ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Джоанна Николс: Бийцахь, денлур бу Нохчийн Мотт


Джоанна Николс, меттан говзанча, 25May2010
Джоанна Николс, меттан говзанча, 25May2010

Маршо радионо дуккхаза а дийцина, нохчийн маттах а, цунна гонах лаьттачу проблемех а лаьцна. Делахь а, хаддаза цунах лаьцна дийца дезаш хилар дика гуш ду. Ненан мотт кхиорах лаьцна дуьйцу, Нохчийчохь дIатарделлачу Iедалан дешаран министраллехь а. Амма, хIара ю аьлла, гIулч ца яьккхина цкъачунна, къамелаш дар бен. Кхеташ ду, иттаннаш шерашкахь дIатесна латтийна мотт, ма-лаъара, сиха кхуьур боцийла, Iедалан тIегIанна тIехь леррина цхьа программа тIе ца эцахь. Цул сов Iедало иштта программа тIеэцча а, шаьш нохчаша къахьега деза шайн ненан мотт кхиош, хазбеш а. Амма кест-кеста хеза тахана, нохчийн мотт къен бу; иза цIенна бийца ца ло. Оцу маттахь еша хIумма а яц бохуш. Говзанчаша дийцарехь, цкъа, бусулба дин тIеэцначу хенахь Iаьрбийн мотт юкъабаккхар, тIаккха, Советан пачхьалкхо ша долу хIума оьрсийн матте даккхар а бахьанехь гIелбелла нохчийн мотт. Амма тахана иза дахаран массо а тIегIанна тIе боккхуш хIума дахь, нохчийн ненан мотт денлур бу. Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкахь Беркли универститетехь нохчийн а, иштта, малхбале Кавказерчу кегийн къаьмнийн а меттанашна тIехь къахьоьгуш йолчу профессорца Николс Джоанница къамел дира Умарова Аминас, шен "Заманан билгалонаш" цIе йолчу программехь.


Мел хала хетахь а, дукха хьолахь шаьш нохчий а, Нохчийн республикан куьйгаллехь лаьтта хьаькамаш а башха сагатдеш хаалуш бац шайн ненан маттана. Цхьаболчу нохчаша-м нийсса дIаолу "хIун до оцу маттах? Дахарехь стенна оьшуш бу иза – валар-висар нисделча, вевза-везачуьнга вистхила хиъчхьана" олий. Ишттанаш, гIазакхийн маттахь деша лууш а, шайн бераша школехь оцу маттахь Iилманаш Iамо лууш а бу. Тидаме даккха догIу, цхьаболчу нохчашна гIазакхийн мотт, ерриг Оьрсийчохь бехачу дуккха а къаьмнийн векалел а чIогIа безаш хилар. Ненан мотт чохь буьйцуш, гIазакхийн мотт балхахь а, арахь а лелош берш а бу. Иштта буьйцучу маттах, меттанийн Iилманчаша – "кухни чура мотт" олу.

Кхин цхьа дакъа ду, цхьа бIе ах бIе шо сов хьалха, Даймахках бевлла, малхбалехь охьахевшинчу нохчийн тIаьхьалонех лаьтташ. Цхьа наггахь болчу доьзалшкахь тахана а буьйцу хеза ненан мотт. Амма, Iаьрбин а, ингалсан а меттанийн тIеIаткъам хаало. Нохчийчура тIом бахьанехь, Европехь баха охаьхевшинчу нохчех кхолладелла, оьрсийн мотт ца хууш, амма, меттигера меттанаш буьйцучеран дакъа. Цкъачунна, школехь а, институташкахь а доьшуш долу нохчийн бераш ду уьш.

Меттанаш-м, мелла дукха хиъчи а вуо ма дацара, ненан мотт ца эшабахьара боху ойла кхоллало. Муха нисделла те, нохчийн мотт сел чIогIа иэшна богIуш хилар? Хьан ойла ян еза оцу хаттарна тIехь? Цхьацца, юкъ-кара, шаьш-шаьш бевлла, нохчийн лингвисташа беш болу белхаш боцурш – нохчийн маттана тIехь кIорггера бина болх ца хаабелла, эзар исс бIе ткъоалгIачу шарахь, нохчийн йозадешар юкъадаккхар доцург. Оцу хенахь дуьйна 1944 Чиллан (февралан) 23-гIа де тIекхаччалц, аьлча а, нохчий цIерабаххалц бен, кхин оцу маттахь хилла яц дешаран система.

"Кавказера меттанаш толлуш делхьара вай дуккха а герга кхочур дара вешан орамашна"


Нохчийн Iилманчаша цхьа дикка, нохчийн мотт хууш, иза хазбийр болуш, кIорггера белхаш бан кийча болчу говзанчех тоба хIунда ца кхуллу те, олий а хетало? Тамашийна делахь а, геннарчу Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкахь, Берклерчу университетехь толлуш, Iамош бу нохчийн мотт а, Къилбседа Кавказера кегийчу къаьмнийн меттанаш а. ВорхI шо хьалха цига кхайкхинера нохчийн меттан говзанча Вагапов Iаьрби. Цигахь, оцу университетан цхьана профессорца Николс Джоанница цо яздира ингалс-нохчийн, нохчийн-ингалс дешнийн жайна. ПрахIе еъанчура, Маршо радио йолчу хьошалгIахь нисъелира Николс. Къилбседа Кавказера меттанаш девриг ца хиларх теша лаьа шена аьлла долийра цо шен къамел.

Николс Джоанна: "Маситта бахьана ду суна кавказахоша шайн меттанаш, тIейогIучу тIаьхьенна дIалург хиларх, со тешна хилар лааран. ЦIена меттанаш - нохчийн мотт, суьйлийн мотт, лаьзгийн мотт а. "Кухни чохь буьйцург" бац аса хьехош берг. Оцу маттах мотт беш долу хIуманаш ду - цуьнан кеп а, тIегIанаш а, амал а, ишта дIа кхин а.
Шен мотт боцуш долу къам, къаьсттина къам дац, буьззинчу барамехь хила ма-деззара. Кавказера нах шайн меттанаш буьйцучура совцахь, вуно атта гIазахкий хир бу царах. Аса бохург, дегнаш гIазакхийн хир ду. ХIетте а, гIазакхаша уьш шайн юкъаралле оьцур бу-бац - суна ца хаьа. Маттаца чIогIа доьзна ду гIиллакхаш, оьздангалла а, лелар, юкъаметтигаш, тайпанийн хIоттам, кхин а дуккха а, оцу тайпана хIуманаш. Вуьшта аьлчи, мотт бицбича, гIиллакх-гIуллакх дицло. Мотт а, гIилакх-гIуллакх а цхьатерра дIалуш ду тIейогIучу тIаьхьенна.

Къилбаседа Кавказера меттанаш, аса тIехь болх беш дерш – вайнехан - дегIастанийн я малхбале кавказера тоба - уьш массо а, нохчийн-гIалгIайн-бацойн тIера, суьйлийн, даьргIойн, лаьзгийн - Азербайджанна тIекхаччалц долу меттанаш ду. Оцу меттанийн этимологица а, уьш кхолладарца а боьзна белхаш беш йогIуш ю со. Суна масех вуно шира а, вуно чIогIа маьIне а дешнаш карийна кхузахь. Дукхе-дукха хенахь дуьйна, Кавказехь ялталелор даржарна тоьшалла деш деш ду уьш. Масала, "бIегIиг" я "тIаргIа" боху дешнаш карийна суна. Тхуна хетарехь, цо гучудоккху кузаш даррий, тIаргIий вуно ширчу заманахь дуьйна доладелла хилла хилар.

Малхбале-кавказан меттанийн тоба - гергарчу барамехь - бархI эзар шо хьалха кхоллаелла ю. Малхбале-кавказехь дуьххьара ялта кхио буьйлабеллачу наха бийца болийна мотт хила а тарло иза. И хьаха ду, тахана вайнехан-дегIастанхойн меттанаш буьйцуш болу нах, Месопотами ца лерича, уггар шира эр ду-кха вай, вайна евзачу уггар ширчу заманара, латталелорхойн тIаьхье ю. И тIаьхьие, уггар уллера уьйр ю, малхбузе цивилизацин бух кхоьллинчу нахаца. Аьлчи а, вай буьйцург беккъа цхьа мотт ца Iа. Иза доккха маьIна долу хIума вайна массарна а. ТIейогIучу хенахь и факташ йовзийта луур ду суна. Цунах лаьцна цхьаъ яздан а.

Шаьш ойла ейша, Афинашкахь, Крета-гIайренна тIехь а, Гомерана а, цо бийцинчу маттана а таламаш беш, мел рицкъ дойу. Я, тIом боьдуш лаьтташехь, Иракъехь, хьалхалерзаманахьлера хIолламаш ларбарна тIе мел ахчанаш хьовсадо? Иракъера Ур-гIалахь зигураташ ларъян а, оцу гIалина тIе бомбанаш ца еттийта а омар арахецнера. Бухарчу иракъхошна хилла а ца Iаш, дуьнена а маьIне хIума ду иза. Оцу ахчанийн уьтталгIа дакъа Кавказера меттанаш талларна тIехьовсош делхьара, археологин белхаш дарна, вай дуккха а герга кхочур дара, вай вешан орамашна. ЦIена цхьа мотт гочбар а, къам а, цуьнан башхалла а ларъяр а дац иза. Дерриг дуьненна а маьIне хIума ду. Дуьненаюкъара хIорддий, Ираккъий Iамочул а".

Маршо радио: Оццул еха истори йолуш, вуно дукха къаьмнаш дехачу Кавказехь лелла хила безара цхьа юкъара мотт. Тахана хIун мотт хир бара иза аьлла хаьттича, Николс Джоаннас элира:

Кавказехь юкъара лела мотт


Николс Джоанна: "Суна ца хаьа. Карарчу хенахь, дерриг дуьненчохь уггар атта а, дика а мотт - ингалс мотт бу. Амма хIун хаьа, цхьана шовзткъа шарахь, китайн мотт дIахIотта а тарло. Вай массара а иза Iамо безачух тера ду. Оцу китайн меттан, латини йоза делхьара, вайна массарна а атта хир дара иза Iамон.
Кавказах лаьцна аьлчи, дезткъе уьтталгIа шераш кхаччалц урхаллашкахь лела мотт а, кавказахоша вовшашка буьйцу мотт гIазакхийн мотт хилла. ХIинца хьалакхуьуш болчу кегий гуьржаша а, азербайджанхоша а кхин башха буьйцуш бац гIазакхийн мотт.

ГIазакхийн мотт, таханлерчу дийнахь ерриг Кавказерчу нехан юкъара буьйца мотт ца хилар, тIаьхь-тIаьхьа гучудолуш ду. Суна сайна а ца хаьа, муьлха мотт хир бара те, кавказахошна дика. ГIазакхийн мотт хир бу ала а со ца хIутту. Амма, схьагарехь, цкъачунна, иза Къилбседа кавказехь уггур гIолехь болчух тера бу. Коьртаниг хIун ду аьлчи, массара а тIеоьцур болу мотт юкъабаккхар ду.

Цигахь дехачу къаьмнаша шайх цхьаннен мотт юкъабаьккхича а, нийса хир ду аьлла ца хета суна.
Кхузахь суна масех дош ала луур ду, ингалс мотт – ненан мотт санний, дерриг дуьненанахь буьйцу мотт санний хиларх лаьцна. Зорба тоьхна йолу, говзанчаша ингалс маттахь язъйина Iамеркан истори а, ингалс литература а, Канадера а, Керлачу Зеландера а, Австралера а ингалс маттара Iилманан белхаш бешча карор ду, иза цIена, кхачамболлуш, вуно дика ингалс мотт хилар - дешанийн йоккха хазна а йолуш. Амма, дуьненаюкъарчу Iилман ингалс меттан стилистике хаьжчи, хетало, иза тоам боцуш бу олий.

Цхьа хIума тусало, цхьаболчу наха дуьненаюкъахь лела мотт буьйцучу хенахь, цIена ца буьйций. Амма цунах вай кхеташ делахь, тоам бан мегар ду. Кавказерчу наха вовше буьйцу мотт, мел верг вовшах кхеташ хилчхьана, тоам бийр бу вай. Масала, туристаш муха буьйцу? Иштта бийцичи а тоьар дара. Амма, шайн мотт бицбан мегар дац аьттехьа а. Вукху агIора, чIогIа дика хир дара, кавказахошна вовшашца Iилманийн дискуссиш ян а, талламийн институташкахь белхаш беш, археологин белхаш беш а, парламентехь бийца а цхьа мотт хилча. Оцу маттахь язъян мегар яра, Кавказан шира истори а. Доцца аьлчи, дуккха а къаьмнийн хьашташ лардарна тIебоьгIна цхьа дика мотт. Иштта мотт юкъабаьлча, шайна хуучу кепара бийца мегар дара - шайн акценташца а, гIалаташца а. Уьш вовшех кхеташ хилчхьана - тоам бан мегар ду".

Жималлехь дуьйна ши мотт буьйцу бераш


Маршо радио: Таханлерчу Нохчийчохь дешаран министралло цхьацца дийцарш дIахьо нохчийн меттан хаттарш дуьйцуш. Юьхьанцара классашкахь нохчийн берашна ша долу Iилма, нохчийн маттахь хьехар юкъадаккха дезара бохуш. Амма, оцу берашна тIахьуо хала хир ду боху цунна дуьхьала болчара, гIазакхийн мотт нийса бийца.

Николс Джоанна: "Маситта хаттар ду кхузахь.
Хьалхарниг: Бакъ дуй, еалгIачу классе довллалц, нохчийн берашна школехь массо Iилма а нохчийн маттахь Iамийча, юха цара оьрсийн мотт нийса ца бийца тарло бохург? Дац. Дуьненчохь дуккха а меттигаш ю, ши мотт буьйцуш. Вэлшехь, велш маттахь доьшу. Я, схьаоьцур вай Нейдерланд. Цуьнан цхьа кIошт ю, фризаша шайн мотт бен ца буьйцуш. Нейдерландхойн мотт а хаьа царна. Шен агIора, Нейдерландхойн а буьйцу ши мотт – немцойн а, ингалсан а...

Скандинавин пачхьалкхашкахь бераллехь дуьйна ингалс маттахь хьоьху. Амма, шайн ненан мотт дIа ца тосу цара. Шведийн, датхойн а, масане бу уьш. Схьаэца, Французийн мотт буьйцуш йолу, Канадера цхьа кIошт. Иза а ю ши мотт лелош - французийн а, ингалс а. ХIетте а царна новкъарло ма ца хуьлу, ингалс мотт буьйцуш. Ши мотт хиъчи - царех цхьаъ ледара буьйцур бу бохург ма дац. Аса кхин а эр ду, дукха меттанаш мел хии а, уьш кIоргера Iема хьуна. Аса аьлла бохург дац иза. Психологийн а, психолингвистийн а, дешаран говзанчийн а ойла ю-кха иза".

Маршо радио: Цул сов, цхьаболу нохчийн дай-наной а бу сагатдеш, нохчийн школа чекх яьккхар бахьанехь, кхана Iуьйрре, шайн бераш Оьрсийчохь лакхарчу школашка дIа ца эцарна аьлча, бахьана кхин го шена элира профессора Николса:

Николс Джоанна:
"Нохчийн дай-наной кхера оьшуш дац, шайн бераш нохчийн маттахь дешарх, тIаьхьуо царна оьрсийн мотт ледара хуур бара бохуш. Суна тусаделларг хIун ду аьлчи, нохчийн студенташна оьрсийн университеташка боьлхуш новкъа дерг, царна оьрсийн мотт тIех дика ца хаар дац. Шайн фамили бахьанехь, Нохчийчура арабевлла нохчий хилар бахьанехь ду. Иза ю проблема. Оьрсийчоьнан дуккха а кхечу меттигашкара, къомаха нохчий боцчу студентийн, гIазакхийн маттаца гIуллакх мел ладера делахь а, университете дIаоьцуш, проблемаш ца хуьлу. Акцент - проблема яц. ГIазакхийн мотт хаарций- ца хаарций йоьзна яц проблема".

Оьрсийн мотт ца хууш дуьсур дац нохчийн бераш

Маршо радио: Iамеркерчу профессора билгалдаьккхира, гобаьккхина гIазакхийн мотт буьйцучехь бехачу нохчийн кегийрахошна, гIазакхийн мотт атта Iемирг хилар:

Николс Джоанна: "Цул сов, кегийчу наха ГIазакхийн мотт хIете-вете а Iамор бу - телевизионе хьожуш, ГIазакхашца уьйраш лелош а... Цхьа акцент йоцуш, вуно цIена буьйцу цара иза. Проблема, нохчийн мотт Iалашбарехь ю. ГIазакхийн маттана хир долуш хIума дац. Цундела, нохчийн маттахь хьехар дика тIеэца деза нохчийн дай-наноша, иза мелла а шуьйра юкъабакххар. Нагахь санна, шайн бераш ГIазакхий хила царна ца лаахь. Лууш делахь, ГIазакхийн школе дахийта тIаккха бераш. ЦIераш яла еза, масала, Иван, ишта дIа кхин а. Фамили хийца еза, Иванов аьлла. Царах дIа а тарло, шаьш ГIазакхий ду а ала. Уьш ГIазакхийн юкъаралло тIеоьцур бу-бац-м ца хааь суна. И Iалашо церан елахь, цунна тIекхаччалц дIабаха беза уьш. Нохчийн бераша нохчийн мотт Iамийча, царна ГIазакхийн мотт вуон хуур бу бохург аьттехьа а дац".

Маршо радио: Маситта мотт Iамийначо тидаме эцна хир ду, меттанаш алсам мел Iамадо а, кхин дIа долу меттанаш мелла а атта карадоьрзий. Малхбузера меттанаш боккъалла а Iамо луучо, цкъа дуьххьара нохчийн мотт кIоргера Iаморна тIера волавала веза нохчо боху, Николс Джоаннас:

Николс Джоанна: "Кхин а цхьа хIума а эр дара аса, дика нохчийн мотт хааро вуно аттачу доккхур ду ингалс мотт а, кхин болу, малхбузехь буьйцу мотт а Iамор. ХIунда аьлчи, нохчийн меттан дешнийн хазна а, синтаксис а, аалар, аьзнаш а - немцойн а, ингалс а меттанашца мелла а догIуш ду, ГIазакхийн, я кхиндолчу меттанашкахь чул а. Хьо боккъалла а дика кIорггера немцойн, французийн, ингалс а меттанаш Iамо лууш велахь, нохчийн маттана тIера волавеза. ГIазакхийн маттана тIера а ца волалуш".

Маршо радио: Шен къамелехь профессора юх-юха а тIе тидам бахийтара, уггар хьалхара дан дезарг, нохчийчура школашкахь ша долу Iилма ненан матахь хьеха дезаш хиларна.

Николс Джоанна: «Билггал дешаран системехь лело беза мотт, зорба тухуш лелабе, газеташ арахьоьцуш, кхин дIа а. Байташ йохуш а, литературехь а лелийна ца Iаш. Массо Iилманан белхаш а оцу матте баха. Школера жайнаш ша дерриш нохчийн маттахь леладе. Биологин Iилманех лаьцна белхаш а, латтанах лаьцна Iилма а хила деза ненан маттахь. Иштта, нохчийн мотт массанхьа а хир бу тIаккха. Масала, Скандинаверчу университеташкахь Iилма, дукха хьолахь, диссертацин белхаш ингалс маттахь бу. Дуьненаюкъара дешархошна массо а хIума ингалс маттахь яздина ду. Я немцойн, французийн я кхечу, дуьненаюкъахь буьйцучу меттанашкахь яздина. Амма, классехь дIахьуш йолу лекцеш, презентациш, куьйгалхошца диссертациш юьйцуш, талламийн белхаш, меттигера зорба а, школера жайнаш - датхойн, швецийн, я кхечу, шайн ненан меттанашкахь яздина ду. Ингалс мотт, дуьненаюкъараллехь лело мотт бу. Бац, царна шайна юкъахь лела мотт-м. Иштта лело безара нохчийн мотт а».

Нохчийн мотт къен бу бохург и мотт ца хуург ву


Маршо радио: Школашкара, цкъачунна, юьхьанцара школехь программа нохчийн матте йоккхур аьлчи а резабоцурш дуккха а бу республикехь. И мотт къиен бу, карарчу хьелашца доьзна дешнаш дац боху цара. Цунна дуьхьала, нохчийн мотт къиен бу бохург аьтехьа а тIе ца дитира, Николса.

Николс Джоанна: «Нохчийн маттахь-м дац кIезиг дешнаш. Вуно йоккха дешнийн хазна ю. Мациевс I96I-чу шарахь арадаьлла дешнийн жайна аша схьаэцча, шуна гур ду, нохчийн маттахь тоъал Iилманан а, техникан а, математикан а дешнаш ца хилар. ГIазакхийн маттера схьаэцна дукха дешнаш дуй а, хийца а ца хуьйцуш тIедиттина. Иза ишта хIунда нисделла аьлчи, нохчийн маттахь хилла техникан а, Iилман а дешнаш, Iаьрбийн маттера схьаэцна долун дера, и дешнаш дIадаха юкъаяьккхина система яра. Вуьшта, муьлххачу а маттахь долу техникан а, Iилман а дешнаш, кхечу меттанашкара тIеэцна ду. Ингалс матте хьовсал. Ингалс мотт дика масала ду, хIунда аьлча, нийсса ах цуьнан дешнийн барам, французийн маттара схьаэцна бу. Ткъа, дерриш бохурш санна Iилман а, техникан а дешнаш, латин маттера схьаэцна ду.

ХIинца сан багара довлуш долу, дукхах долу Iилман дешнаш а ду, латин маттера. Аса юха а боху, нохчийн мотт къен бу ала йиш яц. Iаламат маьIне ду, керлачу концептана керла дош юкъадаккхар. Дукхах долу меттанаш, кхечу меттанашкара схьаэцначу дешнех дузуш ду. Нохчийн мотт буьйцучара иза кухни чохь бен ца бийцахь, довр ду цуьнан дуккха а дешнаш. Иза ду кхераме. Дешнийн хазна, нахана хууш долчу дешнех хIуттуш ю. Нахана берашкий, баккхийчу нахей бен ненан мотт ца хаахь, иза бицлур бу. Нохчийн маттахь ду шортта Iилманан дешнаш. Вагапов Iаьрбис боккха болх бина, вовшахтоьхна, дуккха а Iилманан а, техникан а дешнаш юкъахьдолу дешнийн жайна».

Маршо радио: Профессор тешна ю, массо хIума Iад дитина а, Нохчийчура Iедалш а, шаьш нохчий а нохчийн мотт Iалашбарна тIедерза деза бохучух:

Николс Джоанна: «Мотт Iалашбан а, хазбан дуьххьара дан дезарг хIун ду аьлчи, иза цIахь, шен чохь бийца беза. ШолгIа, арахь бийца а беза. Дешарехь лелабе иза, Iедалан балхахь лелабе. Терминологи а, математика а - нохчийн маттахь хила еза, нохчийн меттан амале ерзийна. Компьютерца а, электроникица а, астрономица а, физикица а, биологица а, географица а доьзна дешнаш нохчийн матте даха деза. Республикехь массо тIегIанна тIехь коьрта меттиг дIалоцуш болу мотт хила беза иза. Кухни чохь а, кегийчу бераш Iачохь а бен ца бийцахь, иза лийр бу. ХIунда аьлча иза массо агIора кхиош боцун дера. И мотт дахаран массо а тIегIанашкахь бийца беза. ЧIогIа ладамболуш ду, массо Iилманаш нохчийн маттахь хьехар.
Иштта, кхин ца хиллал маьIне ду, нохчийн мотт цIена бийца хьажар. Йоза хила деза, Iамо атта долуш. Урдан махкахь бехачу нохчашна кириллица ца лелайо. Европехь а, кхечу пачхьалкхашкахь а еха нохчийн диаспора а яц кириллица евзаш. Цундела, оцу меттан, йозадешаран цхьа кеп хила еза, атта карайоьрзур йолу. Иза ца дой, йоза-дешар Iамалур дац».

Ши мотт хууш болу Нохчийчура Iилманчаш


Маршо радио: Нохчийчура Iилманчашна, дукха хьолахь, ши мотт бен хууш ца хилар билгалдаьккхира Iамеркера меттан говзанчас шен къамелехь.

Николс Джоанна: Мел хала хеташ делахь а, нохчийн Iилманчаш, ши мотт хьовха, кхоъа, кхин а сов а меттанаш буьйцуш хила безара. Оьрсийн мотт хаа беза царна, дуьненаюкъахь лела кхин цхьа мотт бийца хьовса а беза - масала, французийн, немцой, иштта, ингалс а. ГIазакхийн мотт - Советан пачхьалкх йолчу хенахь оьшуш бара. Цкъа а дуьненаюкъара мотт хилла бац иза. Цкъа а хир бу аьлла хеташ яц со. ГIазакхийн Iилманчаша а, шайн белхаш ингалс маттахь язбо. Iилманан публикациш, мел ерг аьлча санна, ингалс маттахь ю. Дьуненаюкъарчу зорбанехь шайн белхаш арабохучу нохчаша хIете-вете а, ингалс мотт Iамо безаш бу.

Маршо радио: Маршо радиоца къамел деш, Николс Джоаннас ша, хIумма а хала а ца деш, ша болх бечу меттанашкахь а къамел дира.
Карарчу заманан хьелаш тидаме эцна, кегийчу къаьмнаша буьйцучу меттанийн говзанчаша реформаш ян еза аьлла хета шена бохура цо:

Николс Джоанна: «КIезиг наха буьйцучу маттана атта Iамалур долу йоза хила дезаран бахьана хIун ду аьлчи, уьш муьлххачу а пачхьалкхехь бехаш хилчи а, интернетехь а, имейлаш яздеш а, цхьанаа халонашца и мотт буьйцурш ца Iитталуш. Цхьа а, ша-тайпа элпаш ца лелош. Цундела, и цхьайоза хиларан реформа хила езаш ю хIете-вете а. Амма, оцу реформано хIинццалц лелийна йолу орфографи дIаяккха оьшуш дац. ХIунда аьлча, хьалхалера чкъор дIахада тарло керлачу йозанах. Цул сов, хьехархой а хир бац тоъал. Цундела, цхьана муьрехь хийцамаш бан безаш бу, и шиъ йоза, цхьатерра лела дезаш а ду. Юьхьанцара цхьа кегарий хила там бу, амма тIаьхьуо, цхьа йист ер ю.

Со хIун ала гIерта, цIахь бийца беза и мотт, мелла хала делахь а. Далург ша дерриг де. УьйтIахь, урамехь, берашца а. Оцу маттахь деша. Дахаран масо а хьелашкахь лелабе. Дозалла де цунах. Цхьана а маттал лахара ма хета иза. Суна хетарехь, дукха наха ладугIу пропаганде. Теша, масала, ГIазакхийн мотт дукха шира мотт бу, цуьнан еха истори ю, дешнаш алсам ду бохучух. Аьттехьа а бакъ дац иза. Вуо а, я дика а меттанаш дан а дац. Юкъара дIадевллий, тахана лелаш долий меттанаш ду.

Меттанаш цхьатерра дика гIирсаш бу, коммуникаци дIакхехьа. Уггар маьIне хIу ду аьлчи, керла юкъадевллачу хIуманашна дешнаш я кхолла деза я, кхечу меттанашкара схьаэца деза.
Оцу дешнаша меттан бух хуьйцур бац. Цо дешнийн хазна юзур ю. Цундела, дахарехь массанхьа а лелабе иза».

Муьлхачу хьолехь бу тахана нохчийн мотт? Нохчийн юкъараллехь хIун меттиг дIалоцу цо? ХIун статус ю цуьнан? Конституцино чIагIдарехь, Iедалан статус йолуш бу гIазакхийн а, нохчийн а мотт? Массо а тIегIанехь буьйцург а, зорбанехь а, телевизионехь а, парламентехь а, республикан куьйгалхочо а а буьйцург гIазакхийн мотт хилча, нохчийн маттана кхочуш дерг хIун дакъа ду? ХIокху а, кхин а дуккха, нохчийн маттаца доьзна хаттарш Маршо радионо дийцаре дохур ду шен программашкахь. Маршо радион тулгIенашна тIехь ладогIа, сан, Умарова Аминин "Заманан билгалонаш" цIе йолчу программе.

(ХIара программа дуьххьара эфирехь хилла Лахьанан (Ноябрь) беттан 26-чу дийнахь, 2006 шо)
XS
SM
MD
LG