ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийн Къоман Духар Даьржаш Ду Нохчийчохь


Нохчийчоь - Божарийн духар тоьгуш волу Тасуев Лом-Iела, цуьнан Соьлж-гIалара ательехь, 10Заз2012

Нохчийчоь - Божарийн духар тоьгуш волу Тасуев Лом-Iела, цуьнан Соьлж-гIалара ательехь, 10Заз2012

Нохчийн гIиллакхаш, ламасташ лардан тIехьовсийна, йохучу гIулчашна юкъахь къоман духар лелор а тIедиллина Нохчийчура Iедалша цхьана рузбан дийнахь мукъа а. Масех шо ду оцу дийнахь маьждиге боьлхучу божарша шайн дайш лелийначух духар тIедуху. Цунах дика гIуллакх хила хIума тоьгучеран. Божарийн духар тоьгучу Соьлж-гIаларчу цхьана ательехь хилира Маршо радион корреспондент.

Масех шо ду, Нохчийчохь Iедалан балхахь болчу буожарша пIераскан рузба дечу дийнахь, вет долу хачий-коч леладо. И мода юкъяьккхинарг ву республикан куьйгалхо Кадыров Рамзан.

Шаьш Iедалхоша,бакъ ца до, Iаткъам а беш иза лелош ду шаьш бохург, амма, товчара а, ца товчара а, ламаз дечара а, ца дечара а лелош ду иза. Оцу вет долу хечий кучан сий айъарцаний, цу тайпа духар тоьгуш йолу ательеш а алсамъйовла юьйлаелла махкахь.
Къаьсттина уьш дукха ю Соьлжа-гIалахь.

Тасуев Лом-Iела, долахо ву цу тайпа цхьана ательен. Иза ша тегархошна юкъахь а тоьллачарех говзанча ву. И болх цо беш бу, дIадаханчу оьмарийн 80 шераш дIадуоладеллачу хенахь дуьйна. «Беркат» базарахь ю цуьнан ателье.


Тасуев Лом-Iела мукъа деношкахь а болх беш хуьлу

Тасуев Лом-Iела мукъа деношкахь а болх беш хуьлу

​Iуьйрана дуьйна цигахь болх беш тIекхечира со цунна. Болх цуьнга саца а ца бойтуш, къамел хилира тхойшиннан. Шен ательехь, тоьллачух гIирс болшшехь, деккъа вет долу коч-хеча тегар бу шайн коьрта болх, бохуш дийцира Лом-Iелас.

Тасуев Лом-Iела: Вай дайша лелийна долу вет долу коч-хечий олу цунах. Кител-хечий а олу. ХIорш, хьалакхозурш, е аьлла йина ю, амма, чу веанчунна гойтуш а ю. Хьалха хилларш рекламан дIаоьхкина яра, уьш а, цхьаболчарна дIа а юхкуш, кхечарна яла а луш дIаевлира. Цхьаверг шена ишта еза я вуьшта еза олуш хуьлу. Кхин верг, шен муха еза ца хууш а хуьлу.

Маршо радио: Iедалан балхахь болчара и духар товш делахь а, дацахь а лелон дезаш ма ду…

Лом-Iела Тасуев: Тахь а ца тахь а бохург данне а дац. Къонахчуьнгахь, тIейоьхнарг муьлха а хIума товш ю, хила езаш а ю. ХIора стеган шен-шен дегIан цхьацца билгалонаш хуьлу, цундела цуьнан дегIе хьаьжжина иза кеч а вой дIавохуьйту.

Тасуев Лом-Iелас цхьана кIирнах 2-3 коч-хечий тоьгу

Тасуев Лом-Iелас цхьана кIирнах 2-3 коч-хечий тоьгу



Марша радио: Лом-Iелийн ательехь хIинцца тегначу вет духарна уллехь кхозуш ю нохчийн шира, хIинца наггахь бен лелош йоцу гIовтал. Цхьаццанхьа йоманаш а йолуш ю иза. Иза шега кхачарах лаьцна ишшта дийцира тегархочо.

Тасуев Лом-Iела: «Родина» совхозехь вехаш ву Iалбек цIе йолу воккха стаг. 95 шо долуш стаг ву иза,йоккха кIан маж а йолуш, ойлаяийн санна цIена бос а болуш воккха стаг ву иза.Со волчу цхьацца хIума таейта вогIуш а хуьлу иза.Цуо элира соьга, шен деде хилла гIовтал яхьара ю аьлла.Цуо схьадийцарехь, Казахстане дIабуохош, цьунана деденна тIехь еллина гIовтал ю иза.

Маршо радио: КIирнах маса духар тоьгу ахь?

Тасуев Лом-Iела: КIирнах 2-3 а тоьгу. Схьаэцначул тIьахьа, 2-3 де деза цхьаъ тега, стеган кепе ялон. ХIинца, гой хьуна, хIара хечин киса ду тоьгуш дерг. Цуьнана шен барам хила беза, лелочуьнан дегIе хьаьжжина.

Маршо радио: Нохчийн оцу духаран хууш ма-хиллара нодарчий ца хилла. ТIаьхьарчу хенахь, цхьаццамо шайна тоьгуш ерг, нуьйда а йолуш, кисанаш а долуш хилийта олу. Ткъа боккъал а хила дезаш долу вет коч-хечий, уьш долуш ца хилла. Цул совнаха, нуьйда меттана долу ветан маьIнах лаьцна иштта дийцира Лом-Iелас.

Тасуев Лом-Iела: Цхьаволчуьнан нодарчий ю, кхечунна вета а болуш ю и коч-хеча. Хьоьвзинчу тайнах а бо иза, дагийначу чимчаргIех а бо. И вета, вай дайша лелийна бу. Iуьйрана коч тIеюгIучу хъенахь, иза дIайоккхуш а, куьйга пIелгийн буьхьигашна массаж а хуьлуш, цхьа маьIна долуш, цхьана хIуманна схьадеана ду иза. Тахана, пIелгашна ишшта массаж йича бIаьрг серла болу, цIий а дика дIасалела. Дайшна хууш хилла-кх и хIуманаш.

Маршо радио: Лом-Iела, тахана оцу нохчийн духаран, тIе хIун тухура дара ахь, ян тIера дIа хIун доккхур дара ахьа?

Нохчийн духарна тIехь хийцамаш бан беза аьлла ца хета Тасуевна

Нохчийн духарна тIехь хийцамаш бан беза аьлла ца хета Тасуевна

Тасуев Лом-Iела: Вай оцу, вет долчу кучанна а, хечина а тIетуоха а, дIадаккха а хIума дац. Суна схьахетарехь, цхьаъ тIетоухахь, тIаккха вай къоман духар ца хуьлу цунах.

Цхьаволу стаг схьа а вогIий, олу «шена коч йоца езара, тIехула йоьхначу хIуманна кIелара гучу ца йолуш ерг» олий. Уьш кхетабо, и оцу кучанна йохалла, ламаз дечу хенахь, букъ гучу ца балийта йина ю олий. Кхечу агIора иза ян йиш йолуш яц. Кху чуьра ара йоккхуш ерг ишшта еш ю, ца хаьа, цигахь цара хIун до.Суна оцу духаран сий дайа а ца лаьа.

Маршо радио: Нохчийн духар тоьгуш волу Тасуев Лом-Iела цхьана замана юкъана, шен болх дIа а тесна, шен хIета хилла болу нийсархой санна, аттачу ахчанна тIаьхьаваьлла лелла Москох а, Оьрсийчоьнан кхечу гIаланашкахула а. Амма тахана ша кхетта боху цуо, адамийн мах лакхабоккхуш берг болх ца хилар. Ахь, муьлха а болх, цуьнан сий а деш бахь, нахана гIулакх а хуьлуш, дуьххьара хьуна хьайна а, дог а, дахар а синтеме доккхуш хуьлу иза, аьлла тидам бира, нохчийн тегархочо Тасуев Лом-Iелас.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG