ТIекхочийла долу линкаш

Говрахь кхуьуррий те ненан маттана тΙаьхьа?


Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан а, цуьнан министрш а Ненан Меттан Дийнан даздаршка баьхкира говрашкахь, Соьлж-ГIала, 25Оха2010

Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан а, цуьнан министрш а Ненан Меттан Дийнан даздаршка баьхкира говрашкахь, Соьлж-ГIала, 25Оха2010

Нохчийчохь Ненан меттан Де билгалдаьккхина дахначу кIиранах. Говрашкахь баьхкира Соьлж-ГΙалахь даздаршна кечйинчу майдана мехкан хьалхара куьйгалхой а, министрш а. Цара дуккха а мехала къамелаш а дира маттах лаьцна. Амма ца бохура, шаьш нохчийн мотт Ιедалан дарже а боккху, цо хΙинца дуьйна юкъарлонан хьашташ кхочуш а дийр ду. Нохчийн мотт лечу хьолехь кхобу, аьлла, хетачу нехан дог мустдина оцу хиламо.


Оьрсийчоьнан массийтта газета тΙе тоьхна ду расхачу динахь Соьлж-ГΙала Ненан меттан Де даздан вогΙучу Кадыров Рамзанан а, пайтонашкахь цунна тΙахьахΙиттина богΙучу Абдурахманов Дукхавахин а, кхечу лаккхарчу хьаькамийн а суьрташ.
«Вай Ιалашбан беза ненан мотт, кхион беза, дайша дитинчунна тешаме хила деза вай!» - бохура Кадыровс.

Оцу къамеле ладоьгΙначарна моьттура, нохчийн маттана хΙинца-м кхачор ма ю йоггΙу цΙе – Ιедалан мотт, официалан кехатийн мотт, мехкан коьрта мотт, аьлла. Ткъа, дезде тΙекхачале а санна, чекхдаьлча а кхозу Нохчийчоьнан гΙаланийн, яртийн урамашкахь оьрсийн маттахь реклама, пропагандин аннаш, урамийн, хьукматийн цΙерш. Даима а санна, ишколашкахь кΙиранах шина-кхаа сохьтехь хьоьху, дешархошна бале баьлла мотт. Шарахь цкъа Ιедалан тΙегΙанахь шен гΙайгΙанаш халкъо бийцаре бен мотт.

Соьлж-ГΙалахь хΙоттийна даздар лардеш Ιийра кху беттан 25-чу дийнахь даймахкана генахь, Францехь, веха нохчийн меттан хьехархо Ибрагимов Ιабдурахьман а. Цо дагахьбалламца дуьйцу шена новкъадеънарг. Шен сатийсам оцу дийнахь а кхочуш ца хили, ша-м кхушара мукъане а мехкан мотт бийр бу-кх ненан маттах, бохуш Ιийнера, элира цо.

Ибрагимов: « ЧΙогΙа хала а ма хета цара и кепаш лелош. Бакъдерг хΙунда ца дуьйцу, оцу Рамзана, мотт, хьалхарчу классера, Ιилманаш, терминаш нохчийн матте а йохуш, иза а, важа а хир ду, математикан терминаш нохчийн матте яьхна, и жайнеш арадовлу, и болх бина аьлча, хазахийтира суна, баккъала а и хир ду моьттуш. И ца хиллера аьттехьа а. И моттаргΙанаш, и аларш... шен цхьана кепара цΙе яккхийта. И пайде дац халкъана. ЧΙогΙа эшаме ду цара тахана лелориг. Ιуналла деш уьш хилча, доккха Ιилманчийн эскар ма ду тахана цигахь, цара, вовшашна тΙе а гулбелла, и болх бан безаш бара».


Маршо Радионо дукха хан йоццуш карладехира Нохчийн университетерчу ненан меттан факультетан куьйгалхочун Тимаев Вахин, нохчашна хьалхе ду ненан маттах официалан мотт бан а, ишколашка оцу маттахь болх байта а, бохуш, дийцинарг. Оцу къамело цецваькккхина Ιабдурахьман.

Ибрагимов: « Деллахь, оцу стагах, мотт безаш вацахьара, Ιилманча а хир вацара, бохуш, ла а доьгΙуш, Ιийнера тхо. ХΙинца, дукха хан йоццуш, цо ден къамел а, цо дуьйцург а – оцо чΙогΙа цецваьккхина со. 46 шарахь хьоьхуш хилла ша оцу университетехь, царех 1974-чу шарахь дуьйна нохчийн меттан а, литературан а кафедрин куьйгалхо ву ша, тахана школашкахь, 1-4 классашкахь, вайн берашка нохчийн маттахь Ιамадайта мегар дац, иза хьалхе хета суна, бохуш, и къамел до....Ткъа ас боху, оцу Вахига а боху, цуьнан накъосташка а боху, ванах, уьш, Ιилманчаш, хΙун деш хилла-те, меттигаш ларъянний бен, кхин бала хиллий-те халкъах а, махках а? Дог лозуш а хиллий-те и нах? Ма жима болх бац цара халкъана тΙехь бинарг! Вай, иза-м доккха мостагΙалла хила ма деза нохчийн къомаца! ТΙаьхье кхьуур ма яц! И шайгара меттигаш дΙаяхарна кхоьру-те уьш?! Рицкъа, карара а долуш, хила а хуьлуш, хийца а луш, кхечуьнга а кхочуш ма дара хΙокху дуьненан хΙума!.. Суна ца хаьа, со чΙогΙа цецваьлла, и нах стенах ларлуш бу-те, муьлхачу Ιалашонашка кхача лууш бу-те?! Дог лозуш-м бац уьш, суна схьахетарехь, вайн тΙаьхьенах».

Нохчийчохь ненан мотт Ιаморца йоллу халонаш лов дуьне ма-дду дΙасабаьржина бехачу нохчаша а. Францехь, ша вехачу меттехь, Ибрагимов Ιабдурахьмана шена могашалло могуьйттучу кепехь Ιамабо берашна ненан мот, ша цкъачунна юкъахваьллехь а, кхидΙа а хΙор бу ша, бохура цо, и болх.

Ибрагимов: « Гой хьуна, со а, со санна махках а девлла, пана махкахь Ιаш долчу тхуна инзаре чΙогΙа тамаше хета, ницкъ ма-кхоччу тхайн доьзалшна нохчийн мотт биц ца балийта, доьзалшца и буьйцуш, вайн шира дешнаш каро гΙерташ, уьш берашка дийцийта гΙерташ, дийнатийн, ораматийн цΙерш цаьрга юьйцуьйтуш, схьалоьцуьйтуш, нохчийн мотт хазбан, цΙинбан, тхайна хуучу кепара хΙокху Европехь дохкуш ду тхо. ...Со цхьаъ вац-хьуна, со саннарш дукха бу-хьуна, хΙора чохь. Кхузахь нохчийн мотт хьехна ас 2010-чу шарахь, итт баттахь, со цомгуш хиллалц йолчу хена чохь. Мах а боцуш, Делан дуьхьа, сайна мелана, кху тхан шахьарарчу наха ала а аьлла, церан берашна. 23 бер дара, уьш охьа а ховшийна, абат чекхъяккхина ас. Оцу бераша цецвоккхура со. Ахь хаттар делча, хьалалелхаш, ...иштта дукха ду-кх уьш оцу могΙарара. И бераш лууш дара тахана кхузахь нохчийн мотт бийца. Даймохк буйла, оцу даймахках дийцар – дукха хΙуманаш лелийна ас. Иштта, ас санна, Рима бохуш йолчу гΙалахь, и абат хила а ца хилла, ша, шениг, юкъаяьккхина, и абат ю кхузахь лелаш. Австрехь цхьа кхин зуда, берашна иштта Ιамош, шен чохь шен берашна Ιамон йолаелла иза, юха, соьга зΙене а бевлла, жайнеш дийхи... Мотт беза нах дукха бу тахана, Вахина а (Тимаев), и санначарна а и дукха ца безарх. Бакъду, мотт хьан буьйцуш бацахь, халкъ делла ларалуш ду, лийр ду».


РогΙера Ненан меттан Де, шеко а йоцуш, хаза дΙадаьхьира Соьлж-ГΙалахь. Амма хΙоттийначу суьрто – хьалха дайша санна, Ιадхьокху пондарш лекхарххий, говраш хехкарххий, маттана доьгΙна дац я тΙекхета а, я нахалахь шарбала а. Оьшург, гарехь, майрра цунах пачхьалкхан мотт бар а, иза 1едалехь бийцар а, лелийтар а ду. ТΙаккха бен баккхалур а бац нохчийн мотт ЮНЕСКО-но леш болчу меттанийн могΙара биллинчуьра баха яздина болчу меттанийн тΙегΙан тΙе.
XS
SM
MD
LG