ТIекхочийла долу линкаш

Осмаев Адам Оьрсийчоьне дIалур вац Украино


Оьрсийчоь-- Хьалхарчу телеканалан вебсайтан тIера схьаэцна долу экрантIера даьккхина долу сур, 27Чил2012

Оьрсийчоь-- Хьалхарчу телеканалан вебсайтан тIера схьаэцна долу экрантIера даьккхина долу сур, 27Чил2012

Путин Владимирна тIелатар кечдарна бехке вечу шина стаге теракт а кечйина, терроран тоба а кхоллина, аьлла, бехк кховдийна Украинан кхерамазаллан сервисо.


Казахстанера Пьянзин Илья а, Нохчийчура вахархо Осмаев Адам а дIалецира Украинан кхерамазаллан сервисан белхахоша кху шеран Чиллан-бутт болалуш. Цкъа дуьххьара царшинна бехке дуьллург дара, бакъо а йоцуш, герз а, саьмгар а лелор.

Чиллан-беттан 27-чу дийнахь Оьрсийчоьнан Хьалхарчу телеканало сюжет гайтира Украинехь дIалаьцна волу и ши стаг Оьрсийчоьнан куьйгалхошна тIелатар кечдеш хилла, ткъа коьрта церан Iалашо хилла цу деношкахь Оьрсийчоьнан президентан харжамашкахь кандидат санна дакъа лоцуш волу Путин Владимир, аьлла.

Оьрсийн пачхьалкхан телевизионо чIагIдарехь, эккхийтар кечдеш хилла зуламдайша Москох Iедалхойн ковраш дIасалелачу Кутузовн проспектехь.

Оццу дийнахь Украинан кхерамазаллан сервисан официалан векал йолчу Остапенко Маринас бакъдира хаамийн гIирсашна, ша аьлча Би Би Сина, шаьш Оьрсийчоьнан лерринчу сервисашца цхьана Украинан территори тIехь леррина операци дIаяьхьна хилар.

Амма цо комментари а ца еш дитира Путинна тIелатар деш хилла цхьа нах, бохуш, баьршина болу хаам.

Цу деношкахь Коммерсант-газето хаам бира Пьянзина а, Осмаевс а Оьрсийчоьнан Хьалхарчу каналана шаьшшиъ бехке хиларх лаьцна дийцинехь а, цхьа а тоьшалла дац и шиъ Путинна тIелатар кечдеш хилла хиларан, аьлла.

ТIаьхьо дийца даьккхира Осмаев а, цуьнан накъостий а дагахь хилла Кадыров Рамзан ве, аьлла.

Цхьаболчара дийцара иза леррина даржош ду Нохчийчоьнан куьйгалхо Осмаев къелхьара ваккха дагахь цу юкъа ца гIортийта Iалашо йолуш, аьлла.

Амма тIахьо Украинерачу талламхоша дIахьедар дира шайгахь тоьшаллаш ду тIемалой Путин Владимир вен дагахь хиларан, аьлла.

Украинан кхерамазаллин сервисан пресс-центро бинчу хаамца, Пьянзинна а, Осмаевна а дуьхьала бехк-такхман гIуллакх схьадиллина шина артиклехула: «терроран вовшахтохаралла кхоллар» ткъа иштта «теракт кечъяр».

Ткъа муха тIеоьцу Нохчийчохь Iедалшна муьтIахь хиларца бевзаш болчу ОсмаевгIеран стаг, цу кепара бехк а кховдийна, дIалаьцна хилар? Цунах лаьцна дуьйцу Соьлжа-гIалара Султанов Ахьмада.

Сулатнов Ахьмад: ОсмаевгIера доьзал Нохчийчохь дика бевзаш бу. Цуьнан деда, масала, Советан Iедал долчу хенахь Шелахь кIоштан партин коьрта секретар хилла ву.

Оцу Асмаев Адаман деваша Осмаев Амин, масала, хьалхара тIом чекхболучу хенахь Госсовет олучу кхеташонан куьйгалхо хилла ву. Иза хIинца Москох ву. Интелегенцина юкъахь лоруш стаг ву иза.

Муьлхха а Iедал тIедеача а, цунна гIортор а йеш лаьттина болчу оцу доьзала юкъара иштта и кIант валар тамашийна хета нахана. Дукха наха иза дузу президентан харжамашца.

Осмаев Адамна дуьхьала бехк-такхаман гIуллакх схьаделлар бахьана долуш, иза дIалур вац Оьрсийчоьне. Цуьнах лаьцна дIахьедар дина Украинан инарла-прокуратуро.

Ткъа террорахо ву бохуш цуьнца вуьйцуш волу важа стаг Пьянзин Илья дIавоьхуш а вац Оьрсийчоьно.
XS
SM
MD
LG