ТIекхочийла долу линкаш

Кадыровна Хетарг а, Нохчашна Цалуург а


Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан вазвеш, стигала цIераш оьхуьйтуш ю Соьлж-гIалин юккъехь, 05ГIад2011

Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан вазвеш, стигала цIераш оьхуьйтуш ю Соьлж-гIалин юккъехь, 05ГIад2011

Кху тIаьххьарчу шина-кхаа кIиранах массех шайна тIе тидам бохуьйту интервьюш елла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Оьрсийчуьрчу зорбан гIирсашна. Царех тIаьххьарниг ю «Вечерняя Москва» газетан агIон тIехь Кхаарий дийнахь зорбане яьлла. Журналисто кечдинчу Оьрсийчоьнан къаьмнийн юкъаметтигех а, пачхьалкхан идеологех а, Нохчийчохь хиллачу тIемийн тIаьхьалонех а лаьцна хеттаршна шен кепара жоьпаш делла Кадыров Рамзана. Кадыров санна Iедалан даржехь боцучу нохчаша муха жоьпаш лур дара те оцу хаттаршна, аьлла, оха телефонехула къамеле кхайкхира Нохчийн къоман Дуьненан Конгрессан куьйгалхо Тепс Дени.


Маршо Радио: «Вечерняя Москва» газетан корреспонденто, Оьрсийчоьнан къаьмнийн доттагIалла «болх бан доладалийта» хIун дан деза, аьлла, шега хаьттича, Кадыров Рамазана жоп делла, Iедалша пачхьалкхан орган кхолла еза къоман политикан хеттаршкахула йолу, аьлла. Кхеташ ду, массеран а цхьатерра ойла цахилар. Хьан хьажар муха ду?

Тепс: Дера министраллаш кхолларх а, кхин органаш кхолларх а хилларг дIадоьрзур дац. Цаьрга иза дIадерзадалур а дац. Цигахь кхолла езаш ерг трибунал ю. Цу трибунало нийсо йича, харцо сацийча, тIаккха доттагIалла лело некъ болу-кх. Иза ца хилча, цхьана а министралло нисдийр долуш хIумма а дац.

Маршо Радио: Нехан дегнашкара тIеман чевнаш дIаерзо хIун дан деза, бохуш, хоьтту Кадыров Рамзане «Вечерняя Москва» газетан векало. Нохчийчоьнан куьйгалхочо жоп ло, дIадаханчунна дегабаам а ца беш, даха деза, олий. Кадыровн лаам кхочушбан ницкъ бу, аьлла, хетий хьуна баланаша а, сингаттамо а йийсарехь латточу вайн нехан?

Тепс: Цхьана хIуман ойла ян езара вай. Хьалха, Кавказан тIом болчу хенах, вайн нах хьийзийна. Цул тIаьхьа, Советан Iедал хIотточу хенахь вайн нах дуккха а хьийзийна, дукха адам дийна.

1944-чу шарахь, махках а даьккхина, дукха адам хIаллакдина. Иза а дицдан деза? Кху тIаьххьарчу тIемашкахь а дукха адам хIаллакдина. Вай диц хIунда дан дезаш ду иза? Гуттар а, вайна тIехь Iазап а латтадой, дицдан деза иза бахар цхьана агIонна ницкъ бар ду.

Нийсо яц вайца лелош ерг. Цундела иза иштта дIадерзо деза, аьлла, ца хета суна. Бехкеболчаьргара жоп деха деза. Иза ца дехча, коьрта чохь долу хIума а дIадер дац, даг чохь долу хIума а дIадер дац. Иза харцонна тIехь дIадерзо гIертар нийса дац.

Маршо Радио: Оьрсийчоьнан идеологин бух го Кадыров Рамзанна дерриг а махкара халкъ цхьаалла йолуш хилар. Ткъа хьуна муха го и идеологи?

Тепс: Iедало нахана юкъахь нийсо лелийча, массо а къаьмнашна юкъахь нийсо лелийча, цул дика идеологи хир яц, царна оьшург а, цаьрца лелон дезарг а догцIена цара леладахь.

Цара къаьмнаш вовшийн кхоча а туьйсуш, онда а, доккха а долу къам кхечаьрна коча а туьйсуш, харцо лелайо. Цундела идеологи нийсонна тIехь бен хуьлийла дац. Ткъа вайца лелош ерг нийсо яц.

Маршо Радио: Кху деношкахь юха а вовшийн герзаш детташ летта нохчийн полицин белхахой а, тIемалой а. Шина а агIор байъинчу нехан терахьо сингаттам кхоьллина дуккха а нехан дегнашкахь.

Кху тIахьарчу 10-12 шарахь вайна гуш дерг ду кхин дIоггара маслаIат каро аьтто ца болуш, я ца лууш, нохчий вовшахлеташ хилар. Цу политикан муха мах хадор бара ахь?

Тепс: ТIамца вай долчохь цхьа а хIума чекхдер дац. Цара дийриг нохчий вовшах а лоьтуьйтуш, царна юкъахь и питана даржор бен, кхин деш хIума дац. Массарна а Дала гечдойла!

Полша -- Дуьненан Нохчийн Конгрессан ГIантда Тепс Дени зорбанан векалшка къамел деш ву, Пултуск, 16Гез2010

Полша -- Дуьненан Нохчийн Конгрессан ГIантда Тепс Дени зорбанан векалшка къамел деш ву, Пултуск, 16Гез2010

Делахь а, соьга хаьттича, оьрсийн хIинца йолчу режиман гIуллакх чекхдаккха гIерташ, нохчаша нохчий байъа ца безаррий-м хаьа суна. Нохчаша лело дезаш хIума дацара иза. ХIара тIом чекхбер бу, Дала мукъалахь! Пачхьалкхаца дерг а къаьстар ду.

Вай-м вовшашца витарца-висарца а, чIирца дерг а, цхьаъ лелор дара. Амма хьуна тIехь харцо а латтош, хьоьга къурд а олуьйтуш, и чIир дIаерзон гIертарх, цунах и чIир дIаерзар ца хуьлу, мел чIогIа даккхий къамелаш дарх а.

Нийсо хила еза цу тIехь. Нохчий нагахь санна цунах кхетахь, нохчаша ара а бевлла, вовшийн бойъур бац.

Маршо Радио: Ахь дуьйцучунца дуьстича, нисса бIостанехьа ойланаш йолуш нах хир бу вайнахана юкъахь. Церан Iалашонаш муха ю, аьлла, хета хьуна?

Тепс: И нах, шайн дагахь, шайна пайдаэца арабевлла бу, муьлхха а харцо лелийна а. Шаьш Iедална уллехь а хилчхьана, шайна цунах алссам бахам а гулбелчхьана, кхин оьшуш хIума а доцуш, хIокху заманахь шена дакъа даккха гIерташ, я оцу даржехь биса гIерташ болу, оцу хIуманна юкъахь болу нах бу уьш.

Хийла паччахьаш белла дуккха а бахам а буьтуш. Хийла адам а делла. ХIара хIинца дерг - я дахар а дац, я бахам а бац вайн нахана кхаьчнарг. Оцунах ца кхетар дакъазалла ю. Дакъазалла хиларал совнаха, вайн нохчийн Iовдалалла а ю иза оцу тIехь.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG