ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн а, нохчийн а дозанехь дIахьoш ю тIеман операци


Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а карта
Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а карта

Официалан хаамашца Даьттах цIе йолчу эвлан йистерачу хуьнхахь хиллачу тIематасадаларехь 4 полисхо вийна, кхин а 2 лазийна.

Иза Кхаарин дийнахь сарахь хилла. Соьлжан кIоштахь, тIемалой лоьхуш, цхьа бутт хьалха дуьйна дIахьучу операцийн декъашхой цигахь массийтта дийнахь лаьттинчу шайн белхан накъосташца хийцабала боьлхуш хилла низамхой.

Хьунан йистерчу новкъахула дIайоьдучу, уьш чохь хиллачу УРАЛ машенна, массийта маьIIера, масатоьпаш а, гранаташ а йиттина къело йинчу тIемалоша. 10 минотехь бен ца лаьттина и тIематасадалар.

ТIелатар динарш, полисхошна гIо кхачале, хьуьнхахь къайла бевлла. ХIинца оцу хьаннашка яькхкийн тоьпаш етташ ю, дийнахь а буьйсана а. Цигара эккхийтина гIовгIа луларчу Нохчийчохь а хеза.

Ницкъаллин структурашкахь болчу хаамашца, тIемалойн тоба Нохчийчоьнан дозане ТIехьа-Мартан кIошта дехьаяьлла хила мега. Иза цаьрга ца дайта, хьаннашка чу детташ ду даккхийн герзаш.

ГIалгIайн махкара юккъаралла йоьлла цу тайпа чIагIдаларшна. Меттигерчу юкъараллахойн, кхин дан хIума ца дуьсу, хьолан геннара терго яр бен.

«Мемориалан» Несар-гIалахь долчу декъан куьйгалхочо Акиев Тимура ишшта комментари йира, Соьлжа-кIоштарчу Даьттаханна уллехь дIахьучу оцу операцина.

Акиев Тимур: «Тхоьгахь кхин хаамаш бац, интернет чохь берш бен. Суна хетарехь, оцу Даьттахехь хуьлуш дерг тIаьхьало ю, Гезгмаши- беттан хъалхарчу деношкахь хиллачу тIематасадаларехь, ялх полисхо веран.

Гарехь, ницкъалин структурийн Iалашонехь ду и меттиг тIемалой лоьхуш литта. Царгахь хаам болчух тера ду, оцу меттигашкахь тIемалойн жигара декъашхой лечкъаш бу аьлла».

Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсаша дукхачу хьелашкахь терго ца йо цу тайпа Кавказера хуьлучу хаамашна, Оьрсийчохь масне хуьлу, нах бойуш, олий. Амма, дукхачу шерашкахь дуьйна Къилбаседа Кавказехь долчу хьоланна терго ечу «Кавказский узел» цIе йолчу интернет-агенталло динчу лараршца, тIаьхьарчу 7-8 дийнахь егионехь вийна 12-13 стаг. Царна юкъахь бу тIемалой бу бохурш а, низамхой а, маьрша нах а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG