ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хаддаза кхелана хьалха хIиттош бу Нохчийчохь тIемалой а, церан агIончий бу бохурш а


Кхелан документаш кхелан хIусаме дохьуш ду
Кхелан документаш кхелан хIусаме дохьуш ду

Нохчийчохь шуьйра тIемаш боьлхучу хенахь санна хIинца а сихъйинна вовшах етташ, кхелаш ю дIахьуш республикехь. Яккхий хенаш кхайкхайо тIемалой агIончий я царах доглозурш леринчарна.

ШолгIачу итт шаре а баьлла сийсаш лаьттачу тIамца бозабелла хиламаш Нохчийчохь хIора а денна а бохург санна тергалло.ТIеман тасадаларш, лелхийтарш, лецарш доцуш, сихдинна хоьттуш а, луьстуш а ду кхузахь тIемалойн а, царна гIо-накъосталла дина бохучийн а девнаш. Кху Оханан-беттан хьалхарчу дийнахь мехкан Лакхарчу суьде кхачийна пхианнан дов. Царех виъ Гапураев Расул, Шамаев Альберт, Бекаев Мохьмад, Ахигов Заурбек тIемалойн могIаршкахь луьра зулам-талораш дарна бехкевеш ву, ткъа Ильясов Ризван, гIаттамхойн аьтто бина агIонча санна.

Зераш динчу талламхоша чIагIдарца, 2010-чу шарахь Соьлжа-гIалахь, низамо магош йоцу, герз долуш тоба вовшахтоьхнарг Гапураев Расул ву. Цуьнан декъашхой хилла лакхахь хьахийна цуьнан юххера накъостий а, беза-бевзарш а. Маса герз доцуш цара пайда а оьцуш, церан долахь хилла гранаташ а, куьйга йина фугасаш а, зIе латто гIирс-коьчалла а боху низамхоша.

Гапураев коьртехь лаьттина тоба куьгбехке лоруш ю 2011 –чу шарахь Заводан кIоштехь низамхошна герзаца тохар дарна. 2012–чу шеран юьххьехь Соьлжа-гIалин кIоштан МIамакхин эвлахула чекх а баьлла, Кен-юрта боьдучу новкъахь, талламан комитетан лаккхарчу тIегIан эпсарна и вен дагахь, герзаца тIелатар дарна бехке веш ву Гапураев Расул а, Шамаев Альберт а. Кху шимма маса топ тIекIирйинехь а, боху талламхоша и Iот-баккхаме хьал, цхьанна чевнаш яр бен, кхин зе-зулам ца хуьлуш, дика дIадерзар ларамаза нисделла хIума ду.

Цул тIаьхьа кхин а цхьа могIа зуламаш а дина, шаьшшиъ Iедало лохуш хиларна, цхьа хан ялийта дагахь, Калуга кIоштехь хьулвелла Гапураев а. Шамаев а, талламхоша билгалдаккхарца, цигара лаьцна схьавалийна ву и шиъ. Юристашна хетарехь, цу шинна вела дIаваллалц чохь яккха хан кхайкхо гергга ду суьдо. Оццул деза, нуьцкъала лору говзанчаша цу шиммо дина зулам-талораш.

Бекаев Мохьмад а, Ахигов Заурбек а жоьпе озийна гIаттамхошца хиларна а, йохка-эцар а йина герз леладарна а… Ильясов Ризван куьг бехке лору низамо доьхкуш долу герз дIа а Iалашдина хьуламехь латтор а,гIаттамхошца хьошалла леладар а.

Цу кепара цхьаьнаметта дийнна тобана девнаш суьде кхачор кхузахь керла дац.ХIинцца-хIинца ишта веа кегийрхойн девнаш суьде чуделла ТIехьа-Мартанан кIоштехь а. Уьш бехке беш бу чекхдаьллачу шеран аьхка дуьйна гурралц кхачанан сурсаташца а, ахчанца а, бедаршца а тIемалойн аьтто барна.

Соьлжа-гIалин Заводан кIоштехь кхеле озийна 38 шо долу Лорсанов Саламу а. Цунна бале даьлларг а ду герз: цунах йохка-эцар ян дагахь хьуламехь латтор. ТIемалошца цуьнан зIе хилла аьлла бехк кховдо бух ца карийна талламхошна.

Лач тIамца бозабелла лара мегар долу и хиламаш боцуш,хIара оханан бутт тIебан де хьалха нисделла кху шолгIачу тIемца лач а доцуш,зIе йолу вер-ваккхар.ТIехьа –Мартанан кIоштан Бумта эвлана гергахь, хьун чохь,фугас тIе а нисвелла,иккхина цхьана ханна кхуза гIуллакх дан веъна ши эскархо. Цхьаъ велла,шолгIаниг вочу хьолехь тIеман лазарне кхачийна.Лоьраша дийцарехь, дархо валаран кхерамах хьалха ваьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG