ТIекхочийла долу линкаш

Шена Нохчийчохь Гинчух Тоам Хилла Матвиенко Валентинина


Нохчийчоь -- Аьрру агlора: Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, Оьрсийн Чоьхьарчу Гlуллакхийн Министраллин Эскаран Командир Рожков Николай, Оьрсийн Федерацин Кхеташонан Спикер Матвиенко Валентина, Соьлж-гlала, 13Чил2012

Нохчийчоь -- Аьрру агlора: Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, Оьрсийн Чоьхьарчу Гlуллакхийн Министраллин Эскаран Командир Рожков Николай, Оьрсийн Федерацин Кхеташонан Спикер Матвиенко Валентина, Соьлж-гlала, 13Чил2012

Кхерамазаллин хьелаш оцу кепара чIагIдар Нохчийчохь хиланза дикка хан яра. Соьлж-гIалин массо а коьртачу урамашкахь лаьтташ бара полисхой а, чоьхьарчу эскарера салтий а. Невр кIоштахь эрна арахь а бара полисхой дIахIиттина.

Шаьш полисхоша дийцарехь, веза хьаша чохь а волуш, охьахаа догIучу хIаваан кеманна лаьттара герз ца тохийта ларлуш дара Iедалш. Оьрсийчоьнан Iедалан тIегIан тIехь диалгIачу лаккхарчу даржехь йолчу Матвиенко Валентинега Соьлж-гIаларчу аэропортехь хьоьжуш нохчийн Iедалхой бара. Хьалхваьлла вара республикан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Соьлж-гIалахь хьешана йинчу экскурсина юкъадогIуш дара коьртачу маьждиге а, микрорайонехь йинчу стадионе а кхачар.

Шена хIинцалц моттара, Петарбухехь долу маьждиг ду уггаре а хазниг, амма, хIинца хии суна, иза муьлханиг ду аьлла, гуонахь лаьттачу нохчашна там хуьлуш долу дешнаш элира цуо. Цигара, боьлххушехь, керстан килсане а бахара ша-берш.

Цу чуьрчу мозгIаро довха дешнаш бехира Нохчийчоьнан куьйгалхочуьн хьокъехь. «Кхузахь шун шорта меттиг ма ю, керста дин Iамо луучарна ишкол тайпа цхьаъ схьа хIунда ца йоьллу аша нахана хьехамаш бан? Оцу хIуманна тIехь, шуна хаза а хеташ гIо дийр ду республикан куьйгалхочо», аьлла тидам бира Матвиенко Валентинас.

Нохчийчохь долчу эскаран декъе а кхечира Федерацин кхеташонана куьйгалхо. Ишшта, цуо дакъа лецира Нохчийн парламентан кхеташонехь а.

ХIокху деношкахь политикан кхин цхьана хиламанна тIе тидам боьгIна бара Нохчийчоьнан - Оьрсийн Пачхьалкхан Думаехь хиллачу кхеташонна. Цхьааллин Оьрсийчоьнан фракцин депутат Воробьев Андрей трибунин тIера къамел дечу хенахь, дош-дашера а даьлла, цуьнан дов делира Жириновский Владимирца.



Либералан Демократхойн партин куьйгалхо, шен амалехь куьйгаш а лестош, мохь а бетташ, кхиссалуш вара, ша боргIал санна. Оцу делан сохьта цу шинна гуо бира кхечу депутаташа. Амма Жириновскийн аз бен дацара кхин хезаш. Цунна тIекхача гIерташ вара нохчийн депутат хаамийн а, зорбанан а министр хилла волу Саралиев Шамсаил. Гуш дара и дов кхин а дахделлехь, ткъеха шарахь политикехь доьвнашца шен рейтинг йоккхучу Жириновскийца тасавала мегаш хилар.

Оцу видеокийсаке хьаьжначу нохчаша «да виса шен делаI, цкъа мукъане а тоьхна елира цунна» бохуш дийцара. ХIинца, Оьрсийчоьнан президентан харжамашка воьдуш волу Жириновский Владимир, Нохчийчохь уггар а ца везачу политикех цхьаъ ву. Цуо кавказхошна дуьхьала деш долу къамелаш а дац цуьнан коьрта бахьана. Политикехь цуо лелош йолу шалхенаш го хьанна а.
XS
SM
MD
LG