ТIекхочийла долу линкаш

Экстрим-туризм езачеран меттиг ю Нохчийчоь


Нохчийчоь--Нохчийн лаьмнашкара когсалазийн курорт йилла билгаляьккхина йолу Ведучи-эвлан йистехь.

Нохчийчоь--Нохчийн лаьмнашкара когсалазийн курорт йилла билгаляьккхина йолу Ведучи-эвлан йистехь.

Къилбаседа Кавказехь садоIу меттигаш яхка яккхийн планаш ю Оьрсийчоьнан Iедалийн. Иза маца хир ду хууш дац. Амма тахана Нохчийчу боьлхуш берш экстрим-туризм езархой бу.


Павлюк Юлия, Нохчийчохь шозза хилла ю. Дуьххьара IантIехь хилла иза, шозлогIа хилла стохка бIаьста хилла. Кхузахь шена вевзаш стаг ца хиларо новкъарло ца йира цунна, Украинерачу Евпатория-гIалара Соьлж-гIала ян. Нохчийчу ша яран бахьанах лаьцна ишшта дуьйцу цо.

Павлюк Юлия: ГIала чIогIа хаза ю. Суна хьалха гинера Нохчийчохь хуьлуш дерг. Иза дерриг дуьненна а хууш дара. Телевизион чохь а гинера суна. ХIинца мел хаза гIала ю хIара.

Ца тешара оцу херзаршлана юккъара гIала гIоттур ю. Со чIогIа хазахетарца цецяьлллера цига еача. Дуьххьара дешнаш ца кара дора суна цуьнан хазаллах лаьцна дийца.

Нохчийчу яха сацам бинчу хенахь ша коьртан телхина йолуш санна хьоьжур шега цхьаболу шен гергарнаш а, накъостий а, бохуш дуьйцу Павлюк Юлияс. Амма ца боьвзучу махка йоьдуш шен цхьа а кхерам бацара элира цо.


Нохчийчоь--Украинера турист Павлюк Юлия, 20Гезг2011

Нохчийчоь--Украинера турист Павлюк Юлия, 20Гезг2011


Павлюк Юлия: Сан нанас къобал дира иза. Кхечара соьга олура, мича йоьду хьо, цигахь тIом ма-бу, цигахь герз детташ ду, олий. И къамелаш суна беламе хетара. Со цIа еача а, аса сайна гинчух лаьцна дийцича а, цигахь тIом ма бу олура.

ХьошалгIахь йолуш Павлюк Юлия Соьлж-гIалара араяьлла яц. Юха еача, ша лаьмнашка яха дагахь ю, бохуш, кхин дIа а дуьйцу цо.

Пвлюк Юлия: Со юха еача яха мега лаьмнашка. ЧIогIа лаьа бIоьвнашка хьажа. Цига со цкъачуьнна кхаьчна яц. Кхера стенах кхоьрур ву? Суна-м ца хаа.

Ша а тоьлла курорт лоручу Евпаторера Нохчийчу еана хиллачу Павлюк Юлияна хетарехь, кхузахь дуьненаюккъара туризм яржо аьтто хир бу. Амма оцу хIуманна тIехь дуккха а къахьега деза боху цо.

Павлюк Юлия: Суна хетарехь, иза далур ду. Амма цунна дукха хан а, реклама а еза. ХIунда аьлча, суна воьвзучу иттанах барх стаг ца теша Нохчийчоь маьрша мохк бу бохучух.

Генарчу ГIирмера еанчу Павлюк Юлияна, Нохчийчоьнан хийцаделла керла, машаран сибат гина. Амма цу тIекхача нохчаша мел Iазап лайна дага даийта а ца лаьа. ХIинца а оцу бохамийн йийсарера ца даьлла нохчийн къам, мел гIаланаш хьала ярх а, цIе дешех урамашкахь а, некъаш а дахкарх а.

Нохчийчохь дуьненаюккъарчу барамехь йолу курорт ялург хиларна шеко яц цхьанна а. Амма оцу лаккхарчу тIегIан тIехь иза латторг хиларна шеко ю тергамхойн. ТIевеана волу стаг ша доха доллу хIоIа санна лерина лело веза, нагахь иза а, кхиберш а юхабахкийта лууш далахь. Ткъа Павлюк Юлияна санна болчу экстрим-туризм ян лууш болчерна уггаре а дика меттиг ю Нохчийчоь.
XS
SM
MD
LG