ТIекхочийла долу линкаш

Коша барз боцуш дуккха а тIемалой бу Нохчийчоьнан аренашкахь а, лаьмнашкахь а дIабоьхкина


Нохчийчоь -- Веданара лаьмнаш, 2012

Нохчийчоь -- Веданара лаьмнаш, 2012

Ведан -кIоштахь хьуьнхахь давоьллинчу шина тIемалочуьнан декъий карийна метигерчу полицина. Цу шинан цIераш хууш ю. Амма уьш боцурш дуккха а тIеман аренашкахь эгна нохчийн тIемалой бу дIабоьхкина Нохчийчоьнан лаьмнашкахь.

Хьулам беш цхьаццанхьа дIаIиттина Нохчийчохь кест-кеста карош лаьтта герзан къайленаш санна,кардо махкахь сихаллехь лаьттах Iиттина адамийн декъий а,дегIан чархаш а. Чоьхьарчу гIуллакхийн министаралло Iорабаьккхинчу хаамца, кху деношкахь шина стеган дегIан чархаш карийна Веданан кIоштан Харачо эвлана гергахь хьун чохь.

«Хьалхо низамхоша лаьцначу гIаттамхочун мотт-эшарца хиънера Iедална цига лаьтте верзийна шиъ вуй. Кху деношкахь дIадехьначу зераша гайтина иза бакъ хилар. Тхуна карийна шина стеган чархаш. Тхойга кхаьчначу хаамца и чарх-даьIашках ю дукха хена дуьйна Iедало лехаме а велла лохуш хиллачу шина жигара тIемалочун. И шиъ ву Сулиманов ИбрахIим а, Оздиев Абубакар а». Ишта бу полицин урхалло цу хьокъехь беш болу хаам.

Элира-бахар а доцуш, билггала дерг къасто карийна даьIашка зераш дан суьдан-лоьрийн экспертизе яхьийтина. Официалан хьостано билгалйоккхуш яц къастам боллуш уьшшиъ вийна хан а, схьаваьлла меттиг а.

Бакъду, Маршо Радионо ша диначу зераша ма-гайттара, хIуачара дийцарехь, цигга Веданан кIоштера, Дишне Веданара ву Сулиманов Ибрахим а, Оздиев Абубакар а. Билггала хIуъчара дийцарехь, тIемалойн могIаршкахь леллачу,амма хьалхо Iедалан карваханчу ЦIе-Веданарчу вахархочо Iораяьккхина боху уьшшиъ лаьттах воьллина меттиг. Цу хьостано чIагIдарца диъ шо хьалха, 2008 шарахь,Iожжалле вирзина ткъе пхиара а валанза волу ши кIант.

Бахархоша билгалдаккхарца шина кIентан цIерачаьрга дIаелла яц карийна чархаш, кхузара, хIоттийна дац тезет а.

Бакъдерг дийцича иза кхузахь керла дац. ТIемалойн могIаршкахь а болуш эгначийн декъий ,хIинца дуьххьала а доцуш , кхузахь цIерачаьрга дIалуш доцу дукха хан ю.. Бахархошна вуно чIогIа Iаткъаме даьлла хIума а ду иза.

Царех ву шен кIант дийна я велла ву ца хууш , пхиа-ялх шаре а ваьлла ,хорамечу ладегIамехь сан къамел хилла ломан кIоштера кхузткъара ваьлла стаг веха. Сан цIе йоккхийла дац цуьнан. Иза а,цуьнан хIусамнана а ишта а ду Iедало,тIекхуьйлуш, садууш хьийзош. Цо ма-дарра даладо ас цуьнан къамел.

«Сан кIант а,Дишни-Веданара кхин цхьаъ Iедална тIевеъна аьлла,хезнера сунна селхана. ХIара чохь ерг хьажа яхна полице,бакъдац,шайна хууш хIума дац аьлла.Со-м хахахетта вара и бакъ хиларе сатесна. Са легашка кхачийна!

Ишта дацахьара, цIена хир дара хIара. Хууш верг вистхила йиш йолуш вац, хIумма а хууш боцчаьргахь бала бу латтош. Вайн къомана хIун юьхькIам хилийта дуьгуш ду вайн бераш хьуьнах. Аса кIант деша вахийтинера, иза цигара дIа хьуьнах вахийтинарг сунна сайн а,вайн къоман мостагI вуй-м хаьа.

Дала юьхьIаьржа хIоттавойла иза (я уьш), сан кийрахь болу бала шайн мел волчун кийрара ма болийла церан. Балхахь ю бохуш, дIа ийна лелаш ю-кх хьуна и хIуманаш,Москвахь дуьйна схьа".

Цу кепара орцане мохь бетташ санна, къамел до бертахь а, бертаза а тIемалойх дIакхеттачу кIентан дас. Цунна даггара, боккха кхаъ а хир болуш,лаьа шен кIант а, кхечернаш а цIа боьрзийла.

XS
SM
MD
LG