ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iедална Хьеставалар - Iедал Дезар?


Нохчийчоь – Кадыров Рамзан а, цуьнан да Ахьмад-хьаьжа а тIехь волу сурт, Гуьмсе, 27Гез2006
Нохчийчоь – Кадыров Рамзан а, цуьнан да Ахьмад-хьаьжа а тIехь волу сурт, Гуьмсе, 27Гез2006

Дикачу хьунарца, хьекъалца, доьналлица, майраллица гIараваьлла стаг зама, мел керчина, хийцалуш дIаяхарх, халкъан иэсехь вуьсуш ву. БIешераш дIаихча а, йиц ца еш, халкъан иллешкахь, дийцаршкахь, шайн заманан билгало а хуьлий юьсу турпалхойн цIераш. Тахана ерриг Оьрсийчохь а, Нохчийчохь а хIоьттинчу заман а ю шен билгалонаш. Цхьацца йолу цIераш сов лехаме хила там боцуш, кханенан карахь ца юьтуш, тахханехь эшаршкахула, хIолламашкахула, кхечу некъашца а исторехь йита гIерта нах баьржина.


Нохчийн халкъан кхоллараллехь дIаяздина къоман турпалхойн васташ. Уггар вевзачу турпалхойх ву Таймин Бийболат, Эвтархойн Ахьмад, Чечанара Мадин Жаьммирза, иштта дIа кхин а. Халкъо ша къобал а бина, иллешкахь базбина шен майра кIентий. Таханлера гIиллакх чIогIа къаьсташ ду хьалха заманахь леллачех. Карахь ницкъ а, таронаша йолчара шаьш шайна хIолламаш хIиттабо, урамийн цIераш тохку, иллеш-эшарш лоькхуьйту, жайнашна зорба тохуьйту.

Оццу хенахь, дош ца кхоош, цхьаъ йожаре сатуьйсуш, хьестабала кийчча лаьтта, Iедална гонаха гуттар а хьийза тоба. Кхана Iуьйрре йицлур йолу цхьа похIма а, маьIна а доцу байташ йоху цара, эшарш лоькху. И бахьанехь стамъелла, Iедал карахь долу стаг вазвеш йолу ша-тайпа кхолларалла.

Бухахь ладогIа оцу керлачу кхоллараллех лаьцна тхан эфирехь хиллачу программе.


Советан Iедал долчу хенахь, пачхьалкхан массо маьIIехь вуно дукха куьйгалхочуьн суьрташ дIадеттар, хIолламаш хIиттор, байташ яхар, эшарш лекхар, кIошташна а, гIаланашна а цуьнан цIе тиллар – ишта хила а дезаш, ца хилча йиш йоцу хIума санна тIеэцара.

Цуьнца цхьана, йиш йоцург йина, йазъйина йийцара коммунистийн парти а.
Радиочухула а, телевизионехь а, шайн дагахь, миллионаш бахархойн дог ойуш лекхара патриотийн эшарш. Масала, хIара саннарг лоькхуш хилла Нохч-ГIалгIайчохь. "Хьоме парти" бохуш, безамехь цIе йолуш.

«Хьоме парти», шира йиш.

Iедалш даздеш йолу хенаш дIаяхна бохург данне а дац. Бакъдерг аьлча, масех шо деара, эхI, дIаевли-кх уьш аьлла, хоьтуьйтуш. Оьрсийчохь цхьа а кIошт карор яц таханлерчу президентан Путинан Владимиран жима а йоккха а, - Путин везаре хьаьжжина хир ду иза - бюст, сурт, куз а боцуш. Гуттар гена ваьллачу цхьана оьрсийн вахархочо ша помдорийн керла даьккхинчу тайпана цIе а тиллина "Путин". Ткъа хIокху йоIа дийцарехь, цунна тIехьийза кIант а, Путинах тераниг бен ца веза.

«Путин», йиш.

Оьрсийчоь -- Премьер Министр Путин Владимир шех лаьцна арахецначу книге хьоьжуш ву, Пенза-гIала вахана волуш меттигерчу бахархошца хиллачу цхьанакхетарехь, 09Заз2011
Оьрсийчоь -- Премьер Министр Путин Владимир шех лаьцна арахецначу книге хьоьжуш ву, Пенза-гIала вахана волуш меттигерчу бахархошца хиллачу цхьанакхетарехь, 09Заз2011
Нохчийчура кегий нах ца бисина, Путин санна волу тIехьийза кIант везачу йоIана тIаьхьа. Ши шо хьалха ГIадужу беттан 5-чу дийнахь Нохчийчохь президентан харжамаш дIахьуш дара оьрсийн Iедалш. Хьалххе дуьйна хууш дара Соьлжа-гIаларчу Iедалан цIийне хуур верг Кадыров Ахьмад вуйла. Оццу дийнахь, ша вина де даздеш вара цуьнан кIант Кадыров Рамзан.

Локхуш-олуш, баьхкина нохчийн артисташ бара. Царна юкъахь вара, цхьа къона хелханча. Ша декъал вина ца Iаш, массо Нохчийчура бер а декъал дира цо, Кадыров Ахьмад президент харжарца. Цхьана хормина оьшуш долу кхаьжнаш дагар дина а далале, жима велахь а, Iедал карахь долчу нахана там болу дош ала хиира цунна.

Стигалкъекъачу беттан 9-чу дийнахь Соьлжа-гIаларчу стадионехь эккхийтар а дина вийра, эха шарахь бен Нохчийчоьнан президентан цIе лело ца кхиина волу Кадыров Ахьмад. Цуьнан цIарах дукха урамаш, майданаш, школаш ю Нохчийчохь. Цунна леррина яьккхина ю Расаев Хьусейна локхуш йолу йиш а.
Хьан эр ду, кхана Iуьйрре хIокху, боккъалла а хазчу мукъамна тIе кхин дешнаш дохкур дац?

«Ахьмадана» йиш.

Кадыров Ахьмадан цIе лелош ю гIо-даран фонд а. Оцу фондо даккхий ахчанаш билгалдохуш ду, катоьхна Гуьмсехь аквапарк ян. Схьагарехь, тIемаша кIелъйитинчу Нохчийчохь тахана уггар оьшуш меттиг ю иза. ХIинций дуьйна хууш ду, Кадыров Ахьмадал 20 де тIаьхьа веллачу цуьнан кIентан, Зелимхин цIарах иза хир юйла.

Ткъа таханлерчу Нохчийчоьнан Iедалехь вице-премьеран даржехь волуш, шен кхерамазаллин ницкъаш болчу Кадыров Рамзанан цIе ца лелош, хIумма а йисиний те аьлла хетало – спортан комплексашна тIера, некъаш жIара довлучохь туп тоьхна лаьттачу, чIепалгаш духкучу кафешна тIе кхаччалц. Схьагарехь, и ша дерриг ган а гина, хIара йиш ца лекхча ца Iавелла, Далдаев Шамхан.

«Рамзан», йиш.

Кхин цхьа йиш ю, вевзаш волчу нохчийн бизнесменна а, Нохчийчохь дIахьучу массо президентан харжамийн кандидатана а Сайдулаев Маликана яьккхина. Бакъдерг дийцича, йиш лакхархочуьнан цIе хаа аьтто ца белира сан. Схьагарехь, "Минга" цIе йолчу гIо-накъосталлин организацин куьйгаллехь лаьттачу бизнесмено динчу гIоьнна баркалла ала гIерташ ву иза.

«Малик», йиш.

Нохчийчохь а, ОвхIан пачхьалкхехь а, хьалхуо, цунамино бохам беанчу Къилба Азехь а, кхин а дуккха а пачхьалкхашкахь гIо-даран белхаш беш ю дуьненаюкъара организацеш. Масала, Чехера "Адам балехь" цIе ерг. Делахь а, цуьнан куьйгалхочун Пойар Томашана яьккхина я байт а, я йиш а ца хезна суна. Ур атталла, хьо лаха воьлчи а, цуьнан сурт ца карадо интернетехь.

Чехехь чIагIелла хилла коммунистийн режим йохош коьрта дакъа а лаьцна, маьршачу харжамашкахь шозза толам а баьккхина, Чехина куьйгалла динчу Вацлав ХIавлана а ца яьккхина цхьана цхьа йиш а, байт а. Иза ца везар я ца ларар дац иза. Стаг иштта хила везаш хилар гIиллакх хилла, дIахIоьттина хилар ду, шаьш дош хетачу нахана юкъахь.

Даккхий дегнаш долчу наха цкъа а ца вазво цхьа а, аьллера
шен хенахь французахойн яздархочо де Бальзак Онорес.

Зеделларо гойту, ларам болу стаг вазвина вийца оьшуш ца хилар. Лай хилла виса луучуьнан гIуллакх ду иза, аьлла Бэкон Фрэнсиса, ингалсан философа.

(Хlара программа эфирехь хилла 2005-чу шарахь, Дечкен баттахь)

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG