ТIекхочийла долу линкаш

Яккхий хенаш кхайкхийна шина тIемалочунна


Нохчийчоь,12Манг2013

Нохчийчоь,12Манг2013

Цхьанна 9, вукхунна 16 шо хан а тоьхна, чувоьллина Нохчийчурча кхело меттигера ши вахархо. Царшинна бехке диллинарг ду терроран тIелатар кечдар а, ницкъаллин структурийн белхахошна тIелетарш дар а. Амма цу шимма бехк тIе ца лаьцна. Церан адвокаташ дагахь бу wу сацамна латкъам бан.

Зулам дан кечамаш бар, талор дан Iалашо хилар,герзаш карахь тоба вовшахтохар а,цуьнан декъашхой хилар а,Iедалан балхахь болу низамхой байа гIортар.герггарчу барамехь ишта бехкаш а кхийдина лаьцначу пхеа кIантана яккхий хенаш кхайкхийна Нохчийчоьнан Лакхарчу суьдо.

Герзах йоттаелла тоба вовшахтоьхнарг а,цуьнан баьчча а хилла аьлла 16 шо хан тоьхна Тепишев Салманна а,цуьнан юххера накъост-хьадалча хилла аьлла Саккаев Артурна а.Луьрачу хьелашкахь такха 14 шо хан тоьхна Тепишев Салманан вешина Юсупна а.Кхойтта шо кхайкхийна Зубаев Исламна а.Мелла а дай таIзар,исс шо хан тоьхна витнарг ву Хамзаев Мохьмад.

Оццул яккхий хенаш а тоьхна хотIа эгийна набахте хьовсинчара бехк тIелаьцна а бац,цу тIе цара суьдехь дIахьедар дина барт-хаттам бинчу талламхоша харц тоьшаллаш дойтуш шайна ницкъ бина аьлла.Ишта хаам бина Кавказан узел газета белхочуьнга цхьана тутмакхан гергарчо.Амма суьдо хьесапе ца эцна бехкебиначара цхьа а талор дина цахилар а,царна массарна а низамо магош боцу тIеIаткъам бина хилар а.

ХIара карахь болу мангалан бутт бовш ши шо кхочу Тепишев Салман коьртехь хилла зуламхойн тоба бохуш и кегий нах Нохчийчохь бийца баьхна. Дуьххьала царна бехке дуьллург дара 2011 чу шеран мангалан баттахь Новр кIоштехь аьчган некъан буха куьйга йина оьккху хIума йоллар.

Талламхоша чIагIдарца маьхкадаьттах йоьттина йоьду цIерпошт эккхийта йоьллина радиоурхалла деш йолу фугас дуьххьала йоьллинчуьра схьа а яьккхина и кхечанхьа йолла дIахьуш полисхошна гучубевлла зулам дан лоьруш берш.Iедалан кара ца баха боху официалан кечдинчу кехат тIехь,тепишев тобано низамхошна тIе герз дуьстина.масех лаза а веш.

Цул тIаьхьа лецна зуламхой. Церан дов суьде кхачийна шолгIа шо доладеллачул тIаьхьа хенаш кхайкхийна бехке эгинчарна.Бакъду уьш лецарца доьзна ца Iаш,шарахь гергга чохь бахкош.ца богIу ницкъ беш уьш хьийзор биста кхаччалц дуккха а хеттарш церна хьокъехь жоьпаза дуьсуш боху адвокаташа а,гергарчара а. Царна жоьпаш каро арз-леткъам бина тутмакхаш баьхначеран агIончаша.

Нохчийн Лакхарчу кхелехь хоьттурш доцуш и тайпа девнаш кху тIаьхьарчу хенахь хоьттуш лаьтта кIошташкахь а. Хьалха-мартанан прокуратуро и тайпа дов кхачийна хIинцца кIоштан суьде. Кхачанан сурсаташ а,молханаш а латтош тIемалошна хене бовла гIо дина ву аьлла цигахь кхела хьалха хIоттийнарг ву Хазанчаев цIе йолу жима стаг.

Талламхоша дийцарехь цо буьззина тIелаьцна шен бехк.Официалан даре а деш .еккъа цхьана Хьалха-Мартанан кIоштехь кху цхьана шарахь цу кепара хаьттинарг 5-6 дов ду.Ткъа НОхчийчохь масса хьажийна ишта дов а хоттуш набахте хууш дац.
XS
SM
MD
LG