ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийн мотт хьехаран мехала гIуллакхаш


Нохчийчоь -- Нохчийн меттан де а, нохчийн меттан Iилманчан Джамалханов Зайндин 90 шо кхачар а бигалдоккхуш, хьехархойн конференци хилла Соьлж-гIалахь, 14Охан2012

Нохчийчоь -- Нохчийн меттан де а, нохчийн меттан Iилманчан Джамалханов Зайндин 90 шо кхачар а бигалдоккхуш, хьехархойн конференци хилла Соьлж-гIалахь, 14Охан2012

Нохчийн меттан де а, махкахь шуьйра вевзаш волчу Iилманча-фолклористан Джамалханов Зайндин 90 шо кхачар а бигалдоккхуш, хьехархойн конференци хилла Соьлж-гIалахь.


Соьлж-гIалан президентан лицей-доьшийлехь дIаяьхьначу ерриг а Оьрсийчоьнан хьехархойн коференци цIе иштта зевне екаш яра: «Нохчийн мотт хьехаран мехала гIуллакхаш: дIадаханчуьнан зеделларг а, кханенан ойлаяр а».

Нохчийн маттах доьзначу тайп-тайпанчу хаттаршна жоьпаш цу гуламехь къамелаш дан билгалваьккхинарг хилла 23 стаг, шайна юкъахь Iилманчаш а, хьехархойн а, бен-бен тIегIа маьхькIамхой а болуш. Цу цхьаьнакхетар теш хиллачара дечу тоьшаллийца, и хилам ерриг а Оьрсийчоьнан хьехархойн конференци лара бахьана кIезиг хилла.

Ала догIу, цу гуламехь хиллачара дарий а деш, кIорге а йолуш, нохчийн маттах, цуьнгахь тахана долчу вочу хьолах, цунна орцане мохь беттал гIо оьшуш хиларх дийцинарг ву физико-математикан Iилманийн доктор, профессор Дадашев Райком.

Цо цхьа могIа масалаш а далош, дустарца гайтира, амал мадду сиха нохчийн ишколашкара юьхьанцара классаш ненан метта тIе яха езаш хилар а,тахана и ца дахь кхана тIаьхьа хирг хилар а.

Цуьнан кхоллараллех а, нохчийн мотт когабахийтарехь ца лаьцначу декъах а дуьйцуш, ша къаьстина къамелаш а деш, билгалдаьккхина цу гуламехь, гоьваьллачу Iилманча-фолклористан Джамалханов Зайндин 90 шо кхачар а.

Ша ала догIу, гарехь, дукха хена дуьйна а нохчийн университетехь хьоьхуш волчу филологийн Iилманчо Халидов Айсас цу конференцехь динчу къамелан цхьана агIонах.

Цо чIагIдарца, дуьненаюкъарчу «Юнеско» цхьаьнакхетаралло нохчийн мотт леш болчу меттанаш юкъа дIаязбар нийса дац. Нохчийн мотт леш бац, цара иза цхьа зер-талламаш бийраш хила дина хIума ду, аьлла, тешна ву и меттан говзанча.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG