ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIематасадалар хилла Гуьмс-кIоштахь


Нохчийчоь -- Леррина тIеман операци дIахьуш бу Нохчийчура полицин ницкъаш, 15Дечк2008
Нохчийчоь -- Леррина тIеман операци дIахьуш бу Нохчийчура полицин ницкъаш, 15Дечк2008

КIиран-дийнахь Гуьмс-кIоштахь полицин ши белхахо а вуьш, ши тIемало вийна шаьш, аьлла, хаам бира Нохчийчурча Iедалша. Цара дийцарехь, Герзель-аулехь вийнарг ву меттигера ши вахархо Бантаев Ахьмад а, Алхазов Бислан а. ТIематсадалар хиллачу меттигана таллам беш, цаьршимма герз а, кхин долу тIаманна оьшург а латтош йолу меттиг карийн шайна бохуш чIагIдо Iедалша.


И тIематасадалар хиллера, Гуьмса кIоштехь, Лаххара Герзель олучу юьртан йистехь. Цигахь, меттигерачу полисхошна гучуваьллера ши тIемало. И шиъ цу меттера къайлавала гIоьртина хилла, амма, го беш буйла хиича, шайгахь долчу герзаца, дуьхьало йина цу шиммо. Оцу операцийн мел йолу къайле гучуйоккхуш яц низамхоша. Хууш дерг ду цуьнан жамI и ши тIемло вийна.

И шиъ ву боху оцу кIоштаа ши вахархо Алхазов Бислан а, Бантаев Ахьмад а. Иштта, оцу операцехь цхьацца чоьвнаш а хилла велла, Гуьмс-кIоштан полицийн декъана куьйгалхочуьнан гIовс, Джамалдаев Аслан а, оцу декъарчу полицийн ротийн буьйранча Адалаев Ахьмад а.

Операци йирзинчулла тIаьхьа оцу меттигана генадоцуш, хьуьнхахь карийна, вийна волу ши тIемало лечкъаш хилла йолу меттиг. Лаьттах яьккхинчу тоьлан чохь карийна, газан пеш а, герз а, цуьнан гIирс а. Герз таллам бан дIадаьхьна, ша и меттиг эккхийтина.

Нохчийчоьнан а, Дагестанан а дозанехь хIара хилла долу тIематасадалар дуьххьара хуьлуш дац, хIокху бIаьста. Дукха хан йоцуш, Дагестанехь, полисхошна тIелатар а дина, 6-7 стагах хоьттина йолу тIемалойн тоба, Нохчийчу сехьяьллера. Кхузахь уьш лохуш болх бира нохчийн низамхоша. Амма, церан лар ца карийра.

Жимма хьалхо шина республикан дозанехь дийнахь а, буса а дахделлачу тIематасадаларехь 7 тIемало вен аьтто баьллера низамхойн. Амма оцу жамIах боккха мах бала дийзира нохчийн ницкъаллийн структурийн. 17 стаг вийнера, 24 лазийнера. Вийначу хIора полисхочуьнан доьзалшна цхьацца миллион сом делира меттигерачу Iедалша.

ТIеман низамшаца оццула даккхийн зенаш хилар боккха эшам лоруш бу, амма, хIора операцехь, кхерамазалла Iалаш а ца еш, оцу тIеман кIурана юккъе лелха цхьаболу эскархой.

ХIара шо доладеллачу дуьйна Къилбаседа Кавказехь хиллачу тIематасадаларшкахь вийна 50-х тIемало а, царна гIо деш берш а. Оццула хила мега белла болу низамхой а. Маьрша бахархошна юккъахь а ду алссам дараш. Оцу ша долчу хIумано дика гойту, боху, цхьаболчу тергамхоша регионехь партизанийн тIом боьдуш хилар.

Масала, Оьрсийчоьан Пачхьалкан Думан депутат волчу Гудков Геннадийна хетерахь, экстремизман кхерам Къилбаседа Кавказехь лакхаболуш бу, ницкъаллийн стурктураш наггахь кхиаме жамIаш гойтуш далахь а. Оьрсийчьнан инарла прокуратурехь а даре до ситуаци ма хеттара дика ца хилар. Иштта, даханчу шарахь Къилбаседа Кавказехь ши шо хьалха хиллачулла, 24 процентана лакхадаьлла терроран зуламийн терахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG