуьххьара жайна зорбане даьккхинчех цхьаъ ву Хадисов Муса. 5 000 копина зорба тохийтира 1994-чу шарахь. Дуьххьара нахала девлира Хьайбахехь даьгначу декъешна лоьраша бинчу талламийн жамIаш. Хааме дехира НКВД-н цхьадолу документаш, зулам шайн бIаьргашна гинчеран тоьшаллаш.


ХIумма а атта ца хилла Советан Iедалш ма хуьллу къайладахийтина а, хьахор дихкина а долчу зуламах лаьцна дийца. Ур-атталла и коммунистийн режим йоьхча а. Цуьнан метта хIоьттинчу керлачу оьрсийн Iедало йина а, еш а ю, адамаллина дуьхьала дина зулам гучудаккхарна новкъарлонаш. Хьайбахах лаьцна жайна арадаккха кечдечу хенахь Хьалха-Мартан кIоштарчу прокуратурехь болх бина волу Хадисов Муса тахана адвокатан болх беш ву. Москохара схьа шен Маршо радиоца телефонехула хиллачу къамелехь цо дийцира шена Хьайбахехь дина зулам довзар муха нисделира.


Хадисов Муса, адвокат, шен Москохарчу офисехь, 03Чил2012

Хадисов Муса, адвокат, шен Москохарчу офисехь, 03Чил2012

Хадисов: 90-чу шерашкахь цхьа жимма паргIато яла йолаелира дош ала. Газеташна тIехь, журналашна тIехь, радио чохь а хахо дуьйладелира Хьайбахехь нохчий багийна хиларх лаьцна. И артиклш совцуш яцара, алсамъйовлуш яра. Со хIетахь Хьалх-Мартан тIерчу прокуратурехь болх беш вара. Прокурор вара тхан Цакаев Руслан бохуш. Дуьйцучунна тидам а бина, дуьйцург бакъ ду-дац Хьайбахе дахана а хьовса комисси кхоьллира. Комисси Хьайбахе дIакхаьчча цунна дагийначу божалх йиснарг, цуьнан бух, цхьа жимма пенаш а гира. ТIаккха Соьлж-гIалара эксперт вахийтира. Ишта гучуделир-кх иза. Цигахь ягийна даьIахкаш карийна, тIехь хиллачу бедарийн нодарчий, яхк, кхин йолу хIума а карийра. Акт хIоттийна схьабаьхкира уьш, йийцина хилла факташ тIечIагIйелла аьлла.

Бехк-такхаман гIуллакх айина, ишта дIадоладеллера иза. Дов лелочу хенахь тоьшаллаш а, тешаш а лаха дуьйладелира тхо Хьалха Мартан-тIехь, Рошни чохь, ГихтIехь, ГIуш-кIотарахь. Зулам деш гина, дийна бисина нах карийра тхуна. Оцу юьртахь ца хилла уьш. ДIо гена бахана хилла, хьунан юккъерчу ирзошкахь даьхни кхаба. Iаьно цигахь дуьтуш хилла хьалха даьхни. Цига бахана цIа богIуш, юьртахь кIур а баьлла, хьийзаш салтий гина царна. Адам божална чу дуьгуш гина царна. ТIебаха ца баьхьна, хIун ду ца хууш.

Оцу кепара тоьшалла деш дуккха а нах карийра тхуна. Ткъа и ша-дерриг а уллехь гина а, цигахь лаьттина а ву Мальсагов Зиявди. Вай цIерадахале юстицин министр хилла ву иза. Вай цIерадохучу хенахь оцу цIерадахаран кампанина юкъавахийтина хилла иза, партин декъашхо хилла хиларе тера. Нах цIерабохуш гIо дан хаьржина хилла лакхарчу даржашкахь хилларш. Зиявдина гина иза. Нийсса цу тIе кхаьчна иза, нах божална чу а боьхкина, гонах ча-хIума а тесна, маьхкадаьтта дуттучу хенахь. Кхетта иза уьш нах багон гIерташ буйла. ТIаккха Гвешианина тIевахна иза, хьо хIун да воллу, аьлла. Ша цхьаъ бен ца хилла иза, цуьнца Громов бохуш кхин цхьа капитан хилла, Маьлхичура схьабогIуш хилла уьш.

ТIаккха Гвешианис жоп делла цунна, кхин хьо вистхилахь, тIепаза войур ву хьо, аьлла. Иштта, тIаккха, цIетесна-кх цара (салташа) цу божалх. ЦIе яьлча, божалахь болу нах кхиъна хуьлчух. Маьхьарий хьаькхна, кевнех арататтабала хьаьвсина нах. Ара хьаьдча, царна тIе пулемет йиттина. Адамийн декъех оцу кевнан гура дIабуькъна цара.

Марша радио: Божалахь лаьттош болу нах, шаьш дечух ца кхиийта, цунах цIе тассалц, аьшпаш буттуш хилла НКВДено.

Хадисов: Цул хьалха божална гонаха ча диллина хилла цара, «шуна йовха хир ю, шу дIадига тIаьхьадахка дезаш кеманаш ду» бохуш. Оцу чохь берш муьлаш хилла? ДIа ца бахалуш болу баккхий наххий, могуш боцуш болу наххий, къанбелларшший, уьш хилла биснарш. Шайн план кхочушъян сихбелла, цIе а тесна, багийна цара уьш.


Цкъа а жоп доьхур доцу зулам


Шаьш дерг башха зулам хеташ а, багийначу нохчех цкъа а, цхьаммо а жоп доьхур ду аьлла, шеко а ца хилла Iедалан векалийн.

Хадисов: Оцу хенахь цига (Хьайбаха) ворда яхалуш некъ ца хилла, машен яхалуш муххале а ца хилла. Говраца а, гIашший бен хьалавахалуш ца хилла оцу юьрта, Хьайбахе. ТIаккха, цIе а тесна, уьш байгича а хIума дац аьлла, багийна-кх цара уьш.

Уьш, шайгара жоп доьхург хиларх ца кхийрина те, боху хаттар кхоллало. «Аьлча а, цхьа а тешар вац, шаьш баьгна эр ду» аьлла, шайн план сихха кхочушъян сихбелла, кхин хIуманах а озалуш ца хилла уьш. Шаьш шайна тIедиллинарг кхочушдина аьлла, Iедалшна хьалха дика хилчхьана, дисинчунна сагатдеш ца хилла.

Оцу хенахь ваьгнарг 700 стаг ву. Оццул нах баьгна хиларан тоьшаллаш ду.

Церан массеран а цIераш ца хаьа. Билггал стенгара бу а ца хаьа. Луларчу эвланашкара хьалабигина хилла нах, Хьайбахана гонахарчу кIотаршкара. Я оцу хенахь паспорташ ца хилла нехан. Цхьаболчара олу соьга, муьлаш бу ца хууш, байиний муха хаьа шуна? Оцу луларчу ярташкара наха дийцина тхоьга. Царна хаьа уьш хьенан-муьлаш бу.

ГаевгIеран фамили яьгна ша-ерриг. Церан 19 стаг ваьгна цхьана доьзалера. Гаев Тута цIе йолуш, церан хьалхара стаг хилла, бIе шарал тIехваьлла. Шайн юртарниш боьвза царна. Кхин вуьйш тIебалийнарш ца бевза. Нахе дину къамелашкахула билгал а даьлла, оцу кепара дIадахана и терахь, оццул багийна бохуш долу.

Хьайбахера операцехь дакъа лоцуш 700 салти а, эпсар а хилла. Дукха хьолахь, эпсарш хилла уьш. Оцу Iедало (Советан Iедало) мидалш а, совгIаташ а делла царна. ХIора вийнау цхьана стагах, цхьана эпсарна я салтичунна цхьа мидал кхочу-кх. Стаг вийначу эпсарна оьллина мидал ю.

Фашистийн эскар эшийначу ЦIечу Эскаран цIе ца йожон, Хьайбахехь дина зулам ца таллийтина Москохо


Хьайбах, суьртана юккъехь лакхахь 700 стаг вагийначу божалх йисина чхо а, пенаш а

Хьайбах, суьртана юккъехь лакхахь 700 стаг вагийначу божалх йисина чхо а, пенаш а

Нохчийчура талламан тобано къастийначунна тоьшалла дан, Москохара комисси яхийтинера Хьайбахе.

Хадисов: И дов лелочу хенахь. Известехь артикл араяьллера, Перловский бохучу журналисто тIетоьхнера ЦК КПСС (Советан Бертан Коммунистийн Партин Коьрта Комитет) архивера къайлаха документ. Цу тIехь а, оха бохург тIечIагIдора. Хрущевн омарца тхол а хьалха комисси яхийтина хиллера Хьайбахе. 1956-чу шарахь царна карийна дагийначу адамийн даьIахкаш, кхин тоьшаллаш а.

Кхузахь ала деза, и хIума дуьххьара гIарадаккха гIиртинарг Мальсагов Зиявди а ву, Абдуллаев ву, Сулейманов Ахьмад а ву. Цул сов, оцу юртахь дукха гергарнаш баьгна волу Гаев Саламат а ву. Гаев ма ву и гIуллакх дижа ца дуьтуш, уггар жигара лелларг.

Мальсагов Зиявдин дара моьтту суна и зулам гучудаккхаран доккха долу дакъа. Хрущев (Никита) Алмата вахча, цигахь цунна тIекхаьчна иза. Талды-Курган кIоштан кхелан гIантден когаметта хилла Зиявди. Цул хьалха а цо яздеш хилла Хрущевга. Меттигера гIаролхой-казахаш бевзаш хилла Мальсаговна, тIаккха цара тIевитина иза Хрущевна.

ДIадийцин-кх цо цуьнга, ишта ду, вуьшта ду, хIара ду, важа ду, аьлла. ТIаккха Никита Сергеевичс аьлла, «ахьа дуьйцург тIе ца чIагIлахь, хьайна хIун хир ду хаьий хьуна?» Хаьа шена, аьлла Мальсаговс. Оцу юьртара бахархой стенга бахана? Маьлхистера а, оцу гонахарчу ярташкара? Цигара адам дагардел аша-м. Цигара адамаш ма ду дагийнарш, аьлла. ТIаккха гуттар а цецваьлла Хрущев.

Ша дIавахча инарла прокуратурин комисси а кхоьллина и гIуллакх таллийтина Хрущевс. Партин административан органера Пикунов цунна куьйгалле а хIоттийна. Бахна уьш цига (Хьайбаха) 1956-чу шарахь. ДIа а бахана аьхкина цара и меттиг. Мальсагов Зиявдис бохург бакъ карийна цара. Комисси юхаеъча, Хрущевс омар кечдина, Хьайбахехь нах арабохуш дакъа лаьцначу эпсаршкара а, салташкара а мидалш дIайохуш долу. Таллам бар тIедуьллуш резолюци а язъйина цо. Амма цул тIаьхьа хилларг цхьанххьа карош дац – архивехь дац, цхьанхьа дац.

Схьагарехь, озабелла хир бу-кх уьш и зулам гIарадаларна. Дуьненахь иза гIарадалахь, фашистийн Германин эскар эшийна йолчу Советан пачхьалкхехь цул а йоккха фашизм цуьнан шен чохь ма хилла, аларна кхерабелла хиллачух тера ду. Цунах оза а белла, къайладахийтина цара (Iедалша) иза.


Хьайбах йиц ца елла


Маршо радио: Советан Iедало къоьвлинчу буйнахь латтош, гуттар а кхерамехь Iе Iеминехь а, Хьайбахана гонахарчу юьрташкара нохчашна диц ца деллера Хьайбахехь дина зулам. Ягийначу юртахь талламаш беш нохчийн талламхой буй ма–хиъина, царна гIо дан бахана уьш.

Хадисов: Тхан талламан тобано аьхкира и меттиг. Рошни чура а, Гихчу кIотарара а, Шалажера а, гонахарчу ярташкара нах а баьхкина, цара гIо дира тхуна. Цигахь дукха адамийн даьIахкаш карийра тхуна. Уьш оха экспертизе (талламаш байта) дIаелира. Цара бинчу сацамца, даьIахкаш цIаргахь ягийна яра.

Маршо радио: Оццул ехачу хенахь 50 шарахь даьIахкаш лаьттах Iохкуш муха йитина Советан Iедалша? Ма тамаши1на хIума ду шаьш динчу зуламан лараш дIаяха уьш ца хьовсар?

Хадисов: Гонаха хилла нах буй, салтий дIа ма баххана, цу меттигана тIе а бахана, бусулба Iедалехь дIабоьхкина цара багийнарш. Доккха ор даьккхина хилла цара. Дечках барамах тера гIирс а бина, даьIахкаш массо а цхьана кошахь гулъйина цара. Дукха багаза берш моггIара охьабехкина цара. Доккха цхьа каш дина цара баьгначарна. Дукхах берш, чим хиллалц баьгна. Баккхийчара дийцарехь, берийн туьтанаш карайора цигахь яьгна. Буьйсанна дIабухкуш, дийнахь, салтий тIе богIу ца богIу хьажа, хIоттош ха хилла цара шайна. Шайга далург дина цара.

Вай цIа даьхкича наггахь бен хьахош дацара иза. Гаев Саламата а, яздархочо Сулейманов Ахьмада а жим-жима дийцара. Оцу хенахь иза дийца йиш яцара, система луьра яра. Делахь а, шайн таро мел ю, гIарадаьккхира ца иза.

Мальсагов Зиявди волче ваханера со. Цуьнан цIахь кхаа-деа сохьтехь дийцира цо, протокол тIе дIаяздина а ду сан иза. Зиявди шен къомах дог лозуш а, и зулам талла лелош дов дуй хиъча, чIогIа цунах самукъадаьлла а вара. Накъосталла дина а, дийр долуш а вара иза.


Оьрсийн Iедалша нохчашна тIехь динчу а, дечу зуламийн уьйриг денна боккха хуьлуш бу


Луьра режим а йоьхна, цуьнан метта Кремле охьахиинчу керла оьрсийн Iедало къинтIера довлар муххале а ца дийхира нохчашка.

Хадисов: Лакхара прокуратурехь болчарна ца лаара оха и гIуллакх дIакхоьхьийла. Цигахь берш нохчий ма бацарий. Система а яра нохчий «предательш» (ямартхой) барий, бандиташ (талорхой) барий бохуш, вайна тIе цIераш кхуллуш. И хIума дийца царна атта дара. И дов дIалелон ца лаара царна. Цара и дов соьгара схьадехара, сихха схьада, бохуш.

Суна хаара, цкъа дIадаьхьча, иза хIинца санна довр дарий. И хууш, аса цунна тIера копеш ехира. ХIетахь, хIинцца юкъаевлла яра ксерокс-машенаш. Еза а яра. Сайгахь ахча мел хили а, аса цу тIера копеш яхара. Дера, Гаев Саламата а чIогIа доккха дакъа ма лецира цу тIехь. Ши-кхо копи хиллалц, оха дIа ца делира и дов цхьана баттахь сов. Цара соьга иза схьада бохуш, аса цхьа бахьна а карадой, тIаьхьатоьттуш.

И оха дIасакхехьийтина йозанаш а оцу жайнин тIе туьйхира аса. Иза йоьшуш болчарна хаийта. Юха и дов тхоьгара схьа а даьккхина, Къилбседа Кавказан ТIеман Прокуратуре дIадаьхьира. Цигахь архивехь ду иза хIинца а. Кхин дIа, кхеташ ма-хиллара, иза ца теллира.

Маршо радио: Ур-атталла, Нохчийчоьнан керла президентехула Дудаев Джовхарехула а шайна тIеIаткъам бан хьаьжира Москох, бохуш дийцира адвокато. Уьш кхеттера, шаьш и жайна мелла а сиха арахеца дезаш хиларх.

Хадисов: ДIаделча а, цара иза толлур дацара, цкъа делахь. ШолгIа делахь, и факт ца езара куьйгалхошна. ХIунда аьлчи, кхоьрура адам меттах даларна. Къомана тIехь дина таIзар тохара а къайладаьккхинера. ХIинца хIара а, къайладаьккхинера. Адам меттах дала а и гIуллакх гIарадала а лууш бацара. Массо хIума къайладохуьйтуш ма ярий Советан Iедалан система.

Тхан прокуратурехь йолчу парторганизацин секретар вара Портников Вячеслав Сергеевич бохуш, цо дехар дира соьга и дов гIара ма даккхахьара ахьа, бохуш. «Старое ворошить» (шираниг кегор) хIунда до аьхьа? Хьан болх бухур бу. Хьо балхахь вуьтур вац, хьуна оьший иза? – бохуш, хеттара цо соьга. Делахь а и гIуллакх дита сан йиш яцара цо суна дарж делча а, ахча делча а. И зулам гучу ца даьккхича, суна наб кхетар яцара. Цуьнга, со хьожур ву, дийр ду ахьа бохург бохуш, яздира аса цунах лаьцна. Цунна зорба тоха типографе дIадала кечдира аса иза.

Кхаа-веа стагана бен оха и болх беш буйла хууш а дацара – тIаьххьара жайна гIалатах цIандеш, тодеш а болчарна. Юха иза йолучу хенахь дайра тхан и кехаташ. Тхуна дагадеанарг, оцу КГБено (Пачхьалкхан Кхерамазаллин Комитет) диний те бохург дара. Билггал ца хаьа, бакъдерг дийцича. Дан декхар дацар-кх цу жайнин.

Юха шолгIа копи схьа а эцна, иза чекхяьккхира оха. Кхоъ яра тхан копи. Цара цхьаъ лачкъа ма йиннехь, оха вуьйш дIалачкъийра. Царна (Iедалшна) хууш хир дара оха копеш яьхна хир юйла а, уьш тхоьгахь хир юйла а. Ишта арахийцира.

Ишта, Дудаевс (Джовхар, Ичкерин хьалхара президент - А.У.) цхьа накъост ваийтира суна тIе. И дов схьада шена, цунах лаьцна яздан баьхкина журналисташ бу, цаьрга дIалур ду иза, аьлла. Сайна тIевеанчу стаге аса эли «Дудаевс бохург-м аса дийр ду, амма и дов вайна юха гур долуш дац шуна», аьлла. Дукха хан ялале и стаг юха суна схьавеара. Джовхар и дов гена даккха, дIалачкъаде бохуш вара, аьлла.

"Хьайбах, таллам дIабоьдуш бу" Советан Iедало Хьайбахехь динчу зуламех лаьцна дуьххьара зорбане даьккхина жайна

"Хьайбах, таллам дIабоьдуш бу" Советан Iедало Хьайбахехь динчу зуламех лаьцна дуьххьара зорбане даьккхина жайна

ХIетахь шийла яра, гIорийнера, Ноябр (Лахьанан) бутт бара. Зорба туху машенаш болх беш яцара. Я царна техь болх бан нах а бацара, царна луш ахча а дацара. ЦIера яахIуманаш кхехьара оха царна. Аса сайн шелиг чура яахIума хьора царна. Гаев Саламата а кхехьара. И белхахой схьа а гулбина, нахера а цхьана ахча а доккхуш юхалург, типографи дIайолаялийтира оха. Ишта сихха араялийтира. Эццехь иза ара ца ялийтинехь иза цкъа а ара ер
йолуш а яцара. Къомана тIехь йина къизалла цхьаъ мукъа а гучуяккхийта.

Маршо радио: Хьайбахехь Советан Iедало динчу зуламех лаьцна и жайна хIинца карла а даьккхина, кхин цкъа а арахеца кечлуш ву Хадисов Муса.
Цунах а, Хьайбахах лаьцна а кхин а шортта дуьйцур ду маршо радионо.

Дехар ду хIара йоьшучарга, Хьайбахех а, вайнах цIерабахарх а лаьцна тоьшалла дан документ, сурт, кхин хIума а елахь, тхоьца зIене довлар. Хьайбахан леринчу тхайн агIонна тIехь вовшахтухуш ду документаш, видеош, тоьшаллаш.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG