ТIекхочийла долу линкаш

Испанехь дIахецна вайнехан "террорхой"


Испани -- РогIера леррина операци дIахьош ю Испанин полици.

Испани -- РогIера леррина операци дIахьош ю Испанин полици.

Ах шо хьалха Испанехь йоккхачу гIовгIанца, террорхойн хиларна бехке а бина, лаьцна хилла нохчийн кегийн нах хIинца, бехке бац аьлла, дIахецна. Ши нохчой, цхьа туркой вара ах шо хьалха Испанехь лаьцна, хIетахь дуьйна набахтехь латтош.

Царна бехкедиллинера, „Аль-Къаида“ террорхойн боламца уьйраш хилар , Европехь талорш дан кечлуш хилар а. ХIинца и кхоъ, бехке ца хилла, аьлла маьрша ваьккхина.

Даханчу шеран марсхьокху баттахь дара, Испанин чоьхьарчу гIуллакхийн министра Диас Хорхе Фернандеса лерина зорбан конференци гулйина, терроран тIелатарш дан кечлуш хилла йолу тоба гучуяларх лаьцна дIахьедар дича. Цуо хIетахь йоккхачу IалагIожаца дIакхайкхира, лаьцначарех шиъ Оьрсийчоьнан вахархо ву, къомах нохчий а ву, кхозлагIниг Туркойн махкара орамаш долуш ву, аьлла.

Иштта министро дийцира, и кхо стаг Испанин къилбехьа Iуьллучу Ла-Линеа де ла Консепсьон цIе йолчу гIалахь Iаш хилла, цу гIалахь шаьш бехачу хIусамехь цара лелхаш долу молха дIадиллина хилла аьлла.

Лаьцначеран хIусамехь карийна оьккху молха, ша министро мукIарло дарехь, цхьа кIеззиг бен ца хиллехь а, амма и кхоъ, шеко а йоцуш, террорхойн цхьанакхетараллина Аь-Къаидина декъашхо хилла хилар а, ткъа иштта уьш Испанехь а, Францехь а лелхийтарш дIадахьа кечлуш хилла хилар а довзийтира Испанин чоьхьарчу гIуллакхийн министро журналисташка.

ХIеттехь гуш дара, Испанерчу Iедалхошкахь лаьцначу кхаана дуьхьала баккха цхьа а билгал бехк ца хилар, шеконаш йоцург. И шеконаш а яра, лаьцначарехь цхьаннан, туркочунна, хIусамехь цхьа цинца оьккхуйтучу молханийн карорна тIехь кхоллаелла. „Хила там бу, - бохуш дуьйцура министро, - и кхоъ я Испанехь, я Францехь, я кхечу Европерчу пачхьалкхехь террроран акци дIаяхьа дагахь хилла хилар“.

И тайпа шеконе, бух боцу далил пачхьалкхан министро, забаренна а доцуш, далор – боккъал а кхардаме хIума дуйла гуш дара хIеттехь тергамхошна, амма вайнахаца доьзна долу негативе костанаш хазахетарца даржош болчу оьрсийн хаамийн гIирсаша дукха сихонца дIасадаржийра, нохчий Европехь терроран тIелатарш дан кечлуш хилла бохург чIагIдеш долу хабар.

ГIовгIане хаам баьржинчу муьрехь хаамийн гIирсашкахь, Испанхойн министрана тIе а тевжаш, чIагIдеш дара и лийцинарш Аль-Къаидина юккъе богIуш хилла, бохуш. Жимма хан яьлча, цигарчу Iедалхоша Аль-Къаидина верси яцаре йича, иза бакъ ца хилла, уьш Пакистанерачу „Лашкаре Тайба“ цIе йолчу террорхойн вовшахтохарраллийна юккъе богIуш хилла аьлла дийцира.

И кхоъ Пакистанерчу террорхойн лагершкахь кечамаш беш хилла а бохура, ткъа шина нохчочунах цхьаъ, цу тIехула тIе, ГРУ олучу оьрсийн эскарийн къайлахчу сервисехь белхаш беш хилла ву бохуш а чIагIдора.

ХIинца и дерриге а, оьрсаша олуш ма-хиллара, пIерг цIуббина, даьккхина хилар, вуьшта аьлча, деккъа цIена хардерг хиллийла къаьстина. Испанерачу полицино и ши нохчой, туркой бехке хиларна цхьа а тоьшалла дац шайгахь, аьлла, маьрша ваьккхина и кхоъ. И, бехк боцуш, ах шарахь сов набахтехь валлийна кхо стаг, шайна харц цIе а кхоьллина, шаьш хьийзорна Испанин Iедална дуьхьал кхеле вер вуй бохург цкъачунна хууш дац.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG