ТIекхочийла долу линкаш

Серлоне Кхийда ТIемаша Чахчийна Поэтан Дог


Нохчийн литература езачаьрна дика евзаш ю Юсупов Iилманан поэзи.

Нохчийн литература езачаьрна дика евзаш ю Юсупов Iилманан поэзи.

Нохчийн литература езачаьрна дика евзаш ю Юсупов Iилманан поэзи. Цуьнан байташ масех гуламехь арахецна ю.



Цулсовнаха литературан журналашкахь а, газеташкахь а зорбане йийлина уьш. ТIаьхьарчу шерашкахь Европехь вехаш волчу поэтан кхолларалла йовза аьтто белира кху деношкахь Швецерчу Соллефтео гIалин бахархойн.

Лаьтта йоьжна, даг чу тили
Бузуш болчу маьлхан мекха.
Сагатталуш, ас аьлла илли,
АстагI лелхаш, бай тIехь тиэкха.
Бай цо ведбинехь а, хьешна,
Даци-й иза-м иштта къиза -
КIирделла хьо яре хьежна,
БIаьрса дайна, лелий иза-м...

И дешнаш яздина волу Юсупов Iилман дика вевза вайнехан литературица бала болчаьрна. Цуьнан байташ масех коллективан гуларшна юккъехь а, авторан шен жайнашлахь а араевлла.

Нохчийчохь тIемаш болабалале „Васт“ цIе йолчу газетехь а, „Орга“ журналехь а кест-кеста зорбане йовлура Юсупов Iилманан байташ. ТIаьхьарчу хенахь, бакъдерг аьлча, Нохчийчурчу хаамийн гIирсашкахь янне а йоцуш санна юьстаха юьтуш ю цуьнан кхолларалла, цхьа моггIа кхечу даймахкал арахьа бехачу вайнехан яздархойн а, поэтийн а санна.

Карарчу хенахь Швецехь вехаш волчу поэтан байташ массех маттахь гочйина ю. Ша аьлча ингалс матта, масала, я шведийн, оьрсийн, испанхойн меттанашка. Нохчийчохь цуьнан кхо книжка араяьлла, „Заманан мазлагIа“, „Доьналлин маьждиг“, „Иэсан гIу“ цIераш а йолуш.

Кху деношкахь Швецерчу Соллефтео цIе йолчу гIалан бахархойн тидаме ехкира Юсупова шен цхьайолу байташ. Шведийн, кхечу къаьмнийн культуран уьйраш чIагIъярна лериначу кхолларалин суьйренахь хилира иза.

Аргентинера а, Испанера а, Боснера а, Суданера а, ткъа иштта ша Швецера а гулбеллачу дуккха а хьешашна хьалха поэта шведийн а, ингалс а меттанашкахь йийшира шен байташ. Ткъа цултIаьхьа Нохчийчурчу хьолах а, шен кхоллараллех а лаьцна долчу хаттаршна жоьпаш а делира.

Ала догIу, Юсупов Iилманан байташ цу Скандинаверчу махкахь „Нохчийн кхерч“ цIе йолчу гуламехь шведийн маттахь араевлла хилар. Цул сов, даханчу шарахь цуьнан байтийн кочар Швецерчу исбаьхьаллийна леринчу „Тиднинген Культурен“ цIе йолчу журналехь араделира.

Уьш нохчийн маттера шведийн матте меттигерачу яздархочо Ян Вольф Ватца яхнера. Байташ арайовларх лаьцна дешхьалхе язйинчу журналан коьртачу редакторо Шенлаэр Буэла лаккхара мах хадийра поэтан кхоллараллина.

„Нохчийн поэзехь новаторех ларалуш ву Юсупов Iилман, - аьлла яздира цо шен артиклехь.-Шен къоман поэзехь цо кхиийна тайп-тайпана байташ язяран кепаш, масала, сонеташ, газелаш, рондо, иштта дIа кхин а...“

Редакторо яздинчунна тIетоха лаьа Юсупов Iилмана даханчу шерашкахь вуно беламе а, ира а эпиграммаш а язъеш хилла хилар а. Нохчийн литературехь цуьнга кхочуш муьстачу а, кIоршамечу а, амма цуьнца цхьана беламечу а эпиграммийн говзанча ван а вацара. Бакъду, тIаьхьарчу шерашкахь и болх поэто, хала хеташ делахь а, битинчух тера ду.

Карарчу хенахь поэто дукха хьолахь Даймахках а, шен кхолламах а, тIемийн Iийжамех а, амма иштта сирлачу синхаамех а, ирсах а, безамах а яздо. Поэтан кхолларалла езачеран аьтто бу цуьнан керла байташ дуккха а йолчу нохчийн интернет-сайташна тIехь еша.
XS
SM
MD
LG